Нохчийн Пачхьалкхан хьехархойн университетехь схьайиллинчу неIарийн де дIадаьхьира, цуьнца цхьаьна дIайолийра Ерригроссин Iилманан фестиваль а. Цигахь дакъалоцуш вара университетан ректор Халадов Хож-Ахьмад, Iилманан а, дуьненаюкъарчу а гIуллакхашкахула волу проректор Ажиев Ахьмад, иштта хьехархой а, студенташ а, абитуриенташ а.
– Нохчийн Пачхьалкхан хьехархойн университет Россин тоьллачу вузийн могIарехь ю. Кхузахь доьшуш Россин дукхах йолчу регионашкара хилла а ца Iаш, кхечу пачхьалкхашкара а студенташ бу. Кхузахь дешарна оьшуш долу дерриге а хьелаш а ду, говзалла караерзо аьтто а бу. Нохчийн Республикин школашкарчу лакхарчу классийн дешархошна, абитуриенташна лерина тхан университето хIора а шарахь дIахьо схьайиллинчу неIарийн де. Шун, тхан къона хьеший, таро хир ю хIора а факультетан деканца а, студенташца а къамел дан а, факультетех дерг кхоччуш довза а, – элира ректора Халадов Хож-Ахьмада.
Иштта, цо билгалдаьккхира, М.Ломоносовн цIарахчу Москван Пачхьалкхан Университето 2016-чу шарахь дуьйна Ерригроссин Iилманан фестиваль дIахьош хилар а, хIокху шарахь ша куьйгалла деш йолчу университето оцу фестивалехь дакъалоцуш хилар а.
Университето оцу фестивалана лерина кечъеш йоккха программа ю, хIинцале факультеташкахь Iилманан-практикин белхаш дIаболийна.
Студенташа абитуриенташна дийцира шаьш караерзош йолчу говзаллех лаьцна а, иштта шаьш иза къасторан бахьанаш а. Дика доьшуш а, университетан дахарехь жигара дакъалоцуш хилар а лаккхарчу степендица билгалдоккхуш хилар а хаийтира.
Ерригроссин Iилманан фестивалана леринчу мастерклассашкахь дакъалаца таро хилира абитуриентийн.
Университетах дуккха а керланиг девзинчу цара шайна хьалха Iалашо хIоттийра: ЕГЭ лакхарчу баллашца дIа а елла, кхуза деша бахка.
Нохчийн Пачхьалкхан хьехархойн университетехь дIадаьхьначу схьайиллинчу неIарийн денна а, Ерригроссин Iилманан фестивалана а лерина шаьш кечйина концертан программа гайтира студенташа.
ВЕГИЕВА Макка
№79, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 19-гIа де, 2018 шо