Эсаран (октябрь) беттан 20-чу дийнахь Нохчийн Республико тIеийцира 2019-чу шарахь Красноярск гIалахь дIахьур йолчу XXIX-чу Дерригдуьненан Iаьнан универсиадин цIе.
Цул хьалхарчу дийнахь цIеран эстафетица доьзна Соьлжа-ГIаларчу «Грозный-Сити» хьешацIийнан конференц-залехь республикин шуьйрачу хаамийн гIирсашца прессконференци дIаяьхьира Нохчийн Республикин физически культурин а, спортан а министра Ханариков Мусас а, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан ректора Халадов Хож-Ахьмада а, Дерригдуьненан Iаьнан универсиадин кхочушдаран дирекцин коьртачу директора Алексеева Стеллас а.

Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь культурин программа дIаяьхьначул тIаьхьа цIеран хаьштиг дIаделира Красноярскан крайн спортан министре Алексеев Сергейга. Цо, хаьштиг лата а дина, дIайолийра эстафета.
Соьлжа-ГIалин урамашкахула цIе дIаяьхьира 25 хаьштиглелорхочо. Царна юкъахь вара Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волу министр Ибрагимов Iийса, каратэтула дуьненан чемпион Курбанов Леча, универсальни латарехула дуьненан чемпион Эдилов IабдулКерим, кик-джитсехула воьазза дуьненан чемпион а, универсальни каратэхула шозза дуьненан чемпион а Бибулатов Мохьмад, дзюдохула Европин чемпион Яшуев Ислам, тхэквондохула дIадаьхьначу Сурдлимпийски ловзарийн дато совгIатхо Латипов Казбек, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан ректор Халадов Хож-Ахьмад, Нохчийн пачхьалкхан филармонин солист, ерригроссин музыкин «Керла седа» конкурсан толамхо Байкаев Мурад, Росгвардин эскаран декъан физически кечамбаран а, спортан а отделан хьаькам Гаруев Беслан, кхиберш.
Хаьштиглелорхой бевдира Соьлжа-ГIалин евзаш йолчу меттигашна уллехула: «Нохчийчоьнан дог» маьждиг, Архангел Михаилан килс, Нурадилов Ханпашин хIоллам, Зезагийн парк, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу Сийлаллин мемориалан комплекс. Маршрутан йохалла 1 400 метр ю.
Эстафета дIайирзира Кадыров Абубакаран цIарах йолчу майданахь цIеран кад хьалалаторца.
Даздаршкахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Правительствон вице-премьер Магомадов Iабдул, республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун заместитель Байсултанов Идрис, Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат, Красноярски крайн спортан министр Алексеев Сергей, республикин физически культурин а, спортан а министр Ханариков Муса, Дерригдуьненан Iаьнан олимпиадин кхочушдаран дирекцин коьрта директор Алексеева Стелла, Россин Студентийн спортан союзан президент Сейранов Сергей, кхиберш.
Умаров Джамбулата шен къамелехь билгалдаьккхира, Нохчийн Республикин пачхье Соьлжа-ГIала яккхий мероприятеш дIаяхьаран майда хилла дIахIоьттина хилар а, цунна тоьшалла 2019-чу шеран Iаьнан универсиадин цIеран эстафетин мур кхузахь дIабахьар а хилар.
– Вай чIогIа даккхийдедо Красноярск гIалахь дIахьур йолчу Iаьнан универсиадин цIе Соьлжа-ГIалин урамашкахула дIаяхьарх. Иза еккъа кеда чохь латийна цIе хилла ца Iа. И цIе Нохчийн Республикин эзарнаш студентийн а, Россин миллионаш студентийн а дегнаш чохь латийна ю, – элира Д.Умаровс.
Студентийн спортан дезачу денца гулбелларш декъалбира Сейранов Сергейс.
– Со тешна ву хIокху цIеран эстафетин йовхо а, серло а дуккха а шерашкахь вайн дегнашкахь а, иэсехь а лаьттарг хиларх. Шаьш дуьнен чохь дехачу хенахь адамаша кхоьллинчу, Iер-дахаран, гIуллакхийн кепех уггаре а тоьлла кеп спорт ю аьлла хета суна. Ткъа студентийн шераш – муьлххачу а адаман дахарехь уггаре а тоьлла шераш ду, – элира цо.
Иштта, шен рогIехь, вовшахтохархошна а, Соьлжа-ГIалахь цIеран эстафета дIаяхьарехь дакъалаьцначарна а Сибиран бахархойн а, Красноярски крайн куьйгаллин а цIарах баркалла элира Алексеев Сергейс.
Соьлжа-ГIалара Iаьнан универсиадин цIе дIахьур ю Санкт-Петербурге. Цигахь, эсаран (октябрь) беттан 27-чу дийнахь эстафетин рогIера мур дIахьур бу. Студенийн ловзарийн цIе хIинцале хилла Москва а, Калининград а, Симферополь а, Дона-тIера-Ростов а гIаланашкахь. Эстафетин федеральни муьран маршрутехь Россин 30 гIала ю.
Iаьнан универсиадин цIаро некъбар сацор ду 2019-чу шеран бекарг (март) беттан 1-чу дийнахь Красноярск гIалахь.
I.МУРТАЗОВ
№80, шинара, эсаран (октябрь) беттан 23-гIа де, 2018 шо