Нохчийчоь – 1991…

Нохчийчоь,
Хьан тийна урам,
Хьан корехь ца богу чIурам,
Хьан бераш де доьхна хьийзар
Диц ца ло, замано некъ барх.

Нохчийчоь,
Хьан шийла хIусмаш,
Дог кIаддеш ека хьан назмаш,
Бехк-гуьнахь доцуш хьан белларш,
Хьан дуьхьа дахар дIаделларш.

Нохчийчоь,
Хьан боьлху наной,
Ойлане эгна хьан къаной,
Когаш ахь биттира Iаьн тIехь,
Хьан дуьхьа кхелхира кIентий.

Нохчийчоь,
Хьуна тIехь стигал,
Iаржъелла еъна и хийла,
Шийла мох дегIах чекхбуьйлуш,
Хьан бераш идда, къахь муьйлуш.

Нохчийчоь,
Хьан кешнийн керташ.
Уьш юзуш дугIу кхин чарташ,
Чурт доцуш воьллинарг хийла,
Вицвина, каш дайна Iуьллу.

Нохчийчоь,
Хьан къоьжа лаьмнаш,
Дайн хилла и шира бIаьвнаш,
ТIеман хIуо кийра а уьйзуш,
Лаьтта уьш, дIадахнарг дуьйцуш.

Нохчийчоь,
Хьан сийлахь бераш
Ца девлла хьох хьо ца езаш,
Генарчу махкахь, хьох хьоьгуш,
Уьш лела хенах хан тоьгуш.

Нохчийчоь,
Бералла яйна,
Хьан кегий бераш мел хьежна,
ДIайовллалц и Iаьржа мархаш,
Наношка, Iенадеш бIаьрхиш.

Нохчийчоь,
Хьан Соьлжа-ГIала,
Хьан Буммат, хьан Сиржа-Эвла,
Хьан СемаIашка, хьан Шуьйта,
Хьан Шела, хьан Хьалха-Марта.

Нохчийчоь,
Хьоьха дог лезна,
Сил дукха суна хьо езна,
Хьан сийнна хIара илли олу,
ГIазот хьан къобалде Дала!

МУРТАЗОВ Iадлан

№79, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 19-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: