Эпендиев Супьян дуьнен чу а валале, зуламан буьрсачу мехаша, кхуьнан ирсан заза дожош, дуьйладелира чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран шовзткъалгIа шераш. Супьянан да Эпендиев Деленбек Хьалха-МартантIера вара. Жимчохь дуьйна комсомолах Iехавелла, цуьнан жигархо вара Деленбек. Цхьана юкъанна Хьалха-МартантIерчу комсомолан райкомехь болх бира цо. Советийн Iедална Iаламат муьтIахь стаг вара иза, иэшахь, кийрара схьадаьккхина шен мерза са а, компартин гIуллакхана дIадала кийча волуш. Цундела дукха ойланашка ца вуьйлуш, ша дIахьажийча, ТIехьа-Мартанарчу комсомолан райкоме балха дIавахара. Партис Iуналла до меттиг ерриге шен хетара жимчу стагана. Хьесапе а ца хетара ша Хьалха-МартантIера хилар а, ТIехьа-Марта хийра кIошт хилар а. Шен дуьххьарлера безам а ТIехьа-МартантIехь карийра Деленбекана. ЙоьIан цIе Маржан яра. Шо шаре далале Деленбека яла а йира иза. Амма безамах марзо оьцуш, нускална юххехь дукха Iойла ца хилира пекъаран. 1941-чу шеран бIаьста далийра Деленбека нускал, ткъа дукха хан ялале Даймехкан Сийлахь -боккха тIом болабелира. Масех баттахь, мел чIогIа дехарш дарх тIаме дIа ца вохуьйтуш, Iедало цIахь сацийра Деленбек. Комсомолан жигархой цIахь оьшура трударме буьгу нах вовшахтоха. Амма 1941-чу шеран гурахь, фашисташ Москвана улле кхача боьлча, кхин тоха са ца хилла, шен лаамехь фронте дIавахара Эпендиев Деленбек. ДегIаца цхьалха йоцу Маржан цIахь йитина. Да тIаме дIавахана ах шо даьлча, 1942-чу шеран 13-чу майхь дуьнен чу велира цуьнан кIант Супьян. КIант кога вахана, амма дика мотт шарбелла вацара, Украинехь луьра кхихкинчу тIемашкахь Деленбек, еза чевнаш хилла, дIаваьлла аьлла, Нохчийчу хаам кхаьчча. Ирча кхаъ бара иза. Амма цул доьхнарг тIаьхьа догIуш хиллера. 1944-чу шеран 23-чу февралехь вайнах махках бехира. Даймехкан сий лардеш Деленбека дахар дIаделлера аьлла, бIаьхочун хIусамнана Маржан а, цуьнан кIант Супьян а цIахь ца дитира. Дерриге а вайнехан къам санна, халкъан мостагIий лерина, Сибрех дIахьажийра. Цу муьрехь вайнаха лайначу халонех дукха дийцина, дукха яздина. Делахь а, хIора стеган шен-шен бу цу заманах болу къаьхьа дагалецамаш. Мацалла, шело, хало, харцо, хIоранга кхаьчна. Къизачу Iедалан ямартлоно хьаьшна адам Iадийча санна дара, хилларг хIун ду ца хууш. ТIехь дай болчу доьзалшна а хала зама хилла иза. Ткъа Маржан ша цхьаъ яра, шен жимачу кIантаца. Шен цIерачаьрца Талды-Курганан кIоштарчу Уч-Урал олучу метте нисъеллера Маржан. Ткъа марзахой генахь бара, уьш Уш-Тобехь совцийнера. Къоначу зудчо еш йолу гIийла ойланаш яьржина, цхьана паналлехула дIауьдура. Иза балхахь-некъахь а яцара, ткъа жимачу кIантана напха латто дезара. Дела воцург орцахвала стаг вацара. Мелла а хан яьлча, Маржан шолгIа маре йоьду, шега цигахь кIант кхобуьйтур ву аьлла, керлачу хIусамдас чIагIонаш йича. Амма иза Супьянан дехошна ца тайра. Девашас Мохьида ша волчу дIавуьгу кIант. Шен ялх бераца цхьана хьалакхиаво Мохьида иза а. Шега яккхалучух яа-мала латтайо, тIедуха-когадуха латтадо. Ткъа уггаре а коьртаниг, шен берех къаста ца веш, цаьрга санна деша а доьшуьйту. Цул сов, Супьян итт класс чекхъяьккхина валлалц Казахстанера цIа ца вогIу Мохьид. 1959-чу шарахь, Соьлжа-ГIаларчу хьехархойн институте деша воьду Эпендиев Супьян, филологин факультете. Оьрсийн мотт а, литература а, нохчийн мотт а, литература а хьехаран говзалла караерзайо жимачу стага. 1964-чу шарахь кхиамца хьехархойн институт чекхйоккхий, Хьалха-МартантIерчу №3 йолчу школе балха воьду иза. Масех шарахь №3 йолчу школехь болх беш, кхуьнан хьуьнарш девзинчул тIаьхьа, Хьалха-МартантIехь, массо а хенахь, тоьллачарех ларалуш йолчу №1 йолчу школе дехарш дой, дехьа воккху къона хьехархо. Бакъду, вайн махкарчу дуккха а школашкахь болх бина Эпендиев Супьяна. Итум-Кхаьллахь, Яраш-Маьрдахь, Чечанахь. Массанхьа а шен дика цIе йоккхуьйтуш чекх а ваьлла . Бераллехь шена ца тоьъна йовхо а, догдикалла а яла гIиртина берашна. Халкъана а, махкана а пайдехь хир долчу агIор, уьш кхетош кхио а гIиртина. 1975-чу шарахь, юха Казахстане дIавахар марзделира Супьянна. Зама мел къаьхьа хиллехь а, бералла цигахь дIаяхарна, казахийн мохк хийра ца хетара цунна. Шен хIусамнана Амнат берта а ялайой, Мангышлакерчу Керла Узень гIала дIавоьду иза, шен сал-пал оьций, цкъачунна цигахь Iе а, ваха а дагахь. Дейтта шо доккху цо Керлачу Узенехь. Делан къинхетамца доьзал а стамло цуьнан цигахь. Кхо йоI, цхьа кIант дара Супьянан. Цигарчу юккъерчу школехь болх беш вара иза, оьрсийн мотт, литература а хьоьхуш. Балхаца тIехдика ларош а, белхан накъосташна дош хеташ а вара. Цунна къегина тоьшаллаш а алсам ду. Хийрачу махкахь вара аьлла, юкъарчу дахарна цкъа а юьстах Iийна вац иза. Масийтта шарахь Керла Узень гIалин кхеташонан депутат хилла. Адамийн хьашташна само еш хиларна, нахаца бийца кIеда-мерза мотт хаарна, хьанна а, мичча хенахь а орцанца гIатта кийча хиларна юх-юха а депутат хоржура узенхоша Эпендиев Супьян. Дика ларош схьавогIура иза шена тIедехкинчу декхаршца. Керлачу Узенера Iедалан векалша, мало йина шен харжамхойн гIуллакх, цхьана а тайпана йист ца йоккхуш тесна дитча, Москва гIаларчу шуьйрачу хаамийн гIирсашка орца доккхура Супьяна. Цунах Iаламат боккха пайда болура. Деэшначу стагана шега гIо-накъосталла даделча, цунах мерза кхаъ хуьлура цунна. Иштта тасаелира цуьнан доттагIаллин зIенаш «Правда», «Известия», «Советская культура» газеташца. ТIаьхьо цу газеташкахь цхьацца заметкаш, зарисовкаш зорбане йийла юьйлаелира Супьянан. Уьш цуьнан журналистикехь дуьххьарлера гIулчаш лара мегар ду. Керлачу Узенера дахар мелла а тайнера Супьянна, цигахь, дика белхахо ву аьлла хIусам еллера кхунна. Балхахь, боккха сий-ларам а бара. Амма дерриге а талхийра, доха карзахдаьллачу Советийн Iедало. Вайна массарна хууш ма -хиллара, Советийн цхьа халкъ ду вай бохуш Iачу адамашна юккъехь питанаш сийсо долийра зуламхоша, къаьмнаш къестош. Дуьххьара цIий Ферганахь Iенира, цигара туркаш-месхитинхой лохкуш. Ткъа бохамах шолгIа тулгIе Керлачу Узенехь гIаьттира. Кхечу къаьмнех шайн латта дIацIандан луучу зуламхоша цхьаннех къинхетам ца бора: оьрсий, эрмалой, жуьгтий, нохчий – берриге а лахка карзахбевлира казахийн къомах болу зуламдай. ГIуллакх гена дала доьлча, шен доьзал балош 1989-чу шарахь Соьлжа-ГIала цIавирзира Эпендиев Супьян а. ХIусам Iадйита дийзира, чуьра сал-пал а хехочохь дацара, зулам кIаргдалале, къайлавалар бен дарба доцуш, инзаре ирча хьал хIоьттинера Керлачу Узенехь. Соьлжа-ГIаларчу №32 йолчу школе хьехархо балха вахара Супьян цIавирзинчу муьрехь. Цигахь нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш вара иза. Берашца самукъа а долура цуьнан. Делахь а де дийне мел дели, журналистике болу безам чIагIлуш лаьттара. Дийнахь цхьа могIа язбина а, цхьаъ ца яздича ца Iалучу хьоле ваьллера. Сих ца луш, Соьлжа-ГIалахь арадуьйлучу газеташца уьйраш дIатесира цо. Шена гинчух, цкъа а атта ца хиллачу дахарехь девзинчух, сирлачу сатийсамашкахь хила луучух яздора Эпендиев Супьяна. Муьлххачу газето а кхуьнан материалаш зорба а тухура. ХIунда аьлча, уьш даима маьIне а, чулацаме а, дешнийн къиэлла йоцуш язйина хуьлура. Советийн Iедало олалла динчу 70 шарахь масех газет дара Нохчийчохь арадолуш. Царах цхьаъ бен нохчийн маттахь а дацара. Пролетариатан диктатура дIаяьлча шуьйрачу хаамийн гIирсашна мелла а паргIато елира. Уьш деба дуьйладелира вайн махкахь. «Импульс», «Ичкерия», «Свобода», «Голос Чеченской Республики», «Отечество», иштта кхидерш а. Цаьрца дукхах долчаьрца доттагIаллин уьйраш яра С.Эпендиевн. Цуьнан Iаламат самукъадолура муьлххачу газетан агIон тIехь шен статья зорбатоьхча. Дог ир-кара хIуттий, кхин а чIогIа жигара болх бан волалора. Эххар а, 1992-чу шарахь «Свобода» газетан редакци балха дIаийцира иза. Хетарехь, цуьнан дахарехь уггаре а ирсе де дара иза. Журналистана хазахетара ша санна болчу хьехархойх, дог цIена а, куьйг беркате а долчу лоьрех, похIма долчу кхоллараллин адамех зарисовкаш язъеш. Нохчийн къоман исторехь чолхе мур бара иза журналистике веанарг. Инарла Дудаев вара мехкан да хилла хьийзаш. Цунах кирхьа дина, шайн кхаба юза улле лилхина массо маьIIера схьагулъелла жоьлгаш яра. Миска адамаш алапах, пенсех, кхийолчу бегIийлех хадийнера. Хала ловра Супьяна и харцо. Хаддаза цу кхачамбацарех яздеш хуьлура иза. Бакъду цуьнан йозанаш цкъачунна тергал деш стаг вацара. Iинах йоьду ворда санна, боккхачу бале сихъелла йоьдуш яра Нохчийчоь. 1994-чу шеран шийлачу гуьйранна беана схьакхечира тIом. Къинхетамза чуетта йолийра бомбанаш. Маьршачу адамашуа моьттара, инарла Дудаев чохь волчу гIишлонна тIе бомба кхоьссина, цхьана дийнахь тIом дIабоьрзур бу. Амма дуьххьарлера бомбанаш пачхьалкхан банкана, минфинна, казначействона тIе а ийгира, цхьа а лар ца юьтуш, уьш лаьттаца дIашарйира. Дегнаш шелделира сихха тIом дIаберзаре сатуьйсучеран. Жимма хьекъал долчу стагана ойла ялла билгало яра иза. Сиха кхиира цунах журналист Эпендиев Супьян. Цхьаннах а ийза ца луш, шена хетарг майрра яздора цо газетан агIонаш тIе. 1995-чу шеран бIаьстенан юьххьехь керла газет араделира Нохчийчохь «Возрождение» цIе йолуш. Караев Руслан вара газетан коьрта редактор. Эпендиев Супьян цу газетехь болх бан волавелира. ХIинца федеральни эскарша ца лардечу низамах, инарлийн хIилланах, Iедалан ямартлонех, мискачу адамаша токхучу Iазапах яздора Эпендиев Супьяна. Шен ойланца, синкхетамца, генна советийн заманахь виснера журналист. Ша ма-дарра, бакъдерг яздича, цкъа мацца и йозанаш хьакъдолчу хьаькамашна дIагина, харцонаш сацор ю моьттура пекъарна. Бакъду цу муьрехь газет тергал деш, я журналисташа дуьйцург лерах хьокхуш стаг вацара. Цунна къегина тоьшалла ду 1996-чу сентябрь бутт. Машар, барт хилла аьлла федеральни эскарш арадевлла дIадахара. Цхьана буьрсачу туьйранахь санна еана схьахIоьттира бригадни инарлийн зама. Нохчийчохь шортта инарлаш бара. Цхьаъ вукхунах вешаш вацара, массо а катухуш вара. ХIинца цаьрца къийсаме велира даима бакъоннатIе гIерта журналист . Инарлаша лелочу моттаргIанех, цара духкучу герзах, идочу маьршачу адамех яздан волавелира Супьян. Цкъа-шозза човхийнера хIара, комендатуре дIа а вигина. Россина вохкавелла ву, шпион ву бохуш вийца а ваьккхинера. Амма журналист къар ца лора. Цо юха-юха шен йозанашкахь Iорайохура хIетахь Iедалехь хиллачу «инарлийн» харцонаш. ТIаккха схьалаьцна, дIавигина чувоьллира иза, кхиэл яр ШарIан суьдана тIедуьллуш. Вийна, ваьккхина стаг а ца хилча, нехан лачкъийна хIума а ца хилча, вен кхиэл ца еш, къинхетам бира журналистах. Эпендиев Супьянна 40 гIаж тохар магош сацам тIеийцира ШарIан суьдо. Супьян Iаламат чIогIа юьхьIаьржа хIоьттинера, баккъал шегара цхьа ледарло яьлча санна. ГIожмаш етташ ша лазавар цунна дага ца догIура. Дог Iийжош Iеткъарг харцо яра, шеца Iедалехь бу бохучу наха лелийна. Амма Супьян къарвелла юха ца велира. И дабагIа шена тIехь динчул тIаьхьа иза юха а шен балха аравелира. Цхьана хьаьркана юха ца волуш, тохара хьалха санна шен болх дIакхийхьира. Ларамаза кхаьчна вацара Эпендиев Супьян журналистике. Бераш Iамош, школехь хьехархочун болх бина шовзткъа шо сов стаж яра цуьнан. Амма цуьнгахь синтем бацара, сингаттамаша сийсош Нохчийчоь а йолуш, юьстах а ваьлла Iан. Бакъволчу нохчичун юьхьах дуьззина долчу шен деган кхайкхамца веанера иза редакце балха. Дош-дезара хеташ доггаха бан а бора цо и болх. Хьаькамо цхьанхьа ваха веза аьлча, воккха вара аьлла, цкъа а юха волуш вацара Супьян. Цунна газета тIе туху хIора дош а мехала хетара. И бакъдош дан миччанхьа ваха, даима кийча вара. 1999-чу шеран аьхка Iаламат чолхе хьал хIоьттира Нохчийчохь. ХIора инарлин а герзаца буьйлина бIо бара, шена цхьанна тIаьхьа баьккхина лелош. Инарлашна юкъахь барт бацара. Царех цхьа а, Президент ву бохучу Масхадов Аслане ладугIуш вацара. Хьалха вайн махкахь болх бина кхечу къомах болу журналисташ дIасабахнера, луш алапа доцуш болх бан ца лиъна. Эпендиев Супьян санна болу жигархой бара буха биснарш. Эххар а Басаев Шемал шен бIо эцна, Хаттаб хьалхаваьккхина Iаьнда вахара; Дагестан маьрша яккха воллу ша аьлла. Массарна хаьара Iаьнда бахнарш Нохчийчу шолгIа тIом бан баханий. Юхабаьхкира Iаьнда бахнарш. Царна тIаьххье федеральни эскарш даьхкира Нохчийчу. Вайн декъазчу махкана кхолха гуо лаьцна чуетта йолийра яккхий тоьпаш. Цара дийриг ца тоьаш санна, луьста дехира авиатохарш, юкъ-кара «Земля-Воздух» цIе йолу ракеташ а тухуш. 1999-чу шеран октябрь беттан хьалхарчу деношкахь дуьйна халкъ махках дала доладелира. ТIебогIу шолгIа тIом хьалхачул буьрса хир буйла хаьара массарна а. Цунах дика кхетара Эпендиев Супьян а. Амма цунна ца лиира махках вала. 1999-чу шеран 27-чу октябрехь а даима санна, Iуьйранна балха ваха аравелира Супьян. Сатасале авиатохарш марсадаьхна чухехкалуш, федеральни авиаци яра. Цундела хIара араволуш хIусамнанас Амната элира: «Тахана мукъане а цIахь Iехьа, ма луьра хьийзаш ду-кх и кеманаш тахана». Супьяна велакъежна, – Делера йоцург Iожалла хуьлийла дац, – элира хIусамнене. ТIаккха жимма Iийна тIетуьйхира: – Цо динчунна вай реза ду Дала мукъ лахь! Цуьнан велакъажаро мелла а сапаргIат даьккхира Амнатан. Супьян суьйранна чу ван хьевелча а, доьхнарг цхьа а хIума улле дита ца лаьара. Журналистан атта боцчу балхахь кест-кеста Iитталора и тайпа меттигаш. Амма шолгIачу дийнахь а Супьян чу ван хьевелча Амнатан са карзахделира, хилларг хIун ду ца хууш. Супьянах дерг хууш цхьа а вацара. Дагахь доцчуьра беара шийла кхаъ… 1999-чу шеран 27-чу октябрехь Соьлжа-ГIала ракеташ туьйхира. Уьш гIалийн йоккхачу базарна улле кхеттера. Дукха адам хIаллакдира цу дийнахь. Кхин а дукха лаза а дира. Редакцехь шена тIедиллина гIуллакх юьстах а даьккхина, юхавирзина вогIу Эпендиев Супьян нийсса оцу бохамна юккъе нисвелла хиллера. Журналистана гериг кхетаза меттиг яцара. Нуьцкъала амал йолуш, са онда стаг хиларе терра, дийна виса бахьана дацахь а, Супьян цкъачунна са чохь хиллера, орцаха бевллачу наха иза больнице вадош. Бакъду цу муьрехь Соьлжа-ГIалара больницаш «тIанк» аьлла юьзна яра. Луьстачу авиатохарийн лазаме жамI дара иза. Базарахь чевнаш хилларш цундела ярташка бовдийнера. Иштта шен дай схьабевллачу Хьалха-МартантIе кхаьчна хиллера иза. Амма лоьрана тIекхаччале дIаваьлла а хиллера. Иза Хьалха-МартантIе кхачар а Iаламат боккха Делан къинхетам хета цуьнан верасашна. Кисанара кехаташка хьаьжча хиъна Супьян журналист хилар. Евзачу фамилех бIаьрг кхетча а шекбевлла. Хьалха-МартантIерчу ЭпендиевгIарах вуй-те иза аьлла. Шайга хабар-кост дIакхаьчча, верасаш сихха больнице баьхкина, Суьян вевзина… ТIаккха хилларг Амнатна хаийтина. Буьрса денош дара иза лаьтте верзийнарш. Хаддаза тIедетташ герзаш дара, тезетахь лаьттарш бIаьрг белла ца буьтуш. Бакъду, Супьянан кхаа йоIаний, цуьнан цхьаъ бен воцчу кIантаний и герзаш гуш а, хезаш а дацара. Уьш, дуьненан мехха волу шайн да дIаверзош бара. Юххехь йиш-ваша доцуш хьалакхиъна, кхарах, шен деа берах гIортор йина хене волуш вара иза. Кхин цхьа гIортор яра цу яхь йолчу къонахчун. Иза, дагца къобалйина, шен оьздачу дахаран къилба дина, схьалаьцна журналистика яра. Цунна тешаме волуш чекхдаьккхира Супьяна шен дахар. Цунна къегина тоьшалла ду, хIинца а Амната хIайкал санна лардеш долу, цуьнан журналистан удостоверени. Къинхетамза вийначу журналистан кисанара схьаэцча цIийх дуьзна дара иза. Бакъволчу журналиста Эпендиев Супьяна дагна уллерачу кисанахь лелош хиллера. Делахь а муьлхха удостоверени кехат бен дац. Мел хала хетахь а, цуьнан ницкъ ца кхочу харцонна дуьхьал дала а, деэшначунна орца кхио а. Безаман бIарлагIа ю-кх иза, дегахьаамна наггахь кара лаца…
ГАЗИЕВА Аза
