Гуьмсехь регионашна юкъара автостанци хир ю

Эсаран (октябрь) беттан чаккхенехь, республикин «шолгIа пачхье» ларалуш йолчу Гуьмсехь схьаелла лерина «Гудермес» цIе йолу керла автостанци.

Оцу станцера, дийнахь ши эзар ца кхоччуш пассажир дIаса а вуьгуш, республикин а, луларчу субъектийн а гIаланашна а, ярташна а юкъахула дIасалелаш ткъех сов маршрут хир ю.

Таханлерчу денна автостанцин гIишло а, уьйтIе а кечйина яьлла. Цу чохь, диспетчерийн чоь хилла ца Iаш, кегийчу берашца болчу наношна лерина чоь а, иштта, садаIаран а, ламазан а чоьнаш а йина.

Цул сов, Гуьмсерчу автостанцин кхин цхьа башхалла а хир ю – водительшна садаIа лерина меттигаш ю кечъеш.

Ткъа пассажирашна кхоьллинчу хьелех лаьцна дийца оьшуш а дац – кхузаманахьлерчу лехамашца уьш догIуш хиларан цхьа а шеко яц.

Автостанци схьайиллинчул тIаьхьа, цу чохь а, гонахарчу майданахь а 30 белхан меттиг хир ю.

Гонахарчу майданах лаьцна аьлча, и тойина а, цIинйина ца Iаш, кечъярна а лерина «арахьара кхеташо» хIокху деношкахь а хилира. Станци ярна Iуналла дечу белхалошца къамел хилира республикин Транспортан а, зIенийн а министран Черхигов Рамзанан а, Гуьмсан кIоштан префектан Оздамиров Iусманан а.

Билгалдаккха догIу регионашна юкъара «Гудермес» автостанци, республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дIадолорца, 2017-чу шеран чаккхенехь ян йолийна хилар.

Шен куц-кепаца нохчийн бIаьвнаш яран ламасталлица йогIуш йолу автостанци беккъа цхьана пассажирашна тайна ца Iаш, Гуьмсе гIалин билгалонех цхьа билгало а хилла дIахIуттур ю.

И.ИСЛАМОВ

№78, шинара, эсаран (октябрь) беттан 16-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: