Масех де хьалха Iамаркера кхаъ кхаьчна Нохчийчу. Вевзаш волчу нохчийн корматаллин боксера Бетербиев Артура ларйина дуьненаюкъарчу боксерийн федерацин (IBF) версихула йолу дуьненан чемпионан еза цIе. И цIе ларъеш А.Бетербиев 79,4 кийлане кхаччалц дегIан йозалла йолчу категорехь летира британхочуьнца Джонсон Каллумица. Билгалдаккха деза британхо кхул хьалха цкъа а эшна цахилар. Иза боксан дуьненахь иштта вевзаш вара накаутер санна а.

Стохка яьккхина дуьненан чемпионан цIе дуьххьара ларъеш (шен лаамехь) вара нохчийн боксер. Латар Чикаго шахьарахь дIахьош дара, хьовсуш эзарнаш боксъезархой болуш. Матчан юьххьехь Джонсонал дукха дика леташ вара Артур. Буй а цочул чIогIа тухура. Иштта цкъа буй тоьхча, ингалсхо, когаш малбелла, охьакхийтира – нокдаун. Моьттура цул тIаьхьа рингехь иза дукха вахлур вац аьлла.
Амма шолгIачу раундехь Джонсона, массо а садаьккхинчохь а вуьтуш, Артур нокдауне вахийтира. «ХIинца хIун хир ду-те? Артур меттахIуттурий-те?» шийла ойланаш хьийзара коьрте. Цу тIе вайн махкахо меттаван ца вуьтуш, юх-юха а ондда тохарш дора британхочо.
Цхьадика, Артур сихха меттавеара. Иза хIумма а воьхна а вацара. Иза бIаьрла гайтира кхоалгIачу раундо. Вайн боксеран кхиамца чекхъелира иза. Цул сов, хIинца Артур ларлуш вара, само еш вара. Ша тоха вицлуш вацара. ТIелетарш тIеттIа сихдеш вара, ша тухуш буй ондда а тухура. Джонсонан гIеххьа юьхь-марш цIийинера Артура оцу раундехь.
Дерриге а къаьстира йоьалгIачу раундехь. Къарвала дагахь воцу а, шен ницкъах тешна волу а британхо, юха а чIогIа чууьдура Артурана. Иза ринга тIе вожош ондда буй тоха гIертара боксер. Цо цхьана мIаьргонна дицдира А.Бетербиевс буй чIогIа а, нийса а тухуш хилар, кIеззиг баьлла аьтто а цунна толам баккха тоьаш хилар. Цунах цунна байттамал а хилира. Артура тоьхна вожийра иза. Реферис иссанна тIекхаччалц дагардича а, хьалагIаьттина кхидIа латта де ца хилира цуьнгахь.
Цу тайппана, Бетербиев Артура оцу атта йоцчу матчехь ларйира дуьненан чемпионан цIе. Корматаллин рингехь дIадаьхьначу 13 цхьаьнакхетарехь 13-зза бIаьрла толам баьккхина цо, шех летта хилла 13 боксер нокауте а вохуьйтуш.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана даггара декъалвина иза оцу толамца.
Д.АНАДЕВ
№77, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 12-гIа де, 2018 шо