Россин субъекташкарчу бусалба каналех «ерригроссин» лицензи еллачарна юкъахь дуьххьарлера ю Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу «Некъ» телерадиокомпани. Оцу хиламна лерина цхьаьнакхетар дIадаьхьира Соьлжа-ГIаларчу пачхьалкхан театрально-концертийн залехь.
Цигахь дакъалецира республикин Куьйгалхочо Р.Кадыровс, Премьер-министра М.Хучиевс, Парламентан спикера М.Даудовс, муфтис С.Межиевс, РТРС-н коьртачу директора А.Романченкос, Россин Пачхьалкхан Думин депутата А.Делимхановс, Iеламнаха, телерадиокомпанийн белхахоша, студенташа.
«Ислам-динах лаьцна хаамаш вайн кегийрхошна «Некъ» телерадиокомпанис а, и санна болчу хаамийн гIирсаша а бовзуьйту. Экстремистийн «кхетамах» ларбо оцу балхо вайн кегийрхой. Оцу декъехь хьанал къахьегарна баркалла боху ас «Некъ» телерадиокомпанин директорна А.Шахидовна а, цо Iуналла дечу коллективана а. Со тешна ву, аш, шайн белхан корматалла кхиорехь, кхидIа а къахьоьгург хиларх», – билгалдаьккхира республикин Куьйгалхочо.
Р.Кадыровн къамеле ла а дугIуш, сцени тIехь лаьтташ хиллачу А.Шахидовс республикин Куьйгалхочунна лерина совгIат хилар хаийтира – цо довзийтира Мисарарчу цIеяхханчу Iилманчин, шарIан Iилманийн докторан Iабдуррахьим Iусманан «Кадыров Ахьмад-Хьаьжа: шарIан хьежам а, историн маьIнехь долу дIадолораш а» аьлла долу жайна.
Цул сов, А.Шахидовс хаийтира, Палестинерчу Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) тIахьенийн къанойн кхеташонан сацамца республикин Куьйгалхочунна Р.Кадыровна «Пайхамараллин къинхетамаллин векал» аьлла йолу Сийлаллин цIе а елла хилар.
Шен къамелехь РТРС-н коьртачу директоран заместитела Б.Теребиленкос билгалдаьккхира Россин субъекташкарчу бусалба каналех «ерригроссин» лицензи еллачарна юкъахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу «Некъ» телерадиокомпани дуьххьарлерниг хилар.
Республикин Куьйгалхочо Р.Кадыровс «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидал елира РТРС-н коьртачу директорна А.Романченкона. Ткъа «Некъ» телерадиокомпанин коллективана Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Сийлаллин грамоташ а, «Къинхьегамехь кхиамаш бахарна» Сийлаллин билгалонаш а елира.
Мероприятин чаккхенехь, юха а сцени тIе а ваьлла, республикин Куьйгалхочо Р.Кадыровс леррина хIоттийна йолу нуьйда тIетаIорца дIайолийра Россин субъекташкарчу бусалба каналех «ерригроссин» лицензи еллачарна юкъахь дуьххьарлерчу телерадиокомпанин эфир.
И.ИСЛАМОВ
№77, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 12-гIа де, 2018 шо