ХIокху дуьненахь хIора а адаман кхолламехь дуьххьара доцуш цхьа а хIума ца хуьлу. «Дуьнен чу доьлхуш догIу бер, ша лан мел дезачунна хьалххе доьлхуш», – аьлла цхьана хьекъалчо. Дуьххьара делало бер, дуьххьарлера дош олу, церг къеда, хьалхара гIулч йоккху, ден-ненан юьхь тIехь хазахетар гучудоккхуш. ТIаккха, дуьххьара цIийнан цIенкъе, уьйтIе, кетIе, урам, юрт евза цунна. Дуьххьара девза кхин адамаш, хеза церан мотт. Дуьненан йист шайн ковкертахь ю моьттинчу берана тIаьхьо хаа долало дуьне шена моьттинчул дуккха а доккха хилар.

Дуьненан доккхалла, Iаламан хазалла, адамийн дика-вон амалш, уьйр-марзонаш евза, шен хенарчеран тобане, юкъаралле кхаьчча. Низам дIадолало школехь хьехархочун тергонехь, Iуналлехь, горгали шен хеннахь а, шен рожехь а бекарца.
Иштта горгали бийкира 1970-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан хьалхарчу дийнахь. Дуьххьара школе баьхкина дешархой шайн дуьххьарлерчу уроке кхойкхуш, хьехархочо Валентина Петровнас класса чохь шена билгалйинчу метте охьахиира Хеда. Оцу дийнахь дIаболабелира Iилманан лакхене боьду итт шеран некъ.
ЙоьIан самукъадолура шена хьоьхучух, къаьсттина нохчийн маттах, литературех. Хедас, ша доьшуш йолуш, шена хьалха Iалашо хIоттийра, деша а дешна, говзалла кара а ерзийна, школехь юьхьанцарчу классашкахь хьехархочун болх бан.
1980-чу шарахь Гуьмсан кIоштарчу Комсомольскера юккъера школа кхиамца чекхйоккхий, 1980–1983-чуй шерашкахь Гуьмсерчу хьехархойн училищехь доьшу хинйолчу хьехархочо.
1984–1990-чуй шерашкахь Комсомольскера берийн бешахь кхетош-кхиорхочун болх бо Эльсункаева Хедас.
1990-чу шарахь дуьйна Комсомольскера юккъерчу школехь юьхьанцарчу классийн хьехархочун болх беш ю Хеда. Шен хаарш, корматалла тIеюзу цо, 1995–1999-чуй шерашкахь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтехь заочно деша а доьший.
Нагахь юьхьанцарчу классашкахь хьехархоша дешархойн хааршна ондда бух биллинехь, Iилманан бохь лекха хуьлу дешархойн. Хедас дешархойн ненан матте, исбаьхьаллин литературе безам кхоллар дика хилар билгалдолу цара юккъерчу а, лакхарчу а классашкахь доьшуш.
Юккъерчу а, лакхарчу а классийн хьехархошна, цхьа а шеко йоцуш, атта хуьлу юьхьанцарчу классашкахь хьехархоша берашца йоза-дешар Iаморан, кхетош-кхиоран болх оьшшучу тIегIан тIехь дIабаьхьнехь.
Хеда похIма долуш хьехархо хиларан тоьшалла ду дешархойн хаарш. КIоштахь а, республикехь а Комсомольскерчу юккъерчу школан цIе йоккхуш, дуьххьара цIе яккха хьакъ ю зеделларг долу хьехархо Эльсункаева Хеда. Цо Iамийначу, хаарийн бух биллинчу дешархоша кIоштан а, республикин а тIегIанашкахь нохчийн меттан, литературин олимпиадашкахь, къийсамашкахь толаман меттигаш йоху. Оцу кхиамийн, беркатечу белхан юьхь йолийра Вагапова Фатимас (нохчийн литература – хьалхара меттиг, 2008 шо), Байсагурова Рашанас (нохчийн мотт – шолгIа меттиг).
ХIокху тIаьхьарчу итт шарахь ламаст хилла дIахIоьттина школин векалша республикин тIегIанехь дIахьочу нохчийн меттан, литературин олимпиадашкахь, къийсамашкахь толаман меттигаш яхар. «Жимачохь Iамийнарг – тIулга тIе яздина йоза», – олуш, кица ду вайнехан.
Вовшашца гергарло долуш бу Хедас хьоьху а, хьехна а дешархой а, «СтелаIад» журналан белхахой а. Журналан жоьпаллин секретарана Мугаева Забуна шайн цIершца девза и бераш. Арсанукаева Карина, цуьнан йиша Раяна, Байсагурова Рашан, Дугулаева Дагмара, Гайтамирова Танзила, кхиберш а зорбане бийлина оцу журналан агIонаш тIехь.
Журналан цхьайолчу номершкара «Берийн кхолларалла» рубрика Хедас хьоьхучу дешархошна лерина, церан стихотворенеш тIехь йолуш яра. Уьш зорбане яха кечъеш, берашна гIо дора Хедица цхьаьна болх беш йолчу нохчийн меттан, литературин хьехархочо Таибова Ларисас.
Эльсункаева Хедин корматалла лаккхарчу тIегIанехь хиларна кхин цхьа тоьшалла а ду. Дахаро цхьацца халонаш тIехIиттийна, шайн хенарчу берашца деша аьтто боцу (коррекционни школехь хила деза заьIап бераш) дешархой, Дала доккха похIма деллачу хьехархочо, царах хIоранца болх а беш, дахаран новкъа даьхна.
Юьхьанцарчу классийн дешаран декъехула школин директоран заместитель йолчу Джабраилова Ровзана, Х.Эльсункаеван балхах дош олуш, билгалдаьккхира: «Доккха жоьпалла а, доккха дукъ а ду хьехархочун белшаш тIехь. Цуьнан коьрта Iалашо ю кегийчу берийн цIена синош хьастар, уьш шаьш-шайх тешор, царна хаарш далар. Эрна ца хилла Хедас, ша школехь доьшуш йолуш дуьйна, хьехархочун говзалла къастор. Хедина бераш чIогIа дукхадеза, царна ша санна. Иза гуттар а лехамехь, ша бечу балхана чу са диллина, къахьоьгуш ю. Иза хьехархо-говзанча, хьехархо-хьехамча ю. Цо шен балхаца масал гойту къоначу хьехархошна. Хедас Iамийна класс, баккхийбеш, хазахеташ, схьаоьцу юккъерчу классашкахь хьоьхучу хьехархоша, уьш кIорггера хаарш а, дика низам а долуш хиларна. Берийн доттагI, догцIена адам, дика хьехархо йолу Хеда Шайхаевна белхан накъосташа а, дай-наноша а лору».
ЗаьIап берашца болх бар дукха нисло хьехархочун. ЧIогIа жоьпалле а, мехала а болх бу иза. Хедина хаьа берийн дегнаш эца, уьш, хьаьстина, шен лааме дало. Берийн дай-наноша лаккхара мах хадабо цо бечу белхан. Царах цхьаъ ю Черхигова Малика.
«Сан жимах волу кIант мотт хууш вац. Шен хенара бераш школе даха дуьйладелча, Вахина а лиира шина йоIаца деша ваха. Рашан а, Фатима а кхетара кIанта дуьйцучух. Цаьршинца уьйр а тасаелла, дикка лийлира Ваха школе. Цул тIаьхьа Хедас хьоьхуш (цIа а оьхуш), язъян а, еша а Iемира цунна. Ваха хIинца воккха хилла. Вахина зуда яло Хеда яхара. Иза кIентан лаам бара. Хедица хIинца а гергарло лелош ву Ваха. Суна даггара баркалла ала лаьа Хедина. Дала дог хьостийла цуьнан, цо сан кIентан хьаьстина дог санна!» – элира Маликас.
Мидиева Маликин могашалла дика йоцу кIант ВахIид масех шарахь Iамийра цо. Хедех лаьцна хастаме дешнаш элира Маликас: «Хедас чIогIа дика доладора ВахIидан. Йоза-дешар а Iамийра. Берийн йозадешарца уьйр-марзо хилийта а, церан кхиамаш хилийта а хаьа Хедина. Цо Iамийна бераш, йиша-ваша санна, барт болуш, вовшашца ларам болуш, цхьа доьзал санна, хуьлу. Тхайн доьзалан цIарах даггара баркалла ала лаьа суна Хедина».
Шен мотт цахуучу йоIаца, Тамилица, хьехархочо Хедас бина болх хьахабелча, Абдулмежидов Iадлана элира: «Мотт цахуучу бераца кхетошкхиоран болх бар Iаламат дукха къахьега дезаш гIуллакх дуй хаьа вайна, амма Хедина карийра вайн йоIаца бийца мотт, кхоьллира йозадешаре безам. Шена мел хала делахь а, цо масех шарахь Тамилина еша а, Iамийра язъян а. Суна тхайн доьзалан цIарах доккха баркалла ала лаьа Хедина. Iаламат мехала а, меле а гIуллакх ду цо дийриг».
«Хьехархочун белхан бух бераш Iамо лаар ду, ткъа цуьнан белхан некъ – берашца долу доттагIалла», – аьлла гоьваьллачу нохчийн поэта Гадаев Мохьмад-Селахьа. Эльсункаева Хедина ала догIу и дешнаш. Шен дешархойн шолгIа нана хуьлий, цаьрца а, церан дай-наношца а юххера, мерза уьйр латто хаьа Хедина.
ХIинцалерчу федеральни стандарташца йогIуш, Iаморан, ловзаран керла технологеш ша берашца бечу балхана юкъаялош, самукъане дIахьо цо шен урокаш. Цундела ларамаза дац хьалхарчу классе деша догIу бер Хедин классе дахийта дена-нанна лаар.
«Хьехархочо кхуллу къам», – аьлла Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента Кадыров АхьмадХьаьжас. Къоман сийлахь-цIена гIиллакхаш марздеш, йоза-дешар Iамош, Даймахке безам кхуллуш, вовшашлахь уьйр-марзо чIагIъеш, хьанал къахьоьгучу хьехархойн хьалхарчу могIарехь ю, ала мегар ду, Гуьмсан кIоштан Комсомольскера юккъерчу школин юьхьанцарчу классийн хьехархо Эльсункаева Хеда.
Абдуразаков Шертбек, Нохчийн Республикин халкъан хьехархо
Суьрта тIехь: хьехархо Эльсункаева Хеда
№78, шинара, эсаран (октябрь) беттан 16-гIа де, 2018 шо