Базоркин Идриса вайнехан культура, литература кхиорехь дуккха а къахьегна. «Азербайджанфильм» киностудехь 1962-чу шарахь режиссера Тагизаде Тофика яьккхинчу «Со вер ву хелха!» (Я буду танцевать!) фильман сценарин автор ву иза. Фильм хелхарчех Эсамбаев Махьмудах лаьцна яра. Хелхарча ша вара коьртачу турпалхочун васт кхуллуш. Фильмехь дакъалоцуш бара: Тхапсаев Владимир, Абашидзе Лейла, иштта дуккха кхиберш. Яздархо а, Эсамбаев Махьмуд а вовшийн дика вевзаш хилла. Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драмин театрехь а, ГIиргIизойн пачхьалкхан балетан а, оперин а театрехь а цхьаьна белхаш бина ву и шиъ.

1938-чу шарахь дуьйна вайнехан къоман театрехь литературин декъана куьйгалла деш хилла Идрис. Цо язъина цхьа-ши пьеса хIоттийна вайн театро вайнах махках бахале.
1941-чу шарахь тIом болабелча, берриге а шуьйрачу хаамийн гIирсаша дуьйцуш хилла вайн махкахочун Мазаев Маташан доьналлех, майраллех лаьцна.
Маташах лаьцна пьеса язйина Идриса «Капитан Ибрагимов» цIе а йолуш. Вайнах Сталинан хьадалчаша махках баххалц, къоман театран репертуарехь хилла и спектакль.
Хийрачу махкахь кхойтта шо доккхучу муьрехь а мукъа Iаш вацара иза. Нохчийн а, гIалгIайн а кхиболу интеллигенцин векалш санна, иза а вара вайнах цIаберзийта бахьанаш лоьхуш а, Кремлехь болчу хьаькамашка кехаташ яздеш а.
Вайнах цIаберзо СССР-н Лакхарчу Совето вовшахтоьхначу комиссин декъашхо хилла Базоркин Идрис. Бакъду, яздархочун болх цкъа а дIатесна-м вац иза. Вайнах цIабирзинчу муьрехь, шен Iер-вахар Соьлжа-ГIалахь нисдо цо.
1958-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь зорбане йолу Идриса язйина «Призыв» цIе йолу дуьххьарлера повесть. Билгалдаккха догIу цуьнан ерриге а говзарш оьрсийн маттахь хилар.
Дукха хьалхе байлахь висина Идрис ненан мотт кIорггера хууш вацара. Цуьнан да Базоркин Муртаз-Iела оьрсийн паччахьан эскаран эпсар хилла а, Советийн Iедална дуьхьал тIом бина а ву. Цундела, Советийн Iедал чIагIдала доьлча, гIажарийн махка (Перси) дIавахна, кхин цIаверзар ца нислуш, 1924-чу шарахь кхелхина.
1910-чу шеран асаран (июнь) баттахь дуьнен тIе ваьллачу Идрисан бархI шо бен дацара да махках волуш. Ткъа кIентан нана Гретта вайнехан къомах яцара цунна гIалгIайн мотт Iамо. Иза а цIеххьана кхеттачу лазаро хеназа лаьттан кийра ерзийра 1923-чу шарахь. Декъаза бералла, эшамех юьззина жималла хилла яздархочун. Амма иза къарван ницкъ ца кхаьчна кхолламо тIетуьйсучу бохамийн. Мел доьхна денош дахкарх, яхь дIа ца луш, дешаран серлоне гIиртина. Мел буьрсачу хьелашка ша нисваларх, яздечуьра ца сецна, говзарш зорбане яха Iедало бакъо йихкинчу муьрехь а. Цуьнан дерриге а дахаран коьрта болх хилла дIахIоьттина «БIешерийн боданера» цIе йолу роман.
1968-чу шарахь зорбане яьлла иза. Тахана а шен мехалла ца яйна оцу романан. Цхьаболчарна хета роман еккъа цIена гIалгIайн къоман къаьхьачу историх лаьцна ю аьлла.
Бакъду, историца говза юьйцина исбаьхьалла ю романехь. Авторан аьрхачу ойлано кхоьллина турпалхой бу, вайнехан дахарехь баккъал а хиллачу турпалхошца цхьана. Калойн а, Зорин а, хьаьъна шовда санна, цIена безам буьйцучохь, Идриса йовзийта дешархошна харачойн Зеламхин нуьцкъала амал, обарган синъондалла, Кундухов Мусан ямарт, къизалла. Цундела, вайн ала бакъо ю, ерриге а Къилбаседа Кавказерчу къаьмнийн дахар а, къаьхьа чам болу церан кхолламаш а бовзуьйту «Бешерийн боданера» романо.
XIX-чу бIешеран шолгIа дакъа, ХХ-чу бIешеран юьхь ю романехь юьйцург. Говза сурт хIоттош довзуьйту вайна Кавказан ламанхойн чолхе дахар, къехойн яхь, догцIеналла, комаьршалла, Даймахке болу безам, хьоладайн сутаралла, моттаргIанаш, ямарт шалхонаш, цIархазмана хIитто гIиллакхийн кепаш. Романан коьрта турпалхо ву Калой.
Бераллера дуьйна цуьнан кхиар, амал чIагIъялар, дуьххарлерчу безамах Iехавалар гойту автора, хаддаза книгаешархо шен похIмечу йозанийн йийсарехь латтош.
Вайнехан бакъволчу къонахчун амал елла автора шен турпалхочунна. Цундела дукхавеза Калой массарна а. Вай дело а, коьртачу турпалхойн деэшначохь делхо а хаьа авторна. Мел дог Iовжадо книгаешархойн Калойна дукхаеза йоI Зора, дуьххьарлерчу безамах хадош, Чаборзе маре йохуьйтуш.
Дешархойн тидам тIеийзош кхин а турпалхой бу романехь. Царех ву молла Хьасан, воккха стаг Зукур, Элмарза, Наси, иштта кхиберш а. Серлоне, адамалле, къинхетаме, машаре, дай баьхна латта дезаре кхойкхуш ю роман.
1983-чу шарахь режиссера Солцаев Мималта инсценировка йина Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарах йолчу Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драмин театран сцени тIехь хIоттийра «БIешерийн боданера» спектакль.
Калойн васт кхуллуш Нохчийн Республикин халкъан артист Марисултанов Iела вара. Радуева Зураа Зорин васт кхоьллира. Премьерина билеташ цхьа бутт хьалха доьхкина девллера.
Базоркин Идрисан роман йовзар, езар, цуьнан шолгIачу дахаре хьовса вайн махкахой сатесна хилар дара цкъа а театрана дагахь ца хиллачу кхиамца «БIешерийн боданера» спектаклан премьера чекхъялар. Шина кхаа батте делира чугIорта меттиг йоцуш, оцу спектакло театре хьовсархой гулбар. Иштта боккха кхиам спектаклан хиларан цхьадолу дакъа роман язйинчу авторан хьуьнарца доьзна дара.
Дика зама яра иза юкъаяьлла книга массарна еша лууш. Базоркин Идрисан «БIешерийн боданера» роман санна ерг гучуяьлча, цунах мерза кхаъ хуьлуш. 50 шо зама дIаяьлла и роман зорбане яьлла. Амма иза хIинца а вайца еха, вайн литературин мах боцу беркат хилла.
Газиева Аза
№78, шинара, эсаран (октябрь) беттан 16-гIа де, 2018 шо