Масех де хьалха Соьлжа-ГIаларчу «Вайнах» концертан залехь дIадаьхьира М.Эсамбаевн цIарахчу Дуьненаюкъарчу Х-чу фестивальконкурсан жамIашдарна лерина цхьаьнакхетар. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан.
ХIокху шарахь конкурсехь дакъалоцуш вара дуьненан 12 пачхьалкхера а, Россин 27 регионера а 130 стаг. Фестиваль-конкурсан толаман меттигаш кхаа номинаце екъна яра: «Сольни хелхар», «Шиннан хелхар», «Тобанан хелхар».
Конкурсан дакъалацархойн хелхарийн мах хадош бара Россера а, дозанал арахьара а искусствон хьакъболу гIуллакххой, халкъан артисташ, хореографаш. Жюрина коьртехь яра Россин а, Нохчийн Республикин а искусствон хьакъйолу гIуллакххо Уральская Валерия.
Конкурсан дакъалацархоша шайн говзалла гайтира. Цара дина хIора а хелхар шатайпа хаза дара. Жюрис билгалбехира толамхой: «Сольни хелхар» номинацехь – хьалхара меттиг яьккхира – Хайгулина Миляушас
(Башкортостан); «Шиннан хелхар» номинацехь Кобелевич Антона а, Степана а; «Тобанан хелхар» номинацехь Серков Александра, Петак Антона, Бабич Дмитрийс (Омскан область).
Дуьненаюкъарчу фестиваль-конкурсан Гран-При елира Нохчийн Республикин векалшна Шахбиев Iелина а, Шамсадова Седина а. Иза дIаяла сцени тIе кхайкхира республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Конкурсан толамхой а, иза вовшахтоьхнарш а декъалбира цо.
Р.Кадыровс билгалдаьккхира нохчийн халкъо М.Эсамбаевн кхоллараллех дозалла деш хилар а, цуьнан репертуарехь дуьненахь долчу дуккха а халкъийн хелхарш хилла хилар а.
«Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас олуш дара, муьлххачу а халкъан бакъйолу синмехаллаш цуьнан культуро гойту, олий. Ткъа тахана аш иза шайн хелхаршца тIечIагIдина», – дерзийра шен къамел Р.Кадыровс.
Хьешийн таро хилира Соьлжа-ГIаларчу М.Эсамбаевн цIарахчу бульварехула бIаьргтухуш, буьйлабала.
З.САГАЕВА
№80, шинара, эсаран (октябрь) беттан 23-гIа де, 2018 шо