Нохчийн латархой – дуьненаюкъарчу турниран йоьзан совгIатхой

ХIокху деношкахь Хантийн-Мансийн автономин округерчу Нефтеюганск гIалин «Жемчужина Югры» цIе йолчу физически культурин а, спортан а туьшахь дIаяьхьира Россин спортан латаран федерацин сийлахь вице-президент волчу Семенов Владимиран совгIат даккхаран «Кубок Югры» цIе йолу паргIатчу кепехь латарехула йолу юбилейни XV-гIа дуьненаюкъара турнир.

Турнирехь дакъалоцуш вара Россин тайп-тайпанчу регионашкара 132 спортсмен а, иштта, Эрмалойчуьра, Азербайджанера, Беларусера, Германера, Венгрера, Израилера, Казахстанера, ГIиргIизойчуьра, Узбекистанера, Тунисера, кхечу цхьамогIа пачхьалкхашкара спортсменаш а.

Нохчийн Республикера оцу къийсадаларшкахь дакъалоцуш бара республикин цхьаЬнатоьхначу командин а, «Ахмат» латарийн клубан а векалш.

Йоьзан совгIаташ дехира цигахь вайн махкахоша.

Элистахь кхиаме кхечира

ГIалмакхойн Республикин пачхьенехь Элистахь дIаяьхьира ГIалмакхойчоьнан спортан латарийн федерацин президентан Личгоряев Санана лерина паргIатчу кепехь латарехула йолу Дуьненаюкъара турнир.

Къийсадаларшкахь дакъалоцуш вара Россин регионашкара а, Азербайджанера а, Украинера а, Казахстанера а, Хонкарара а, Молдавера а 150 сов спортсмен.

Турнирехь дакъалоцуш хиллачу Нохчийн Республикин цхьаьнатоьхначу командин векалша дика жамIаш гайтира.

Тазбаев Зеламхас диъ латар дIадаьхьира. Царех цхьана латарехь цо эшийра кегийрхошна юкъахь дIаяьхьначу Европехь хьалхеяккхаран турниран толамхо, ГIебартойн-Балкхаройн Республикера Шокумов Ахьмад. Ткъа финалан латарехь, Дагестанан векалца Свелиманов Тимурланца къовсалуш, ийшира иза, дато совгIат а доккхуш.

92 кийлане кхаччалц йолчу йозаллин категорехь финале велира Ибрагимов Iабдул-Бек. Финалехь иза летира Дагестанерчу Биякаев Мохьмадшарифца. Халахеташ делахь а, толам боьгIна ца хиллера Ибрагимовна, сийлаллин пьедесталан шолгIачу тIегIане вала дийзира цуьнан.

Ткъа турниран йоьзан совгIатхой хилира: Хасиев ИбрахIим (57 кийлане кхаччалц), Тулуев ИсмаьIал (61 кийлане кхаччалц), Бадалов Зеламха (79 кийлане кхаччалц), Тагилев Iалихан (92 кийлане кхаччалц).

Ереванера – толамца

Зейтунан кубок яккхаран дзюдохула йолу Дуьненаюкъара турнир дIаяьхьира Эрмалойчоьнан пачхьенехь Ереванехь.

Россера оцу къийсадаларшкахь дакъалоцуш бара Нохчийн Республикерчу Кадыров Турпал-Iелин цIарахчу «Эдельвейс» цIе йолчу дзюдон клубан кхиархой. Турнирехь толамаш бехира вайн масех махкахочо.

«Вайн дзюдоисташа турнирехь кхоъ дашой, цхьаъ датой, шиъ йоьзан мидалш яьхна. Пьедесталан лаккхарчу тIегIане ваьлла Абдулаев Мохьмад а, Тазуркаев Сираьжди а, Эдильгириев Зеламха а. Ас даггара декъалбо уьш цара баьхначу кхиамашца, церан кхидIа а аьтто хуьлийла а лаьа суна! Ас баркалла боху сайн вешина, Къилбаседа Кавказан федеральни округан дзюдон федерацин президентана, «Эдельвейс» дзюдон клубан президентана Эдильгириев Амруддина спортсменаш кечбарна», – яздина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана ВКонтакте социалан сетерчу шен агIонехь.

Хаамаш кечбинарг — I.ТЕРЛОЕВ

№79, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 19-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: