Вайн халкъо даима лоруш хилла гIиллакх, оьздангалла, майралла, доьналла, комаьршалла, Даймахке болу безам. Цкъа а езна яц осалла, сонталла, куралла, тешнабехк, ямартло. Делахь а, мел чIогIа халахетахь а, тахана вайна юкъахь кху керлачу, ирсечу дахаран гIиллакхаш тIе ца оьцуш болу цхьа шатайпа нах нисло наггахь.

Хаз-хазаниг тIе а юхуш, шаьш ца девзачу нахана юкъахь кура хабарш а дуьйцуш, нехан шайх чам а бойуш, тхо санна кIентий дан а дац, я хила йиш а яц кху доккхачу маьлхан кIайчу дуьнен чохь, бохуш лелча, гIуллакх хир дуй те? Далор вай цхьа масал. Цхьа хьенех (цIе ца йоккхур вай) вайн республикехь цхьана гIишлошъечу фирмехь белхало вара, иттех шо хьалха. Массаьрца а велавеллавекхавелла, кIеда-мерза вара иза. Ткъа цхьа хан-зама яьлча, фирмера дIа а ваьлла, кхин говзалла караерзийра цо. Цунах гIеххьа «хьаькам» хилира, шен долахь «Камри» (иномарка) машен а йолуш.
Ша оцу балха вахана дукха хан ялале, бевзарш-безарш бицбина, уьш дIатесна, ша оцу юьртара воцуш санна, шена дуьхьалкхеттачуьнга вистхилар доцуш, шен нийсархошна цавашаран кеп хIиттош, цаьрца ларам боцуш, гIиллакхе воцуш, ша-шех дозалла дан волавелира. Амма шел лакхарчу хьаькамашца тIекаре вара, цаьрца гергарло а леладора, ларам а бара.
Цхьаболчу наха иза мел шайна хьалха хьашт ца хиллехь а, стаг дикачу балха нисвелча, цуьнца гергарло леладо, иза воцуш шаьш мегар доцуш санна. Масала, Н.Шерипан цхьана хенахь хIара ву аьлла, доттагI а, накъост а вацара улле волуш. КIант воккха хилира. Дешна а ваьлла, дикачу балха нисвелира. Хьалха хIорш Iаш мичахь бу а ца хууш хиллачу нехан а, цкъа а хIорш хьашт хилла боцчу, хIара шайна улле волуш дола хеташ леллачу накъостийн а гергарлонаш гучудийла дуьйладелира. Шерипе а, цуьнан дега а, нене а кхочуш, уьш санна дика бусалба адамаш дац бохуш, цаьрца гергарлонаш лелош, уьш шайга бистхилча, цунах а тоам беш болу нах а бара.
Шайн кIантал башха, цуьнан дай-наний а дацара нийсонна тIехь шайн кIанте нахана гIо-накъосталла дахьара эр долуш. Уьш бацара мискачарах, гIийлачарах дог лозур долуш а, цаьрга дIахьажа бешар болуш а.
Со-м инзарваьлла ца волу сел яхь-юьхь йоцуш муха хуьлу-техьа и цхьадолу адамаш, олий. Стаг хьалдолуш велахь, иза дикачу балхахь велахь, цуьнгара шайна бала пайда белахь, цуьнан дикане тийса са делахь, вонах кхера меттиг елахь, цхьана а тайпана эхь-бехк ца лоруш, цунна несалла лелош а, иза куьйгаш тIехь лело кийча а хуьлу цхьаболу нах.
Дуьненан хьал-бахам а болуш, даржехь волчу стагана, мел цуьнца адамалла яцахь а, жIаьлин кIезий санна, цунна тIаьхьа а бовлий, лелаш хуьлу кийрахь нохчийн дог доцу цхьаболу осала нах. Иза шен ков-кертахь цхьа гIуллакх деш волчу хенахь, ларамза цунах шайн бIаьргкхетахь, цуьнга и гIуллакх ца кхочуьйтуш, чекхдоккху цара. Ткъа важа, царах ца вешаш, воьлуш лаьтта. Иза ма вац церан диканехь а, вонехь а лаьттар волуш а, цаьрга салам дала вешар волуш а. Доккха хIума дера ду оцу тайпана шайх цуьнан а, нехан а дог кхардор а, наха шайна тIаьхьашха олу долу дош ца лардар а…
Хьарам-хьанал къастош воцуш, цо гулбинчу дуьненан бахамах шу цец а ма довла. Я цунах хьега а ма хьега. Далла хьалха оцу дерригенах жоп дала ма хала хир ду цунна. Шаьш оцу декъехь доцуш Далла хастам белаш. Диканехь а, вонехь а массо хIуманна а леррина тидам беш Iедал ду сан. Масала, стаг таро йоцуш, гIийла-миска велахь, цуьнан тезет «шийла» хуьлу. Тезет доккха ца хуьлу. Оцу тезетахь латта дола хеташ болу нах а хуьлу.
Бахьана хIун ду? Дера ду велларг а, тезет схьаоьцуш волу цуьнан верас а гIийла-миска хилар. Уггаре а хьалха ийман долуш, АллахI-Делах кхоьруш хила дезара вай.
Сан дагна йоккха чов хуьлу стеган таро яцахь, иза тергал ца веш, цуьнга бистхила дола а хеташ, шаьш цул лакхара а хеташ «адамаш» сайна гича.
Стаг дуьненан рицкъа долуш, даржехь велахь, мел доккха хуьлу цуьнан тезет. Тезет схьаоьцуш а мел дукха Iеламнах хуьлу. Шаьш оцу тезетахь хилла, шайна тIера бехк дIабаьллехь а, генарчу ярташкара юх-юха а богIу тезете нах. ХIунда богIу? ХIун Iалашо йолуш? Дера богIу, кхечу нахана а шаьш оцу тезетахь гайтархьама а, велларг шайн юххера гергара стаг ву моттийтархьама а. Оцу Везачу АллахIа шайна оьгIазло ярна кхоьруш бац и нах. Шаьш Цунах кхоьруш хилча, лелор ма дацара цара Иза резавоцу хIуманаш.
Иштта нах кийрахь нохчийн дог долчу цхьана а стагана безар бац. Нах боцчу нахаца цхьанна а гергарло дезар дац, цаьрца уьйр-марзо а хир яц. Юьхьа тIехь чкъор доцчу, кийрахь дог доцчу нахаца хIун аьлла лелор ду гергарло, хIун аьлла лелор ю цаьрца юкъаметтиг?
Уьш хир ма бу лакхарчу хьаькамашца тIекаре, уьш къежар ма бу царна, цара лелор ма ду царна несала, уьш лелар ма бу церан лай хилла. Оцу тайпанчу нахана кхин хIума хьакъ ма дац. Дала вай лардойла-кх царах!
Дагара ца долу пхийттех шо хьалха сайна гинарг. Соьлжа-ГIалин №9 йолчу клиникин больницехь хирургин отделенехь чолхе операци а йина, шен дегIана дан-амал доцуш, лазаро лаьцна Iуьллуш вара М.Нурди. Дукха нах бацара цунна тIехь лаьтташ, цуьнгара хьалде хаа лууш: я гергара нах а, я бевза-безарш а. Цуьнан нанас дена дина цхьа йиша-ваша дара цунах даггара дог лозуш а, цунна денна тIехь лаьтташ. Оцу муьрехь Нурди волчу отделене кхечира лакхарчу даржехь болх беш волу К.МасIуд.
ХIора денна бохург санна, цунна тIаьхьа богIура цуьнан гергара нах а, бевза-безарш а. Иза ца хилча, шайн йиш йоцуш санна, дийнахь а, буса а хедаш бацара цунна тIехь лаьтташ болу «могIа». ТIаккха сан ойла кхоллаелира: «МасIуд санна, Нурди а лакхарчу даржехь балхахь хиллехьара, цунна а ма дер дара иштта «доккха орца», цунна а лелор ма дара гергарчара а, бевза-безачара а несала, цунна а къежар ма бара иштта»…
Нохчийн халкъан яздархочо Сулаев Мохьмада дика аьлла шен «Къонах» цIе йолчу стихотворенехь цу тайпанчу нахах лаьцна:
…Лакхарчу хьаькмашца тIекаре хиларх,
Къежарх и, церан куьг лоций,
Делахь а, адамашца гIиллакхе и вацахь –
Хаалахь и къонах воций…
Москва гIалахь цхьана медицинин Iилмананталламан институтехь лор-консультант яра А.Милана. Иза Москвахь оцу даржехь болх беш йолуш хазахетта, иза вайн махкахошна йовзийтархьама, цунах лаьцна очерк язъян дагахь иза йолчу вахана хиллера вайн республикерчу цхьана газетан корреспондент.
Нохчийн маттахь цо шен де дика дича, Милана йист-м муххале а ца хиллера цуьнга, ша хиъна Iачуьра меттах ца яьллера. Шегара цхьа гIонакъосталла оьшуш, цхьана хIумане сатуьйсуш веана хир ву моьттуш хиллера Миланина иза. Ткъа ша деана гIуллакх корреспондента шега дIа ма-дийццинехь, мотт а баьстина, керла далийна нускал санна, дегI нисдина, хьала а гIаьттина, елаелла-екхаелла къамеле яьллера.
Шен къомах волчу стагаца ларам хилар – иза сийлахь а, деза а ду. Вайн вовшашца ларам ца хилча, вай вовшийн сий, хама-пусар ца дича, атта хетар ду вай кхечу къаьмнашна, цара а дийр дац вайн сий-пусар. Вайн хаза гIиллакхаш дицдан мегар дац ша муьлххачу махкахь велахь а, ша мел доккхачу даржехь велахь а.
Кху деношкахь цхьана йоккхачу стеган къамел тасаделира соьца. Дегайовхонца дуьйцу Джабраилова Зайнапа шен кIантах Хьусайнах лаьцна. Цхьаъ бен воцчу кIанта шен дика терго еш хилар а хоуьйту, иза шеца боккха къинхетам болуш хилар а чIагIдо. Цуьнан къамеле ладоьгIча, дог ловзаделира сан. Хазахета, воккхаве цу тайпа оьздачу, дикачу кIентех.
Оцу миноташкахь суна хьалха хIутту Соьлжа-ГIалахь ехаш йолчу А.Амнатан амат. Цуьнан хIусамда кхелхаш вуно жима вара цаьршиннан цхьаъ бен воцу кIант Ваха. Масех шарахь шен хиллачу хIусамден «чIир кхобуш» цIахь Iийра Амнат, Ваха а лелош. Цул тIаьхьа, наха йита а ца йитина, кхечу стаге маре яхара. Амма кIант дIа ца тесира. Цигахь а Амнатан масех доьзалхо хилира. Воккханиг Ваха вара. Цуьнан, тIехь да цахиларна, алсам терго йора нанас.
Лаккхара дешаран заведени чекх а яккхийтира цуьнга. Цул тIаьхьа Вахас зуда ялийра. Несан а, марненан а барт буьйхира. Ваха зудчух ца волуш, шен ненах къаьстира. Ша хала къахьоьгуш дина ков-керт а дитина, чуьра араяла дийзира ненан. Шен «дикачу» кIентан сий лардеш, бахам а, цIенош а декъа бохуш, суьде а, прокуратуре а леткъамаш а ца бира, амма къанъеллачу хенахь чохь Iен меттиг а, сал-пал а вовшахтоха гIерташ ницкъ хилира нанна.
ХIинца Вахин шен а ду бераш, амма цара марзо ца оьцу дененах, дейишех, девешех. Муха оьцур ю шайн ден а, ненан а цаьрца уьйр-безам ца хилча?
Ша хала кхиийначу а, шен дуьхьа яла а кийча хиллачу шен ненан сий ца дича, доккха эхь ду. Иза де эшча дIатасар – стогалара валар ду. Вайн сакхтийн вай терго еш ца хилахь, уьш дуьйцуш, нахаладохуш, емалдеш ца хилахь, уьш вайна юкъара дIадовларе догдохийла а хир дац…
КОВРАЕВ ШапаI
№78, шинара, эсаран (октябрь) беттан 16-гIа де, 2018 шо