Соьлжа-ГIалахь даздаран хьолехь схьайиллина некъаца-транспортаца бераш лазор цахилийтаран «Кхерамазаллин туш». Иза схьайоьллучохь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитель Хакимов Хьасан, дешаран а, Iилманан а министр Байханов ИсмаьIал, Нохчийчоьнан МВД-н ГИБДД-н урхаллин хьаькам Черхигов Идрис, «Кхерам боцу болам» экспертан туьшан Президент Агре Наталья, Россин автостраховшикийн союзан векал, Россин транспортан министерствехь йолчу юкъараллин советан председателан заместитель Маклецов Андрей, «Кхерам боцу болам» экспертийн туьшан проектийн а, эскпертийн туьшан менеджерийн а куьйгалхо Кульбицкая Валентина, кхиберш.
Лаборатори еллачу Россин 35 субъектана юкъахь ю Нохчийчоь. Иза билгал а доккхуш, И.Байхановс элира: «Вайна хаьа некъан болам кхерамза хилийтарна Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана мел боккха тидам тIебохуьйту. Вайна гуш ду тIаьхьарчу шерашкахь республикин некъашкахь машен лелоран культура лакхаяьлла хилар. Оцу хьолехь чIогIа мехала ду вайн регионехь цу тайпа лаборатори схьаеллар».
И.Черхиговс дийцарехь, ницкъ кхаьчна Нохчийчоьнан некъашкахь бохамаш хилар а, адамаш лазор а лахдаларе кхача.
«Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана гIолацар бахьана долуш аьтто баьлла некъашкахь авареш хилар а, адамаш лазор а, цу юкъахь бераш лазор а лахдаре кхача. Бераш юкъахь а долуш хуьлуш болу некъан хIора хьовзам, шена хилча санна тIелоцуш ву Р.Кадыров. Суна къаьсттина баркалла ала лаьа Россин МВД-н некъан боламехь кхерамазала хилийтарна кхачояран Коьртачу Урхаллин хьаькамна, полицин инарла лейтенантана Черников Михаилана а, «Кхерам боцу болам» экспертан туьшан Президентана Агре Натальяна а тIекхуьу тIаьхье кхиорехь, Iаморехь нислуш йолчу проблемех кхетарна».
– Мехкан куьйгалло хьалха хIиттина декхарш, ницкъаш вовшах а тоьхна, цхьаьна кхочушдан деза, – элира А.Маклецовс. – 2016-чу шарахь Россин Президента В.Путина билгалдехира некъан болам кхерамза хилийтарехь кхочушдан дезаш долу цхьамогIа декхарш. Пачхьалкхан маьIне долу и декхарш цхьаьна кхочушдан деза пачхьалкхан а, федеральни а, меттигерчу а Iедалша, дакъалоцуш юкъараллин организацеш а, страхови компанеш а йолуш. Церан а аьтто бу дуккха а гIуллакхаш кхочушдарна финансировани ян. Цунна масал ду хIара кхерамазаллин лаборатори.
Н.Агрес тидам тIебахийтира некъан боламан кхерамазалла хилийтар иза массара а цхьаьна дIабахьа безаш болх хиларна, Нохчийчохь иза иштта деш хиларна: «Шо хьалха хилла со Соьлжа-ГIалахь. Цхьана шарахь кхузахь Iаламат дукха гIуллакхаш дина некъан боламехь кхерамазалла хилийтаран декъехь. Уггаре а хьалха иза некъан болам вовшахтохар ду, некъашца серло хилар ду, гIашлой дехьа-сехьа бовла керла меттигаш яр ду, кхидерг ду. Цо суна боккха тIеIаткъам бина. Иза Москвахь деш долчу гIуллакхел баккъал а мехала а, гIолехь а, маьIне а ду».
Цул тIаьхьа даздаран хьолехь А.Маклецовс автомобилан-лабораторин догIанаш дIаделира И.Байхановга. Ткъа хIара проект вовшахтоьхнарг Россин МВД-н Госавтоинспекци а, Россин автостраховщикийн союз а, Россин транспортан министерство а, «Кхерам боцу болам» экспертийн туш а яра.
Д.АНАДЕВ
№78, шинара, эсаран (октябрь) беттан 16-гIа де, 2018 шо