Берийн ахча юхадерзийна

ЗаьIап бераш лардаран хьокъехь долчу законан лехамаш школе даха хан кхачаза долчу берийн дешаран учрежденешкахь муха кхочушдо теллира Шелковской кIоштан прокуратуро.

Билгалдаьлла берийн шина бешахь доьшуш заьIап бераш хилар. Законан лехамаш кIоршаме талха а беш, учрежденийн куьйгалхоша цхьана шарал сов йолчу хенахь дай-наношкара ял йоккхура шаьш кхиош долу бераш Iалашдарна а, царна тIехь Iуналла латторна а.

Законан талхораш дIадахаран а, заьIапчу берийн бакъонаш меттахIитторан а Iалашонца школе даха хан кхачаза долчу берийн учрежденийн куьйгалхошка прокуратуро дIахьедина ишттаниг тардалийта йиш цахиларан хьокъехь.

Бинчу лехамна жоп луш, берийн бошмийн даржехь болу белхахой низаман жоьпе озийна. Ткъа дай-наношна юхадерзийна бакъо йоцуш доккхуш хилла ахча.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: