Цхьана дийнахь Нохчийчоьнан а, Урдунан а байракхийн ул-уллехь сурт дуьллуш вара со. Цу хенахь сан да чувелира, карахь цхьа гIутакх долуш. Оцу гIутакха чохь хIун ю хаа лууш, сакIамделлера сан.
«Марша вогIийла, дада», – аьлла, дуьхьал вахана, гIутакхе хьоьжура со.
ТIехь нохчийн бустамаш долуш, дукха хаза кечдина дара гIутакх. Нохчийн бустамаш гарца хиира суна иза сан дайн махкара дуйла. Дадас дивана тIе а хиъна, со шен кара а хаийна, гIутакх схьадаьстира.

Тамашийна хаза, лекха бIов яра гIутакха чохь. БIаьвнан лард шуьйра яра, лакха мел йолу гатлуш. БIаьвнан кораш а дара готта, амма деха-лекха дара.
Дадас элира: «КIант, хIара бIов вайн культурах цхьа дакъа ду. Вайн дай мостагIашна дуьхьало ян цу бIаьвнаш чохь чIагIлуш хилла».
ЧIогIа хазахетарца и бIов кара а эцна, хьешацIа чохь баьрчче хIоттийра ас. Дукха Iийра со вогIавелла цуьнга хьоьжуш. Ма чIогIа лаьара баккъал а йолу бIов ган. Нанас делкъе ян кхайкхира со. Нохчийн галнаш йинера нанас. Мел чоме хеташ йиира. Массо хIума вайниг дара цу дийнахь. Цу тIе, дадас хаам бира Нохчийчуьра товар дохьуш, Урдуне цхьа ковр кхаьчна хиларх. Нене дийхира ас, цига дахийта аьлла.
Дукха хан ялале цигахь дара тхо. Нохчийчуьра моз а, ангалин пхьегIаш а, дечигах йина тайнигаш а яра цара юхкуш. Сихъелла нана яра цхьацца хIума оьцуш. Со-м, сайн нохчашна юккъехула уьдуш лелла кIадвелла, цхьана тIулга тIе охьахиира. Хиъна Iаш, суна тIе цхьа нохчийн йоккха стаг еара. Йоьлуш соьга хьаьжна, салам делира йоккхачу стага. Со Урдунера нохчи вуйла хиъча, со мара а воьллина, соьга шена тIаьхьа вола аьлла, дIайолаелира.
Цхьана йоккхачу яьшки чуьра схьа а эцна, холхазан куй арабаьккхина, цунах хьожа а йоккхуш, элира цо: «ХIара куй Кавказан лаьмнашкахь Iаш хиллачу вайн майрачу дайн синошца буцуш бина бу хьуна».
Йоккхачу стеган къамело Iадийнера со. Синан лаамо оцу куйна тIеийзавора. КхидIа къамел дира цо: «ХIахI, кIант, дIаэца хIара куй. Хьайн Даймахкана сахьаьвзича, коьрта туьллур ахь хIара».
Йоккхачу стагана баркалла а аьлла, сайна караеана совгIат марахь а долуш, ведда дада волчу вахара со. ЦIа кхаьчча, бIаьвнна хьалха хIоьттича, дегIе тамашийна зуз деара суна. БIаьргаш хьаббина нохчийн куй тиллира ас. БIагор богIуш санна хетара. Вайн маттахь нах бистхуьлуш санна аьзнаш хезира, охьаоьхучу шовданийн гIовгIа а, мохехь лестачу диттийн гIар а.
Ши бIаьрг биллича, кхечу заманахь, бIов йолуш, ширачу нохчийн юьртахь самаваьлча санна гIаларташ хIиттира. Сан хенара бераш дара суна гонах дечигех дина тарраш а, мизаркъаш а ловзош. Бераша соьга хаьттира: «Хьо мила ву?», – аьлла.
«Со некъах тиллавелла кхаьчна ву кхуза», – аьлла, жоп делира ас царна.
«Далла бу хастам ас сайн ненан мотт биц ца бина. Нохчийн мотт бицбелла хиллехьара, берашна жоп муха лур дара», – ойла еара коьрте.
«Марша вогIийла», – аьлла, бераша со цхьана доккхачу кевнах воккхуш, цхьана уьйтIа вигира.
Цигахула дечиган лами тIехула хьала а девлла, хIоргах (кухня) тера йолчу цхьана чу кхечира тхо. Цу чохь дуккха а мерза яахIуманаш яра. Цхьана йоккхачу стага, хазахетарца тIе а оьцуш, хьалха кхача хIоттийра суна.
ЯахIума йиъна ваьлча, садаIа кхин цхьа гIатт хьалавигира со. Лакха чохь диъ кор дара. ЧIогIа хаза хIаваъ дара корашкахула чу хьоькхуш. Суна-м суо, тIомаваьлла, стигалахула лелаш ву мотталора. Корехула арахьаьжча, малхехь цхьа хIума къегира. Там бара уьш тIегIерташ мостагIий хила аьлла, ойла а ца еш, мохь биттира ас. Бераш сихонца бIов чу хьаьвдира. Цхьа жима бер арахь дисинера. МостагIий герга кхочуш бара.
МостагIех цхьаъ берана мизаркъ тоха кечлушшехь, корах кхозу шаьлта схьаэцна, сайн ницкъ ма-кхоччу мостагIчунна ластийра ас. Цхьа дика, иза коьртах кхетта, мостагI вуьйжира.
Бер дедда, кIелхьарадаьлла, шен ненан мара дахара. БIов чуьрачара хи санна пхерчий тIехийцира мостагIашна. Цхьаберш белла, ца белларш бевдда, толам вайн бара. Ас кIелхьараваьккхинчу жимачу кIанта совгIатана дечиган тур делира суна.
Дехьа чуьра схьа сайга кхойкхуш сайн ненан аз хезна, сан сема гIан хедира. Нанна вела а къежна, сайн куй а, дечиган тур а охьадуьллушшехь, дада чоьхьа велира. Даде элира ас: «ХIара тур вайн дайша дина ду. ХIокху бIаьвнна юххе дилла деза хIара».
Вела а велла, сан коьртах барт а боккхуш, элира дадас: «Дика хета суна хьан ойланаш Даймахках хоттаелла».
Яздинарг: Шишани Маймуна, Мохьмад Бавдин
Гочдинарг: Бакир Iабдул-Хьамийд
Маймуна яздархо ю. Урдунерчу яздархойн юкъараллин декъашхо ю. Берийн туьйранаш яздо цо. Зорбане даьлла «Берзан бIаьрхиш» цIе йолу баккхийчеран туьйра а ду цуьнан.
№79, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 19-гIа де, 2018 шо