Соьлжа-ГIаларчу №27 йолчу школехь дIаяьхьира паргIатчу кепара охьатохархлатарехула кегийрхошлахь хьалхеяккхаран республикин турнир.
Цигахь дакъалецира РДЮСШчу къоначу спортсменаша. Къийсадаларш шина дийнахь дIадаьхьира.
Шайн-шайн йозаллин категорешкахь, толамхой хилира: Кавлаев Амир (30 кг.), Даудов Мовлди (40 кг), Даудов Iумар (68 кг.), Архиев Адам (41 кг.), Хажмагомаев Ислам (44 кг.), Назиров Хьамзат (57 кг.), Алхазуров Жабраил (62 кг), Дукаев Адам (52 кг.), Кацаев Iийса (75 кг.).
Оцу кхиамашка къона спортсменаш кхачийнарш бу, уьш Iамийна болу тренерш: У.Эскерханов, М.Магомадов, М.Таипов, А.Гусигов.
Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.
З.АСУЕВА
№77, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 12-гIа де, 2018 шо