20-25 шо хьалха вайн махкахь хилла бохаме хиламаш бахьанехь, могашаллаIалашъяран а, дешаран а дакъош (кхидерш а санна) хIинца а хьакъ ма-дду кхиаза ду Нохчийн Республикехь. Оцу бахьанца, хала цамгарш йолчу нехан республикин дозанал арахьа дарба леха дезаш хуьлу. Ткъа иза, вайна ма-хаъара, харж хуьлуш гIуллакх ду.
Нохчийчоьнан дозанал арахьа (Россин тайп-тайпанчу регионашкахь) а, кхечу мехкашкахь а болчу вайн говзанчаша кхоьллина «ВайнахЛор» лоьрийн юкъаралла ю. Церан интернет чохь шайн сайт а ю (vaynahlor.com), WhatsApp чохь тоба а ю. Оцу лоьраша шаьш бол-болчу меттигашкахь дарба оьшуш болу вайн махкахой тIе а оьцу, царна маьхза гIо а до. Цу юкъахь бу тайп-тайпана говзаллаш йолу лоьраш: хирург, терапевт, уролог, кардиолог, нейрохирург, иштта дIа кхин а. Царах цхьаъ ю Челябинскан областан № 1
йолчу клиникин больницехь болх беш йолу къона лор Адамова Асят.

Челябинскехь йина а, кхиъна а ю Асят. Циггахь кхиамца чекхъяьккхина цо гимнази а, медицинин университет а. Университетехь дешна яьллачул тIаьхьа, ша хIинца болх бечу больницехь терапин декъехула интернатура а чекхъяьккхина.
Цунах тоам ца беш, пульмонологин а, могашаллаIалашъяр вовшахтохаран а дакъошкахула сертификацин циклаш а чекхъяьхна къоначу лоьро. Кху шарахь аспирантурехь дешна а яьлла, «Больницехь а воцуш пехийн халачу цамгаран прогнозировани яр а, цуьнан клинико-патогенетикин башхаллаш а» («Клинико-патогенетические особенности и прогнозирование при тяжелой внебольничной пневмонии») темина язйина йолу Iилманан диссертаци чIагI а йина, медицинин Iилманийн кандидат хилла 27 шо бен доцчу Адамова Асятах. Карарчу хенахь кардиологин декъехула сертификацин цикл чекхйоккхуш ю иза.
Цо гойту йоI шен хаарех тоам бина Iаш цахилар, иза гуттар а лехамехь, шен хаарш тIедузуш, керланиг довза гIерташ, шен говзаллехь кхуьуш, Iилмане кхийдаш хилар. Асятана жимачохь дуьйна хаьара ша лор хир юйла. Аьлча а, хила лаьара.
Хила а хилира цунах лор. Жимачохь шен массо тайнигна «дарба дора» йоIа. Школехь доьшуш йолуш, 4-чу классехь дуьйна, санитар яра иза. Гуттар а шеца жима кIайн тIоьрмиг лелабора цо, чохь тайп-тайпана молханаш а долуш. ХIора дийнахь шен тIоьрмиг чохь мел оьшург ю-яц хьожуш, сагатдора цо. Цунна жима хIума ца хетара ша классехь санитар хилар, леррина кхочушдора шена тIедехкина декхарш. Лор бен, кхин говзанча шех хила йиш ю бохург дага а ца догIура йоIана хIетахь дуьйна.
Шен 16 шо долуш школа чекхъяьккхира А.Адамовас, цул тIаьхьа, цхьа а шеко а йоцуш, меттигерчу медицинин университете кехаташ чуделира, дарбадаран факультете. Хьалха чекхбевллачарна юкъахь яра Асят.
Университетехь доьшуш йолуш шахматийн кружоке дIаязъеллера йоI. Шайн вузехь шозза совгIатан меттиг яьккхира цо. Иштта дешарехь а хуьлура цуьнан кхиамаш.
5-чу курсехь доьшучу хенахь тайп-тайпанчу говзаллашкахула дIасабекъабелира студенташ. Дукхахберш шаьш билгалбевллера, говзалла шега ца харжалучунна деканато а, тайп-тайпанчу больницийн коьртачу лоьрех вовшахтоьхначу лерринчу комиссис а гIо дора, шайн-шайн дарбанан учрежденешкахь муьлха лоьраш оьшуш бу а дуьйцуш, оцу декъехь студентийн говзалла лакхаяккхар больницин чоьтах хилийтар тIе а лоцуш.
Доцца аьлча, студенташ терго йоцуш ца буьтура. Эххар а, 6-гIа курс чекхйолучу хенахь тIаьххьара дIасабекъа болийра уьш. Пачхьалкхан экзаменаш дIа а елла, хIора а ша-ша хаьржинчу некъахула дIасавахара. Асята терапин декъехула интернатура хаьржира. Шарахь интернатурехь дешначул тIаьхьа, эхашарахь гергга пульмонологан говзалла караерзийра цо (лакхахь билгалдаьккхина ма-хиллара). ХIетахь дуьйна ю иза Челябинскан областан № 1 йолчу больницехь терапевтанпульмонологан болх беш.

«Лоьран говзалло хIун ло хьуна, лоьрехь хьуна коьрта хетарг хIун ду?», – аьлла, шега хаьттича, иштта жоп ло Адамова Асята: «Сан говзалло суна кхечу нехан дахар кIорггера довзуьйту. Даима а синна кхача хуьлуьйту. Сайн аьттонех тоам бан Iамайо. Цу кепара, гуттар а кхиа гIерта со, тайп-тайпанчу конференцешкахь, конгрессашкахь, симпозиумашкахь дакъалоцу. И дерриге а хIума дикачу ойланашца до. Дархочунна юьхьа тIехь велавалар долу лор оьшийла хууш хила веза муьлхха говзанча, шен кIадвалар гайта ца деза. Лоьран говзалло дахаран дукхахйолу хан йойъу. Статистико гайтарехь, шайн хенах 85 процент гергга балха тIехь йоккху лоьраша. Иза дан а ду иштта. Цкъацкъа Iуьйранна балха вогIу, шолгIачу дийнан суьйранна бен цIа гIойла а ца хуьлу. Доцца аьлча, дуьнен чу воггIушехь ца хилча хьох лор хилалур вац. Лоьралла сица хила дезаш ду. Иза иштта дацахь, хьох дика лор а хилалур вац, хьоьга хьайн дахар медициница а, дархошца а дозалур дац».
Цу тIехь иза бакъ а ю, Дала корматалла елчий бен хуьлийла дац бакъволу лор. ТIаккхий бен цуьнга хьанал къа а хьегалур дац, нахана дарба а далур дац.
Асята чIогIа леррина бо шен болх, дийнахь дерриге а гIуллакхаш чекхдевлла, суьйранна цIаяха йиш хилча доккха хIума а хеташ. Юха, буьйсанна кхо сахьт даьлча сама а йолий, балха тIе телефон туху. Ша дерриге а нийса дIаяздиний, хIораннан а мала деза молханаш билгалдаьхний хьожий, тIаккха паргIат а йолий, дIаюьжу. Нанас тIаккха дов до цунна: «ЙоI, хьераер ю хьо, хIунда етта ахь цаьрга Iуьйкъанна телефон?», – олий. Амма Асят ца Iало буьйсанна балха тIе телефон а тоьхна, дерриге а дика дуй ца хьаьжча. Цунна иштта паргIат хуьлу. Иштта саготта хила а веза хIора а лор шен балхана.
Цамгарна дарба лоьхуш Челябинскан областе кхаьчначу вайнехан къомах волчу муьлххачу а стагана маьхза гIо-накъосталла до цо (вайна ма-хаъара, нохчий боцуш меттиг яц). Ша болх бечу больницехь тIелоцу цо вайнехан дархой. Тайп-тайпана цамгарш йолу нах кхочу цунна тIе, цхьаболчеран лазарш дукха генадевлла а хуьлу. Делахь а, балха тIехь хуьлучу халонашка хьаьжна доцуш, цхьа а стаг дарба доцуш ца вуьту цо. Ишттачу меттехь, цо маьхза дарба деш хилар хааделча, больницин куьйгалло хотту: «Юха а шуьнаш бу?». «ХIун дер ткъа? Тхайчарна гIо ца дойла ма дац», – олий, жоп ло Асята хIоразза.
Вайнехан цхьана стагана гIо дахь, церан (больницин куьйгаллехь болчеран) итт стагана гIо дан дезаш а нисло. Иштта, А.Адамовас санна, «ВайнахЛор» юкъараллерчу кхиболчу лоьраша а до махкахошна маьхза дарба. Нохчийн яхь ю, хIуъа дийцича а. Цундела, шаьш долийнарг чекхдаккха а, шайн махкахошна гIо дан а лаьа вайчарна гуттар а. Республикин дозанал арахьа дарба леха дезачунна доккха хIума ду иштта вайн къоман векалш цигарчу больницашкахь хилар, цара шайн махкахойн терго яр, гIо-накъосталла дар.
«Кхузахь дукха бацахь а, Россин кхечу регионашкахь, гIаланашкахь а бу вайн къомах болу дуккха а лоьраш. ЦIа дахка ца лууш ца Iа тхо, тхаьш долийнарг чекхдаккха гIерта, мелла а говза болх бан Iама а лаьа, хIунда аьлча, вайн цIахь могашаллаIалашъяр хIинца а дикка кхиъна дац», – боху А.Адамовас.
Карарчу хенахь ша долийна дешар чекх а даьккхина гIуран (декабрь) беттан 22-чу дийнахь ер йолуш ю иза кардиологан говзалла караерзийна), Нохчийчохь болх бан цIа ян дагахь ю Асят. Цо дийцарехь, Нохчийчохь йина яцахь а, цуьнан са даима Даймахкахь лаьттина. Челябинскехь Iаш мел бу а, гуттар а «цIа даха деза» бохучу ойланца Iийна церан доьзал. ЦIера Жимачу АтагIара бу уьш. Асятан да милицин тIаьхьалонан подполковник ву. Воккхах волу ваша меттигерчу прокуратурехь болх беш ву. Жимахверг кху шарахь МВД-н университет чекхйоккхуш ву. Ткъа нана нохчийн меттан а, литературин а хьехархо хилла.
Нохчийчуьра дIадахар бахьанехь и болх бита дезнехь а, шен доьзална дикка ненан мотт Iамийна цо. ЧIогIа хазахета Челябинскехь йина а, кхиъна а йолчу Асята цIенна нохчийн мотт бийцар.
Асята тхоьца хиллачу къамелехь хьахийна ма-хиллара, вайн цIахь цомгаш нах дуккха а бу. Вайн нах шаьш-шайна чIогIа Iаткъаме бу. Ткъа Iаткъаме хилар нервашца доьзна ду. Нерваш дика ца хилахь, дуккха а цамгарш гучуйийла юьйлало. Нахана цунах кхета ца лаахь а, дукхах йолу цамгарш нервашца йоьзна ю. Цундела хуьлу вайн цхьа стаг масех цамгар йолуш.
Делахь-хIета, лоьрашна бан болх Нохчийчохь шортта бу, лоьраш вайна оьшуш бу, Адамова Асят санна говза лоьраш муххале а. Вай тешна ду иза санна болчара Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяр кхиориг а, лаккхарчу тIегIане йоккхург а хиларх.
А.МУСАЕВА
№80, шинара, эсаран (октябрь) беттан 23-гIа де, 2018 шо