Лаккхара мах хадийна МВД-н белхан

Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон коллегин йоккха кхеташо хилира Соьлжа-ГIалахь. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Парламентан Председатела Даудов Мохьмада, республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Израилов IабдулкъахIира, чоьхьарчу гIуллакхийн министра Алханов Руслана, официальни кхечу наха.

Кхеташонехь дийцаре дира 2018-чу шеран 9 баттахь бинчу оперативни-служебни белхан жамIаш а, ткъа иштта тIейогIучу ханна хьалха лаьтташ долу декхарш а.

Кадыров Рамзана шен къамелехь лаккхара мах хадийра бакъонашларъяран системо беш болчу белхан.

Цо дийцарехь, тIаьхьарчу шерашкахь чоьхьарчу гIуллакхийн меттигерчу органаша а, подразделенеша а гайтина шаьш мел чолхе а декхарш кхочушдан хьуьнаре хилар.

«Бакъонашларъяран органийн белхахоша лаккхарчу тIегIанехь кхачо йира Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачарна лерина даздаран гIуллакхаш дIахьочу хенахь юкъараллин къепе а, кхерамазалла а хилийтарна», – элира республикин Куьйгалхочо.

Цо билгалдаьккхира хIокху шеран 9 баттахь уголовни зуламаш дар дикка лахделла хилар.

Р.Кадыровс дийцарехь, бакъонашларъяран органийн коьртачу декхарех цхьаъ хилла дуьсуш ду терроризман а, экстремизман а гучудийларшна дуьхьал луьра къийсам дIабахьар, и гучудийларш шен орамехь хьаьшна дIадахар.

«Леррина контртеррористически белхаш дIахьочу хенахь, герзашца дуьхьало яр бахьана долуш, хIаллаквина 18 тIемало (боевик). Жигара болх дIахьош бу Герггарчу Малхбален регионерчу мехкашка бахархой дIабаха гIертар а, террористийн организацех дIакхета гIертар а сацорехьа. Дикка лахделла талораш дар, нах Iехор, коррупцин зуламаш, некъантранспортан бохамаш», – билгалдаьккхира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Кадыров Рамзана тидам тIебахийтира республикехь бакъонийн къепе, синтем, кхерамазалла хилийтаран декъехь кхидIа а иштта болх бан безаш хиларна а, и хьал лардан дезаш хиларна а. Оцу декхаршца бакъонашларъярхой кхиамца ларориг хиларх ша тешна хилар а хаийтира цо.

«Вай йоццачу хенахь машар а, къепе а йина республикехь. Тахана Россехь а уггаре а кхиаме а, кхерамаза а йолчу субъектех цхьаъ ю Нохчийчоь. Иза, коьртачу декъана, шун хьуьнар бахьанехь хилла ду! Амма цуьнца цхьаьна хьесапе эца деза вайн махкана гонаха гIоьртина хьал хилар. Вайн мостагIаша пайдаоьцур бу Россера, ша аьлча, Нохчийчуьра хьал карзахдаккха баьллачу муьлххачу а аьттонах. Цундела вай кийча хила деза муьлххачу а кхерамна сихха жоп дала, и кхерам юхатоха. Со тешна ву шайна хьалха хIиттийна декхарш аш сийлаллица кхочушдийриг хиларх», – элира цо.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо баркалла элира республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министрана Р.Алхановна а, берриге а белхахошна а цара шайгара лаккхара корматалла а, майралла а гайтарна.

Оперативни-службин балхахь кхул тIаьхьа а церан бIаьрла кхиамаш хуьлийла шена лууш хилар дIа а хаийтира цо.

Д.АНАДЕВ

№81, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 26-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: