Правительствон Председателан заместителан – автомобилийн некъийн министран А.Тумхаджиевн декъалдар

Лараме некъан декъан белхахой а, ветеранаш а! Даггара декъалдо шу корматаллин дезачу денца – некъийн бахаман белхахойн денца!

ХIора шарахь эсаран беттан кхоалгIачу кIирандийнахь махкахь базбо шайн дахар беркатечу гIуллакхна – некъаш а, тIайш а дарна дIаделларш.

Нохчийн Республикина некъаш даима а хилла къаьсттина маьIне. Бевзаш болу бохаме хиламаш хиллачул тIаьхьа дахар меттахIоттор вайн республикехь транспортан коммуникацешна тIера дIа ма долийра. Йоццачу хенахь Нохчийчоьнан некъийн бахам юха а юкъаралла хьалхахьа юьгу, вайн экономикина а, социальни декъана а кхиа таро кхуллуш болу «цIерпошт» хилла дIахIоьттина.

Вай дехачу лаккхарчу сихаллин а, керлачу технологийн а бIешеро некъийн декъана хьалха керла декхарш хIиттадо. Царах коьртанаш ду – некъийн дикалла лакхаяккхар, некъаш даима дикачу хьолехь латторан тIегIан тIе довлар, гIишлошъяран керлачу технологех а, лакхара дикалла йолчу (материалех) коьчалех а пайдаэцар.

Нохчийчоьнан некъашдахкархоша буьззинчу барамехь кхочушдо шайна хьалха лаьтташ долу декхарш, шайн берриге а ницкъ а, хаарш а, говзалла а тIейохуьйту республикерчу некъийн дикалла шо шаре даларца тIеттIа тоярна, некъаш бегIийла дарна.

Хьомсара доттагIий! Некъийн бахаман лараме белхахой! ХIокху дезачу дийнахь а баркалла боху шуна аш хIора дийнахь доггаха къахьегарна. Дийнахь а, буьйсанна а шайн корматаллехь хьуьнарш гайтарна, автотранспортана цхьа а новкъарло а йоцуш дIасаяха аьтто барна. Шун къинхьегаман жамIаш дуьххьалдIа хаало бIеннаш эзарнаш адамийн дахарехь а, балхахь а. Цундела Iаламат чIогIа маьIне а ду уьш.

Республикин берриге а некъашдахкархойн а, сайн а цIарах баркаллин дешнаш ала лаьа Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна, Россин Турпалхочунна, Нохчийчоьнан №1 йолчу Сийлахьчу некъашдахкархочунна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанна, цо хаддаза гIолацарна а, тхайн балха тIехь терго латторна а. И бахьана долуш республикехь тешам боллуш некъаш дехкина, уьш тIеттIа толуш а ду. Некъийн бахаман декъехь кхочушъеш ю мехала проекташ.

ХIокху дезачу дийнахь даггара лаьа Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан а, некъийн бахаман берриге а белхахойн а, ветеранийн а ондда могашалла, ирс, маьрша некъаш, синтем хуьлийла, дахар беркате, токхе хуьлийла!

№79, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 19-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: