Уггаре а кегий пачхьалкхаш

Азиатийн кегийчу пачхьалкхашна юкъахь ю Индийски океанан гIайри тIехь йолу Мальдивийн Республика. Цуьнан лаьттан барам 298 кв. км. бу. Цигахь 396 эзар вахархо ву, царах кхааннах ши дакъа цуьнан пачхьенехь Малихь вехаш ву. Туризмах долучу рицкъанах ехаш пачхьалкх ю.

Сейшелан гIайренаш. Мадагаскаран къилбаседехьа Iуьллуш йолу иза Индийски океанан кегийчу 115 гIайренах лаьтташ ю. Цигахь 84 эзар вахархо ву, 455 кв.км. лаьттан барам бу. 1976-чу шарахь йозуш цахилар дIакхайкхина. Цул тIаьхьа кхиъна туризм. Цунах ехаш ю.

Лихтенштейн (160.4 кв.км.). Швейцарица а, Австрица а дозанаш долу иза, уггаре а ехаш пачхьалкх ю. Цигахь болх беш йолу компанеш цуьнан бахархойл дукха ю.

Тийначу океанан къилбехь Микронезехь йолу Науру (21.3 кв.км.) пачхьалкх. 1968-чу шарахь дуьйна йозуш йоцу пачхьалкх ю иза. Цигахь вехаш 9 эзар стаг ву. ТIеман ницкъаш бац оцу пачхьалкхехь.

Къевлина гIала-пачхьалкх Ватикан (лаьттан барам – 44 гектар) . 1929-чу шарахь кхоллаелла йолу Риман цхьана кIоштахь ю иза. Пачхьалкхан ах декъа тIехь Ватиканан бешаш ю. Уггаре а хазачу гIишлошца дозалла дан йиш йолуш пачхьалкх ю иза. Масех эзар италахо хIора дийнахь балха дIаса лела кхуза. Ткъа цуьнан шен бахархой 800 стаг бен вац.

Монако. ТIаьхьарчу ткъех шарахь хIорд бакъабалар бахьана долуш, пачхьалкхан лаьттан барам алсамбаьлла (2.02 кв.км). Дуьнен тIехь йолчу пачхьалкхашна юкъахь бахархой (30 эзар стаг) чIогIа юх-юххехь бехаш хиларца къаьсташ ю пахьалкх. Кхузахь дика кхиъна туризм.

Сент-Китсан а, Невисан а Федераци. Иза Вест-Индехь ю, Къилба а, Къилбаседа а Iамаркана юккъехь. Шина гIайри тIехь йолчу цуьнан лаьттан барам 261 кв. км. бу. Европахой баха хевшинчарах хьалхара гIайренаш ю уьш. Кхузахь кхиъна юьртан бахам, офшорни банкан гIуллакх, туризм.

Маршаллан гIайренаш. Лаьттан барам – 181 кв.км., бахархой – 62 эзар стаг. 1986-чу шарахь Iамарко йозуш йоцчу пачхьалкхан статус елла цунна. Амма таханлерчу дийнахь цо деш долу гIо бахьана долуш, дикка аьтто хуьлу цуьнан. Iаламан тIаьхьалонаш яц кхузахь, кхечу пачхьалкхашкара чудохьуш долу сурсаташ алсам ду, хIокхара арахоьцучел, кхечу пачхьалкхашна духкучел.

Сан-Марино. Европан Советана юкъайогIучу пачхьалкхашна юкъахь уггаре а кIезиг бахархой бехаш ю Сан Марино. Лаьттан барам 61 кв. км. бу. Дуьнен тIехь массарел ехаш йолчу пачхьалкхашна юкъахь ю иза.

Тувалу. Тийначу океанна къилбехьа йолчу Тувалун латта 26 кв.км. ду. 10.5 эзар вахархо ву. Масех коралловийн гIайренаш ю цуьнан декъехь. Хьалха и гIайренаш Британин долахь хилла, Эллисан гIайренаш цIе а йолуш. 1978-чу шарахь ингалсхоша йозуш йоцчу пачхьалкхан статус елла Тувалуна. Iаламан тIаьхьалонаш цахиларна, кхечу пачхьалкхаша ден гIо бахьана долуш хене йолуш пачхьалкх ю.

Л.ДАУТОВА

№77, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 12-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: