ДIадаханчу пIераскан дийнахь Нохчийчоьнан Куьйгалхо Кадыров Рамзан гIалгIайн Сурхахи юьртахь хилира. Оцу юьртахь вехачу Нальгиев МухIажиран хIусаме вахара иза уггаре а хьалха.
Шен юьртахь вевзаш а, лоруш а къано волу Нальгиев МухIажир, мелла а хьалха Магасехь шина кIиранах лаьттинчу митингехь, Кадыров Рамзанан хьокъехь гIиллакхе а, лараме а доцу къамел дина хиларца гIараваьлла вара социальни сеташкахь.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо, оцу воккхачу стеган хенаца боьзначу ларамца, и волчу юьрта, цуьнан хIусаме ша дIа а вахана, шен хьокъехь цо динчу лараме доцчу къамелан бух а, бахьана а довзийтар дийхира.
«Погоров Ахьмадан а, и санна болчу питанчийн а, хьадалчийн а хьокъехь ас дина къамел гIалгIайн халкъана дуьхьал дина къамел лерина хилла МухIажира. Ас билгалдаьккхира гIалгIайн халкъан хьокъехь я айса а, я кхечуьнга а ас вон, харц хIума дийцина а, дийцийтина а цахилар. Билгалдаьккхира сайн къамелехь ас бийцина болу нах я гIалгIайн халкъана а, я гIалгIайн латтанна а саготта боцуш, Iедале кхачаран некъаш а лоьхуш, оцу Iалашонца гIалгIайн кегийрхой а Iехабеш, буьйлабелла лелаш болу питанчаш а, хьадалчаш а хилар», – билгалдаьккхира Кадыров Рамзана.
МухIажира билгалдаьккхина ша волчу хIусаме Нохчийчоьнан Куьйгалхо Кадыров Рамзан вуьззина къонах санна веана а, шеца боккхачу ларамца къамел дина а хилар, иштта, шена къинтIера валар дехна а хилар.
«АллахIан дуьхьа со къинтIера велира МухIажирна. Со бусалба стаг хиларе терра, цуьнан даг чохь сайца йоьзна оьгIазло елахь, сайна къинтIера валар ас а дийхира», – хаийтира республикин Куьйгалхочо.
Цул тIаьхьа Кадыров Рамзан Сурхахи юьртарчу маьждигехь а хилира.
«Цхьаберш со хIунда веана хаа лууш а, кхиберш дозанан хьокъехь болчу бартаца боьзна тIаьххьарлера хаамаш бовза а гулбеллера маьждига чу. Нохчашца а, гIалгIашца а догIуш махиллара нисделира тхан къамел», – тIетоьхна цо.
Кадыров Рамзана юха а билгалдаьккхира Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъахь къастийна долу доза Россин шина субъектана юкъара доза хилар а, гIалгIашна а, нохчашна а юкъахь цкъа а дозанаш хирг цахилар а.
И.ИСЛАМОВ
№80, шинара, эсаран (октябрь) беттан 23-гIа де, 2018 шо