Мини-футболехула турнир дIаяьхьира

Эсаран (октябрь) беттан 21-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу «Рамзан» цIе йолчу Футболан академехь Къилбаседа Кавказан федеральни округан регионийн футболан ветеранашна юкъахь дIаяьхьира «Вайнахан» кубок яккхаран мини-футболехула йолу хIорашеран республикин турнир.

Нохчийн Республикин Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствоца а, Соьлжа-ГIалин мэрин спортан комитетаца а цхьаьна мероприяти вовшахтоьхнарг яра «Вайнах» цIе йолу Соьлжа-ГIалин футболан клуб.

Турнирехь дакъалоцуш йиъ команда яра: «Вайнах-1», «Вайнах-2», «Теркан кIошт» (Нохчийн Республика), «Бабай-Юрт» (Дагестан Республика).

«Вайнах» футболан клубан куьйгалхочо Индербиев Виситас дийцарехь, турнир дIаяхьаран Iалашо ю Къилбаседа Кавказан федеральни округан регионашкарчу халкъийн юкъаметтигаш чIагIъяр а, иштта, баккхийчеран масалшна тIехь, кегийрхошна юкъахь могаш дахар дIакхайкхор а.

Турниран жамIашца, хьалхара меттиг яьккхира «Вайнах-1» командо, шолгIа меттиг – «Вайнах-2» командо, кхоалгIа меттиг кхечира «Бабай-Юрт» командина.

Мероприятин чаккхенехь турниран дакъалацархошна мидалш а, кубкаш а, мехала совгIаташ а делира.

I.ГАЙРБЕКОВ

Авторан суьрта тIехь: турниран дакъалацархой

№81, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 26-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: