Нохчийчохь дIаяьхьира дзюдохула йолу Россин чемпионат

Соьлжа-ГIаларчу Ахтаев Увайсан цIарахчу Спортан цIийнехь дIаяьхьира божаршна а, мехкаршна а юкъахь дзюдохула йолу Россин чемпионат. Цигахь дакъалоцуш вара Россин тайп-тайпанчу регионашкара 500 сов тоьлла дзюдоист.

Даздаран хьолехь чемпионат схьайоьллучохь хилира Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Мероприятехь, иштта, дакъалоцуш вара «Россия» ВГТРК-н коьрта директор Кондрашов Андрей а, Нохчийн Республикин Правительствон председатель Хучиев Муслим а, кхиберш а.

Къийсадаларийн хьалхарчу дийнахь кхузахь къовсабелира 60 а, 66 а кийлане кхаччалц йолчу йозаллин категорешкахь божарий а, 70 а, 78 а кийлане кхаччалц а, цул лакхара а йолчу йозаллин категорешкахь мехкарий а.

Къийсадаларийн шолгIачу дийнахь къаьстира толамхой а, совгIатхой а. Къийсадаларийн божарийн декъехь къовсалуш бара 73 кийлане а, 81 кийлане а кхаччалц йолчу йозаллин категорийн векалш. Россин чемпионаш хилира «Эдельвейс» цIе йолчу дзюдон клубан кхиархой Эдиев Леча а (73 кийлане кхаччалц), Азизов Iаббаз а (81 кийлане кхаччалц).

Кхин шина нохчийн спортсмена 5-гIа меттигаш ехира: Мусаев Шемал (81 кийлане кхаччалц), Межидов Муслим (73 кийлане кхаччалц). Уьш а Россин цхьаьнатоьхначу командина юкъабахана.

Чемпионатан къийсадаларийн кхоалгIачу дийнахь къовсабелира 90 а, 100 а, цул лакхара а кийлане кхаччалц йолчу йозаллин категорешкахь божарий а, 48 а, 52 а кийлане кхаччалц йолчу йозаллин категорешкахь мехкарий а.

Къийсадаларийн жамIашца билгалбевлира совгIатхой. Дашо мидалш ехира Москва гIалин командо, дети Сибиран федеральни округан векалша дIадаьхьира, ткъа йоьзан совгIаташ Уралан а, Приволжски а федеральни округашкарчу спортсменашна кхечира.

I.МУРТАЗОВ

№79, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 19-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: