Талламхочунна жоп ца делла

Хьаштахойн дахаран а, могашаллин а кхерамазаллина жоп луш доцу хьашташ кхочушдарна (РФ-н УК-н 238 гIа статья, 1-ра дакъа) шен гIуллакх деш волчу предпринимательна дуьхьал уголовни гIуллакх долоран хьокъехь ша бина сацам бохош лахарчу прокурора тIеэцна сацам бохор доьхуш Россин СК-н Нохчийн Республикерчу талламан урхаллин Грозненски кIошташна юкъарчу талламан отделан талламхочо динчу дехарна жоп ца делла регионан прокуроран хьалхарчу заместитела Хабаров Николайс.

Уголовани гIуллакхан материалаша гойтуш ма-хиллара, шен гIуллакх деш волчу предприниматела Кужуловс вовшахтоьхнера углеводородан качйина газ машенашна чу йоттаран меттиг (пункт).

Оцу Iалашонна пайдаэцнера станцина лерина, шен гIирсашца кечйинчу цистернех. Материалаша иштта гайтира талламан органо предпринимателан гIуллакхашкахь зулам дина хилар гойтуш долу бакъдерш тоъалчу бармехь цахилар.

Цунах лаьцна бара прокуратуро регионерчу талламан урхалле бина хаам.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: