Ахчанца кхачо шен хеннахь ян еза

Нохчийн Республикин финансийн министра Тагаев Султана республикин финансийн министерствона юкъайогIучу департаментийн директоршца а, церан заместительшца а кхеташо дIаяьхьира. Цигахь дийцаре дира цхьамогIа гIуллакхаш, билгалъехира коьрта Iалашонаш а, тIедогIучу кIиранах дан дезарш а.

С.Тагаевс билгалдаьккхира «2019-чу шарна а, 2020–2021-чуй шерийн планан муьрана а йолчу республикин бюджетан хьокъехь» долчу законан проектана кечамбар жигара дIахьош хилар.

Амма, цо гулбеллачаьрга дIахьедина ма-хиллара, берриге а болх карара бутт чекхбалале бина балийта безаш бу. Цундела,хьокъала йоллучу ведомствошца цхьаьна къахьега деза, беттан чаккхенехь хиндолу жамIаш хьалххе гуш хилийта.

Иштта, кхеташонехь дийцаре дира карарчу шеран бюджет кхочушъяран гIуллакхаш а.

Министра билгалдаьккхира хIора а декъехь шен-шен хенахь ахчанца кхачо ян езаш хилар.

Кхеташо ерзош, коьрта долчу дакъошкахь цхьамогIа тIедахкарш а дина, уьш кхочушдарна жоьпалле болу нах билгалбехира Тагаев Султана.

А.СУЛИМАНОВА

№80, шинара, эсаран (октябрь) беттан 23-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: