Нохчийн Республикин Яздархойн союзехь цхьаьнакхийтира «Синмаршо» цIе йолчу къоначу яздархойн цхьаьнакхетараллин декъашхой. Царна юкъахь бара къона поэташ Хабаев ИсмаьIал а, Халикова Асет а, Исраилова Луиза а, Виситаева Тумани а, Ахмадова Хеда а, хIокху статьян автор а, кхиберш а. Иштта оцу цхьаьнакхетаре баьхкинера хIинцца яздан буьйлалуш болу поэташ а.
Хабаев ИсмаьIала гулбеллачарна мастер-классан кепехь йовзийтира байт кхолларан бакъенаш, кепаш, иштта, дийцира нохчийн литературах лаьцна. Цо дийцарехь, поэзехь коьртаниг – иза васт ду, цо ешархочунна тIеIаткъам бо.
– Яздан волалуш волчу поэта къахьега а деза, шен мотт кхио а беза. Къаьсттина вайн халкъан фольклорах пайдаэца беза. Iаьрбийн поэзи, масала, церан халкъан барта кхоллараллин буха тIехь кхиъна ю. Нохчийн а, кхечу халкъийн а говзарш еша еза вай. Ас даима а боьшуш хилла поэташ бу Есенин а, Бродский а, Пабло Неруда а, Поль Элюар а, Борхес а, Лорка а. Ша поэт хила дагахь велахь, къахьега а деза, дуьненан литература йовза а еза, ткъа иштта ца хилча, дерриге а эрна хуьлу аьлла хета суна, – элира Хабаев ИсмаьIала.
Цо динчу къамелана тIе а тевжина, фольклорехь нохчийн зудчун васт хIотторах лаьцна къамел дира поэтессас Исраилова Луизас.
Оцу темина (Фольклорехь – нохчийн зудчун васт) Iилманан болх язбан дагахь ю иза. Поэта Хабаев ИсмаьIала а, кхечара а шайн байташ йийшира царех шайна хетарг а элира цара.
Нохчийн Республикин Яздархойн союзехь «Синмаршо» цIе йолу къоначу яздархойн цхьаьнакхетаралла кхоьллина масех шо бен дац.
Поэтессин Халикова Асетан дIадолорца вовшахтоьхна ю иза. Къоначу поэташна а, яздархошна а кхиа а, вовшахкхета а, вовшашна шайн говзарш йовзийта а шатайпа мехала майда ю ала мегар ду и. Цу юкъабогIу бевзаш болу, хилла бевла болу, поэзехь а, прозехь а шайн хьалхара гIулчаш йохуш болу а, хIинцца яздан буьйлалуш болу а къона яздархой Халикова Асет, Хабаев ИсмаьIал, Тапалаева Аминат, Даудов Гилани, Малакова Хеда, Банжаев Аьрзу, Хизриев Адам, Умарова Асет, Халимова Фаиза, Матагов Ихьсан, Мурадов Iела, Виситаева Тумани, Исраилова Луиза, Минцаев Iаьлви, Ахмадова Хеда, кхиберш.
Цара вовшашна цахуург а хьоьху, кегийнаш тIе а кхиабо, нохчийн мотт бовзуьйту, ларбо, иштта сих-сиха Яздархойн союзехь а, А.Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекехь а цхьаьнакхетарш а, мастер-классаш а дIа а хьо. Иштта, кхин ши кIира даьлча, юха а цхьаьнакхета сацам хилла «Синмаршо» цIе йолчу цхьаьнакхетараллин декъашхойн.
I.АДЛАНОВ
№80, шинара, эсаран (октябрь) беттан 23-гIа де, 2018 шо