Вайн пачхьенан урамийн цIерш

0_7b3ba_a30537_XXL

Соьлжа-ГIалин урамашна техкинчу керлачу цIершна юккъехь ю  вайна  евзаш йолу дуккха а цIерш. Уьш бу нохчийн гIарабевлла политикаш, Iилманчаш, юкъараллин, культурин, динан  векалш.  Советийн Iедал долуш наггахь бен ца нислора урамашна техкинчу цIершна юккъехь вайнехан цIерш.  Тахана цу декъехь дуккха а хIума хийцаделла. ГIалийн а, яртийн а урамашна техкина керла цIерш го вайна.  Оцу мехалчу гIуллакхо кегийрхошна  бовзуьйту халкъан турпалхой.   Тахана оха Соьлжа-ГIаларчу  урамашна техкина  цхьайолу цIерш карлайохур ю. Вайн дукхахболчу бахархошна дагайогIу хир ю Революцин цIарах хилла проспект. Тахана иза Эсамбаев Махьмудан цIарах ю. Дуьненна а гIараваьллачу хелхарчин Советийн Союзан хьакъ волчу   артистан Эсамбаевн цIе ца евзаш цхьа а хир вац. Ерриге а  пачхьалкхашкахь  вевзаш вара иза тоьлла хелхарча санна. Тайп-тайпанчу халкъийн хелхарш дора цо. Москварчу операн а, балетан а театрехь болх а бира цо. ТIекхуьучу тIаьхьенна цуьнан кхолларалла шуьйра йовзийтар, вайна тIехь ду. Эсамбаевн цIарах йолчу  проспектах хьалха Революцин проспект  олуш хилла  хилар хьахийра  вай.

Революци хилале хьалха проспект Дундуковскийн (цу хенахь хиллачу элан кIентан Александран) цIарах хилла. Иза Къилбаседакавказан тIеман округан командующи хилла,  Цу урамехь тайп-тайпана хиламаш хуьлуш хилла революцица боьзна. Цигахь цхьаьнабетталуш хилла  Шерипов Асламбек, вежарий Николай, Александр НосовгIар, Гикало Николай а, кхиберш а.  1917-чу шарахь  февралехьлера  буржуазно-демократически революци чекхъяьллачул тIаьхьа, большевикаша  Дундуковскийн урамерчу махлелоран гIишло чохь РСДРП-н  Соьлжа-Г1алин комитет кхоьллина.  Цуьнан хьалхарчу гIат тIехь «Франция», аьлла хьешийн цIа хилла. Цу чохь схьайиллина  «Печатник»  типографи. Тайп-тайпана листовкаш а, революцин брошюраш  арахецна цу чохь. 1917-чу шарахь типографехь арахеца долийра «Товарищ»   газет. Цу тIера доладелла дара  «Грозненски рабочий»   газет.

Дика дагайогIу баккхийчарна Соьлжа-ГIали юккъехь  «Бароновка» олуш хилла  меттиг. Тахана цу урамна кхин цIе тиллина. Эвлаяан Кишиев Кунта-Хьаьжин ненан Хедин цIе лелош бу и урам. Урамах  хьалха Бароновка олуш хилла.  1917-чу шеран революци хилале хьалха. Соьлжахин аьтто агIор болчу берда тIехь кхоьллина хилла кибарчигаш ечу заводан белхалой бехаш йолу поселок. Хьалха  Баронан Штейнгель Рудольфан, цул тIаьхьа кIентан  долахь хилла  и завод. Дас а, кIанта чIогIа ницкъ беш хилла белхалошна. Iер-дахаран хьелаш тIех ледара хилла церан. Революци хиллачул тIаьхьа. Советан Iедало схьабехира цаьргара бахамаш. Революци йоккхуш дакъа лаьцначу большевикийн сийнна  цунна «Красная слободка» аьлла, цIе а тиллира.

Тахана «Бароновка» хиллачу меттигах Хьаьжин эвла олу. Цигахь вовшах хиттаделла  Кишин Кунта-Хьаьжин, Кишин Хедин, Кишин Матин, Кишин Эсетан, Кишин Хьаптин цIарах долу урамаш. Исбаьхьа сибат ду цу урамийн. Кхузаманан архитектурица йинчу гIишлоша кхин а къагийна уьш.

Соьлжа-ГIаларчу Первомайски  урамна а тиллина керла цIе. Нохчийн гIараваьллачу юкъараллин а, динан а векалан Митаев Iелин цIарах бу иза хIинца. Шейх Митаев Iела вина 1881-чу шарахь Эвтарахь. 1912-чу шарахь шен юьртахь цо схьайиллина  хьуьжар а, оьрсийн школа а. Цигахь Iамош хилла оьрсийн, Iарбийн меттанаш, математика, зоологи, географи, истори. Хьуьжарехь хьоьхуш хилла теологи, ораторин искусство, логика. Хьехархошна алапа шен кисанара луш хилла Iелас.

Революци хилале хьалха и урам Александровская цIе лелош хилла (паччахьан кIентан Александр шолгIачун цIарах). 1850-чу шарахь Грозный гIап йолчу веана а хилла иза. Революци хиллачул тIаьхьа, цу урамехь дIахьо къинхьегамхойн демонстраци. 1920-чу шарахь Александровски цIе дIа а йоккхий, Первомайски цIе туьллу  урамна. Урамна Митаев 1елин  цIе  тиллина 2010-чу шарахь.

Б.ДУДАЕВА

Авторан сурт

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: