Иштта яра хIокху деношкахь Нохчийн Республикин къоман музейхь схьабиллинчу Чинехь дика евзаш йолчу суртдиллархочун, скульпторан Азовцева Александрин суьртийн гайтаман цIе. Иза вовшахтоьхнера Москварчу «Бакъонан дай» гIолацаран къоман фондо Нохчийн Республикин Культурин министерствоца, Нохчийн Республикин къоман музейца цхьаьна. Гайтаме диллина ду 65 сурт.
Гайтам схьабелларехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин къоман музейн директор Асталов Ваха, «Бакъонан дай» гIолацаран къоман фондан проектийн куьйгалхой Исхакова Евгения, Винокурова Дарья, суртдиллархо, гочдархо Азовцева Александрин доттагI Глебова Ия, Петербургехь дика евзаш йолу пианистка Стадлер Юлия, иштта кхиболу суртдиллархой, исбаьхьалла езархой.
Гайтам схьабоьллуш вистхилира Асталов Ваха. Хьешашка маршалла хаьттинчул тIаьхьа, цо дийцира дахарехь дукхах йолу хан Чинехь, Австралехь яьккхина, оцу шинна а пачхьалкхехь дика евзаш йолу суртдиллархочун Азовцева Александрин суьрташ Россин пачхьалкхе муха кхаьчна.
– Вайна ма-гарра тахана хIокху гайтаме дехкина ду вайна башха евзаш йоцчу, амма похIмечу суртдиллархочун Азовцева Александрин дуккха а суьрташ. Иза ша оьрсий хилла. Делахь а, къона йолуш дуьйна цуьнан Iер-дахар Чинехь а, Австралехь а нисделла. Цундела, цуьнан берриге а аьлча санна белхашкахь вайна го ша Чина а, цуьнан бахархой а. Александрас ша кхачале хьалха шен доттагIчуьнга Глебова Ияга весет дина хилла шен белхаш шен Даймахке, Россин пачхьалкхе дIакхачабе аьлла. Глебова Ияс лакхахь хьахийначу «Бакъонан дай» гIолацаран къоман фондан гIоьнца цуьнан весет кхочуш а дина. Вайна доккха совгIат ду иштта похIмечу суртдиллархочун гайтам вайн музейхь дIабахьар, – дерзийра шен къамел В.Асталовс.
Цул тIаьхьа йистхилира Глебова Ия: – Уггаре а хьалха суна Соьлжа-ГIалин, шун республикин берриге а бахархой декъалбан лаьа, гIалин 200 шо кхачарца. Хууш ма-хиллара, сайн доттагIчун весет кхочушдеш цуьнан белхаш Росси схьабеана ас. Россин дуккха а гIаланашкахь дIабаьхьна цуьнан суьртийн гайтамаш. Суна баркалла ала лаьа хIара Азовцева Александрин суьрташ Даймахка цIадерзо гIодинчу «Бакъонан дай» гIолацаран къоман фондана а, тахана хIара гайтам Къилбаседа Кавказан уггаре а хазачу гIалахь дIабахьа гIодинчу Нохчийн Республикин Культурин министерствона а, къоман музейна а. Иштта, тхуна лаьа Нохчийн Республикин къоман музейна Азовцева Александрин суьртаца совгIат дан.
Гайтам схьабелларан официальни дакъа дIадаьллачул тIаьхьа хьовсархойн аьтто хилира суьрташка хьовса а, Санкт-Петербургехь евзаш йолчу пианисткин Стадлен Юлин мукъамашка ладогIа а.
Билгалдаккха деза Азовцева Александран суьртийн гайтам 2018-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 2-гIа де тIекхаччалц республикин къоман музейхь лаьттарг хилар.
З.ЛЕЧИЕВА
Суьрташ тIехь: Азовцева Александрин суьртийн гайтам
№78, шинара, эсаран (октябрь) беттан 16-гIа де, 2018 шо