Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана республикин министерствийн, ведомствийн, кIоштийн куьйгалхошца кхеташо дIаяьхьира. Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачарна лерина дIадаьхьначу гIуллакхийн жамIаш дира цигахь.

Шайна тIебиллина болх дика кхочушбарна Пачхьенан 200 шо кхачар даздарна а, цунна кечамбарна а леринчу оперативни штабан декъашхошна баркалла элира Кадыров Рамзана.
«Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачарна кечамбар а, и де даздар а лаккхарчу тIегIанехь дIадаьхьира. Вайна уггаре а мехала ду маххадор Россин Президентан Путин Владимиран баркаллин дешнаш. Тхойшиннан хиллачу къамелехь шен цIарах массо а декъалвар а, юбилейна леринчу даздаршна кечамбарехь дакъа мел лаьцначунна баркалла алар а тIедиллира суна вайн пачхьалкхан куьйгалхочо», – элира Р.Кадыровс.
Цо дийцарехь, вуно мехала ду Соьлжа-ГIала даздаршка баьхкинчу дуккха а хьешийн оцу дезачу дийнах бицлур боцу битамаш бисар.
«Хьешашна Соьлжа-ГIала хазахетийта ницкъ мел кхочург дира вай. Шеко йоццуш, йоццачу хенахь республикин пачхьенехь бинарг боккха болх бара. Цхьаьна къахьегар бахьанехь, вайн гIала хиллачул хаза а, цIена а, бегIийла а ю», – билгалдаьккхира республикин Куьйгалхочо.
Шена хьалха мел хIиттийна Iалашонаш, гуттар а санна, цо дика кхочушъяр билгал а доккхуш, Нохчийн Республикин Правительствон Председателан хьалхарчу заместительна Тумхаджиев Iийсана баркалла элира Кадыров Рамзана.
Республикин пачхьенан мэра Закриев Iийсас кхеташонехь хаам бира жоьпалле йолчу каппийн куьйгалла деш хилла болчу оперативни штабан берриге декъашхошна «Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачарна» цIе йолчу леринчу мидалца совгIаташ дина хиларан хьокъехь.
А.ВАХАЕВА
№78, шинара, эсаран (октябрь) беттан 16-гIа де, 2018 шо