«Медиа Кавказ» конкурсах лаьцна дийцира

Нохчийн пачхьалкхан университетехь Нохчийн а, юкъарчу а филологин институтан студенташна «Медиа Кавказ» конкурсах лаьцна дуьйцуш цхьаьнакхетар дIадаьхьира. Цигахь дакъалецира СКФО-н шуьйрачу хаамийн гIирсийн Ассоциацин председатела Баканов Вадима, кхочушдаран директора Якушев Александра.

Цхьаьнакхетар дIадолош Баканов Вадима студенташна дийцира: – Ассоциаци вовшахтоьхна. 5 шо хан ю. Кавказехь дехаш долу халкъаш шатайпаналлица къаьсташ ду, къаьсттина хаза ду оцу къаьмнийн гIиллакхаш, ламасташ. Ерриге а Россехь а иза дийца а, хаийта а лиира тхуна. Цул тIаьхьа тхан сацам хилира Кавказан республикийн тоьлла журналисташ тхайн балхана юкъаозо. Иштта дагадеана дара «Медиа Кавказ» конкурс юкъаяккха. И проект тхуна чIогIа мехала а хета. Иза юкъаяьккхинчу хьалхарчу шарахь чуелларг ерриге а 100 заявка яра, ткъа карарчу шарахь – 1 000.

А.Якушевс дийцарехь, «Медиа Кавказ» – иза Къилбаседа Кавказера студенташ а, журналисташ а, блогерш а, суьрташдахархой а цхьаьнатухуш йолу йоккха конкурс ю. И дIахьошъерг Къилбаседа Кавказан шуьйрачу хаамийн гIирсийн Ассоциаци ю, гIо-накъосталла деш регионашна юкъара юкъараллин дIадолорийн «Къилбаседа Кавказ» туш а, Россин Федерацин Президентан Къилбаседа Кавказан федеральни округехь йолу векалалла ю.

Цигахь билгалдаьккхира «Медиа Кавказ» конкурс боккха ларам болуш хилар. Оцу конкурсехь дакъалаца йиш ю журналистийн, блогерийн, суьрташдахархойн, юкъараллин гIуллакххойн.

Карарчу шарахь оцу конкурсан еа категорехь 30 номинаци хир йолуш ю. Цхьаьнакхетарехь студенташна видеороликехь гайтира, конкурсан дIадаханчу шеран дакъалацархойн белхаш. Конкурс вовшахтоьхначара дийцарехь, эсаран (октябрь) беттан 1-чу дийнера 31-чу  дийне кхаччалц конкурсе чуеллачу материалийн таллам бо жюрин декъашхоша. Лахьанан (ноябрь) беттан 2-чу дийнахь дуьйна говзанчех цхьаьнатоьхначу федеральни жюрис тоьлларш хоржу.

«Медиа Кавказ» конкурсан толамхой билгалбахаран даздарш Соьлжа-ГIалахь карара шо чекхдолуш дIахьур йолчу Къилбаседа Кавказан шуьйрачу хаамийн гIирсийн халкъашна юкъарчу VI-чу форуман гурашкахь дIадахьа лерина.

«Медиа Кавказ» конкурсан бехкамех дерг хиъна а ца Iаш, журналистикин декъехула дуккха а пайдехь дерг девзира студенташна.

Баканов Вадима къоначарна дийцира, журналистехь хила дезаш долчу хьуьнарех а, хаарех а лаьцна. Студентийн хаттаршна дуьззина жоьпаш делира цо.

З.ХАСИЕВА

№77, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 12-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: