Хазахета дешарца а ларош, цIахь шайн дена-нанна муьтIахь а болуш дика к1ентий, мехкарий кхуьуш хилча. Ишттачарех цхьаъ ю Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан экономикин факультетан студент Чатаева Милана.
Вайн махкахь тIеман хенаш яьхкича Казахстане дIабахара церан доьзал. ХIетахь Миланин 5 шо дара. Цигахь хьалхарчу классе деша яхара иза. Классехь Милана бен нохчи яцара, кхиберш берриге а казахаш, украинхой бара.
Шайн классехь тоьллачу дешархойх цхьаъ яра Милана. Массо а предмет дика хаьара цунна, дукха хан ялале казахийн мотт а шарбелира.
Шайн школехь хуьлучу цхьаьнакхетаршкахь а, олимпиадашкахь а, конкурсашкахь а жигара дакъалоцура цо. Школехь сих-сиха хелхаран конкурсаш хуьлура. Миланас нохчийн къоман хелхар а дой, совгIатан меттиг йоккхура.
Миланас уггаре а дозалла дийриг ша «Надежды Казахстана» книгина юкъахь хилар ду. Казахстанерчу школашкара уггаре а тоьлла дешархой бу цу юкъахь.
Школехь доьшучу хенахь дуьйна хаьржира цо корматалла. Экономист хила лаьа цунна. Иштта, школехь дешна яьллачул тIаьхьа Къилбаседа Казахстанан университетан экономикин факультете деша яхара иза. Факультетерчу студентийн староста хIоттийра иза. Университетехь цхьа курс чекхъяьккхинчул тIаьхьа Нохчийчу цIабирзира церан доьзал. 13 шарахь хийрачу махкахь Iийначу Миланина доккха ирс хетара ша Нохчийчу цIа кхачар. Экономикин дешар юкъах цадаккха ца. Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан экономикин факультетан 2-чу курсе деша яхара Милана. Нийсархойх сиха дIаийра иза. Кхузахь а дукха хан ялале институтан куьйгаллина гучуделира Милана дешарна тIера хилар. Карарчу хенахь 4-чу курсехь доьшуш ю иза. Дика дешна ца Iаш институтехь культурин декъехула хуьлучу цхьаьнакхетаршкахь, даздаршкахь. Iилманан конференцешкахь дакъалоцу цо. 2012-чу шарахь Пятигорскехь хиллачу Дуьненаюкъарчу конференцехь «Тоьлла риторика» номинацехь хьалхара меттиг яьккхира цо. Цуьнан докладан тема иштта яра: «Проблемы формирования духовности современной молодежи». 2012-чу шарахь «Нохчийн Республикехь жима а, юкъара а бизнес кхиор» темина лерина проект кечйира Миланас. Институтан куьйгалло къобалйира цуьнан проект.
ДIадаханчу шарахь «Шеран тоьлла студент» конкурсехь «Нохчийн пачхьалкхан тоьлла студент» номинацехь толам баьккхира Миланас.
З.ЛОРСАНОВА
Авторан сурт