ХIокху деношкахь редакцехь хьошалгIахь хилира Россин Федерацин хьакъволу артист, Нохч-ГIалгIайн республикин халкъан артист, Нохчийн эстрадин бухбиллархойх цхьаъ волу Токкаев Сулиман.

«Илланча-классик» ала хьакъ долу иллиалархо ву иза. Массарна а цхьатерра хаза кхаъ хиллера, гIараваьлла вевзаш волу артист варах.
Токкаев Сулиман дуьххьара гуш берш а бара къоначарна юкъахь. Оцу дийнахь шайна иза ган а, цуьнца къамел дан а ирс хилира церан.
Хьалхе дуьйна а Токкаев Сулиман вевзаш а, цуьнца гергарло лелош а схьабогIуш болчу Нохчийн Республикин хьакъболчу журналисташа Дадаев Сайд-Хьасана а, Газиева Азас а дагалецира хилларш-лелларш.
– Суна чIогIа хазахийтира, аш со хьошалгIа кхайкхича, – дIадолийра шен къамел Сулимана. – Бакъдерг дийцича, «Даймохк» газетан редакцехь хьалха хуьлура со. И хан безаме а хета. Цул тIаьхьа-м дуккха а шераш дIадевлла. Тахана соьца ларам а хилла, сан кхолларалла езарна аш со кхайкхина хиларо дог хьаьсти сан, – элира цо.

Вайна ма-хаъара, Сулимана дIаолуш долу иллеш цхьана дийнан иллеш дац. Зама хийцаяларца цуьнан иллийн мехалла ца йов, мелхо а, къоначара а ладугIу цаьрга.
Цуьнан «ХIай латта, ахь гечдийр дуй?» а, «Ненан кортали» а, иштта масех бIе илли халкъо дезаш тIеэцна ду. Цуьнан репертуарера къаьсттина дукхадезаделлачу иллийн кхолламех дерг довза лиира редакцин белхахошна.
Шен цхьадолу иллеш муха, маца кхолладелла ду а, уьш кхолладаларна хIиттинчу бахьанех а дийцира цо.
– Кхолларалла – шатайпа а, экаме а хIума ду. Масала, илли яздина, цунна мукъам баьккхина, иза дIаалале, цхьана суьрто я хиламо тIеIаткъам бо. Оцу лайначо кхолладолуьйту керла илли. Артиста и илли шен сица литтина дIааьлча бен иза ладогIархойн дегнашка дIа а ца кхочу, – бохура цо.
Иштта, къамелаш а деш цхьа хаза, мерза хан яьккхира оха цхьаьна. Редакцин белхахойн кхин а цхьа хаза ламаст ду, веанчу хьешаца безамна сурт доккхуш. Иштта, Сулиманаца цхьаьна сурт а доккхуш, дIасакъаьстира тхо.
З.ЛОРСАНОВА
№77, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 12-гIа де, 2018 шо