Муха хила беза бууш болу кхача?!

Могашаллина Iаткъам беш бу бууш болу кхача. Цуьнца цхьаьна [кхачанца] кийра кхочучу хIуманаша Iаткъам бо вайн синна а, догойланна а, могашаллина а. Дийнахь сарралц эвсара а, жигара а хан яккха адамана гIора луш болу кхача бу пайдехь ларалуш.

Цхьана стоьмо я дааран сурсато адамана эвсара а, жигара а хан яккха гIора луш дац. Цундела буу адамо тайп-тайпанчу сурсатех лаьтташ болу кхача.

ХIора а дийнахь, шен тароне хьаьжжина, адамо даа дезаш долу сурсаташ деа декъе декъалуш ду:

1.Жижиг, чIара, хIоаш;
2.Бепиг, картол, Iов, и.дI.кх.а;
3.Шура, шурех долу кхидолу сурсаташ;
4.Стоьмаш, хасстоьмаш.

Иштта, хIора а дийнахь, 1 я 1,5 литр хи молуш хилар а чIогIа коьрта ду. Адамо «ламаст» а дина мийла дезаш ду оццул хи.

Цул сов, кхача дийнахь 3–4 баа безаш бу. Кхузахь тидаме эца догIу сарахь бууш болу кхача чорхана дийнахь а, Iуьйранна а йинчу делкъенал а, Iуьйренал а «беза» хилар, вон хилар.

Дагца а, пхенашца а, вокаца а доьзначу лазарийн а, адам дарстаран а коьртачу бахьанех лору говзанчаша пайдехь боцу кхача баар.

Варстаре боьду «некъ» бу вуьзна воллушехь хIума яар. ХIора а дийнахь, оьшучул сов 40–50 килокалори яахь, цхьана шарахь 2–3 кийла йозалла (цуьнца цхьаьна мохь а) тIекхетар ю адаманна.

«40–50 килокалори-м хIун яра?», – аьлла, хаттар кхолладала тарло кхузахь.

Бакъду, тахана вай буучу кхачанца дуьстича, доккха хIума а дац иза, хIунда аьлча, 40–50 килокалори – иза: 2–3 Iайг шекар я мерзачу хин ах стака ду; 5 грамм налха бу; 10–15 г грамм йоьхь ду; шоколадан 1–2 кампет ю; муьлххачу а морожнин кхозлагIа дакъа ду.

Цхьана дийнахь а, шина дийнахь а уьш, шен дегIанна оьшучул а дукха яарх хила я галдала хIумма а дац. КIиранах яарх а хир бац хийцам. Амма цунах «ламаст» а дина, шарахь яахь, лакхахь билгал ма-даккхара, 2–3 кийла йозалла а, мохь а тIекхетар ю. Цул тIаьхьа кхин цхьаъ а, юха кхин цхьаъ а, иштта масех а шо чекхдолу.

Цундела, шен могашаллина а, чорханна а пайдехь боцу кхача, мел чIогIа иза безарх а, баарх а ларвала веза.

А.ВАРАЕВ, «Роспотребнадзоран» Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллин санитарин тергонан отделан хьаькаман гIуллакхаш кхочушдархо

№79, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 19-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: