ХIокху деношкахь Х.Нурадиловн цIарахчу Нохчийн къоман театро рогIера 88-гIа мур схьабиллира.
Театран а, цигахь болх бечу артистийн а дахарехь иза боккха хилам бу. Цигахь дакъалецира республикин Культурин министра Дааев Хож-Баудис а, искусство езачара а, иштта, къоман театран доттагIаша а.
Театральни мур дIаболорца театран директор Ахмадова Хьава а, актераш декъал а беш вистхилира культурин министр.
– Хууш ма-хиллара, артистан болх атта бац. Дуккха а къахьега дезаш говзалла ю иза. Артистах артист цхьана дийнахь хуьлуш вац. Денна а кхиа везаш а, керланиг Iама а, довза а дезаш ву иза. Ткъа кхоллараллин коллективаца къахьоьгуш схьайогIуш йолчу Ахмадова Хьавас бийриг боккха болх бу. Берриге а актерашна, баккхийчарна а, къоначарна а даггара баркалла ала лаьа суна шаьш хаьржинчу новкъахь хьакъ ма-дду къа а хьоьгуш, шайн говзалла еза а езаш схьабогIуш хиларна. Ас декъалдо шу театральни 88-гIа мур болабаларца. Тхо тешна ду, тIейогIучу хенахь аш кхин а тоьлла спектаклаш хIитториг а, шайн кхоллараллин новкъахь аш кхиамаш бохург а хиларх, – элира министра.
Театран рогIера мур нохчийн халкъан яздархочун Ахмадов Мусан пьесин буха тIехь хIоттийначу «Шен цIа –
цIен цIа» спектаклаца схьабиллира.
Актерийн лелар, ловзар даима санна а хазделлера хьовсархошна.
Билгалдаккха лаьа, оцу хиламе луларчу гIаланашкара а хьеший баьхкина хилар. Спектакль шайна хазахетта хилар а хаийтира цара.
З.ЛОРСАНОВА
Суьрта тIехь: Театран керла мур дIаболор
№78, шинара, эсаран (октябрь) беттан 16-гIа де, 2018 шо