«Орга» – 3

ХIокху деношкахь араяьлла «Орга» журналан рогIера номер.

Журналан хьалхара агIонаш дIайолайо «Поэзи» рубрико. Кхузахь еша йиш ю Исмаилов Абун «ГIиллакх», «Некъ», «Дош», «Замане», Кавраев ШапаIан «Даймохк», «Валарх ойла», Идигова Жаннин «Сан мехкан хIуо доцчу махкахь хуьлийла дац де а тоьлла…» байташ.

Эсаран (октябрь) беттан 29-чу дийнахь, вайна ма-хаъара, нохчийн халкъан яздархочун Айдамиров Абузаран 85 шо кхочур дара. Цунна лерина редакцис зорба тоьхна Сумбулатов Денин «Халкъан а, мехкан а дуьхьа ваьхнарг», Эльдерханова Зайнапан «Абузаран хIусамехь – цIахь санна» статьяш. Циггахь еша йиш ю А.Айдамировн «Заккаманин гIан» дийцар.

«Халкъаца а, халкъан дуьхьа а ваьхнарг Делан Iожалло дIавигний хаахь а, сингаттам, гIайгIа юссу даг тIе, ойланна, боккха эшам хаало синна. Карзахечу дахаро, кIуркIаманехь хьийзачу ойланаша гатте хьовзийча, цхьаннах дагавала, дагардийца лиъча, хьуна везарг, оьшург, хьох кхетаверг уллехь ца хилча, шозза базло сингаттам. Нехан, халкъан сингаттамаш, баланаш шена тIеэца, цуьнца бекъа, дог хьаста хуучарех а, луучарех а вара Айдамиров Абузар. Дала кIеда-мерза мотт, ира а, доккха а хьекъал, кхетам беллачу Абузарна хан карайора дийнахь иттаннаш хьеший тIеэца а, царах хIоранга къамел дан а. …», – билгалдоккху Д.Сумбулатовс.

«…Абузаран хIусамехь цIахь санна паргIат, аьхна хеташ хиллера. ХIусам, ков-керт кетIара дуьйна Абузарах тера оьзда, совнаха хIума доцуш ду. Нажи-Юьртан кIоштарчу Мескитахь массеран а чиркхаш дIадайча а, яздархо хийлазза сахуьленга вийлина «Еха буьйсанаш», «Ткъес», «Дарц», … книгаш язъеш. … Нохчийн къоман кхолламна хийлазза вилхина вара иза, нохчийн къоме само яр хийла дехна вара. …», – яздо З.Эльдерхановас.

«Проза» рубрикехь вайн деша йиш ю М.Бексултановн «Ден доттагI», А.Ахматукаевн «Ромеой, Джульеттий», М.Магомаеван «ЦIазамех а догIу цIий, лазийча…», З.Атамаеван «Лаьмнашца йолчу ярташкахь къаьсттина хаза хуьлу гурахь» дийцарш.

«Дагалецамаш», «Критика а, литературоведени а», «Публицистика», «Гочдарш», «Драматурги» рубрикашкара йозанаш журнал дешархойн тидам тIегIур болуш ду.

Л.ДАУТОВА

№78, шинара, эсаран (октябрь) беттан 16-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: