Соьлжа-ГIаларчу Октябрьски кIоштан прокуратуро «Газпром межрегионгаз Грозный» юкъараллехь бинчу талламо гайтира пайдаэцначу энерготаронех контрагенташкара декхар схьадаккхарна тIехьажийна болу суьданпретензионни болх оцу субъектехь хьакъ ма-дду вовшахтоьхна цахилар.
Кху шеран хьаьттан (август) беттан долчу хьолаца дебиторски декхар 174 миллион соьман барамехь дара.
ХIетте а, энерготаронех пайдаэцарна вовшахкхетта долу и декхар схьадаккхархьама деш тоъалчу барамехь гIуллакхаш дац.
Ма-дарра аьлча, тесна битина лара мегар ду и болх. Цуьнца доьзна кIоштан прокуратуро юкъараллин куьйгаллина тIедиллира закон талхор дIадаккхар, кхолладеллачу гIуллакхан дуьхе кхиар, цу тIехь долу кхачамбацарш дIадахар.
Бина лехам тидаме а эцна, кхачамбацарш дIадахарна тIехьажийна гIуллакхаш дан долийна субъектехь. Ткъа иштта хьал кхолладарна бехке волчу даржерчу белхахочунна низаман таIзар дина.