Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Жамалдаев Шаид радион ЦIийнехь цхьаьнакхийтира республикин зорбанан а, электронни хаамийн а гIирсийн куьйгалхошца а, социальни декъехула районийн куьйгалхойн заместительшца а, районийн коьртачу библиотекийн куьйгалхошца а.
Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара Нохчийчоьнан муфтин заместитель Осмаев Iусман а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан Департаментан куьйгалхочун заместитель Эльмерзаев ИсмаьIал а, Соьлжа-ГIалин ден нуьцкъаллин декъехула заместитель Магомедов Рамзан а.
Гулбеллачаьрга маршалла а хоттуш, цхьаьнакхетаран Iалашо йовзийтира министра:
– Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзанан тахана вайна хьалха хIоттийна билггал Iалашо ю: зуламе бовла тарло кегийрхой билгалбахар, законца ца йогIучу тобанаш юкъавахарх а, Шема а, иштта кхечу мехкашкахь а долчу гIуллакхашкахь дакъалацарх а уьш ларбар. Вай дехаш ду массо а агIор вайна аьхна йолчу Россин пачхьалкхехь. Иза иштта хилар шен заманчохь билгалдоккхура вайн республикин хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас а. Нохчийчуьра схьабевллачу наха, уьш Европехь Iаш белахь а, Герггарчу Малхбалехь а, Украинехь а хIун лоьху хууш дац вай, амма Iамарка а, Малхбузе а вайн махкара юкъараллин-политикин хьал талхо гIертар а, цуьнан маьIданаш а, Iаламан тIаьхьалонаш а шайн гIуллакхна ерзо царна лаар а гуш ду. Иза вайн Iалашонашца догIуш дац. Цундела де-буьйса ца лоьруш, вайн бераш, кегийрхой оцу уьнах ларбан беза вай. Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан накъостий а, цуьнан белхан гIортораш хилар а тIехь ду вайна.
Магомедов Рамзана билгалдаьккхира, берийн, кегийрхойн кхиаза болчу кхетамна Интернет-мазано чIогIа тIеIаткъам беш хилар, цундела да-нана декхарийлахь ду шайн доьзалхочун уьйраш йовза, уьш тергонехь латтон. Кхолладеллачу хьолах дош элира I.Осмаевс а, «Гумс» газетан коьртачу редактора Х.Борхаджиевс а, иштта кхечара а. Гулбеллачарна гергара а, цара тIелоцуш а къамел дира арахьарчу зIенийн Департаментан директоран заместитела Зубайраев Юсупа: – Шемахь долу хьал суна лазаме ду. Цуьнан пачхьенехь Дамаскехь 15 шо даьккхина ас. Тахана цигахь дIабоьду тIом ислам динца богIуш цахилар а, Шемина оьшуш, цо лоьхуш иза кхаьчна цахилар а гур ду шуна ас далочу терахьашкахь: Шемин77 процент бахархой сунниташ бу. Дамаскехь а, Шемин кхечу гIаланашкахь а 10 эзар маьждиг ду. Шемин90 процент бахархоша пIераскан дийнан хIурматехь дакъалоцу. Шемахь хьафизийн120 школа а, иштта Къуръан Iамош 6 бIе колледж а ю. ХIора шарахь цигахь исламан дешар Iамош 50 пачхьалкхера векалш хуьлу. Дамаскан университето хIора шарахь 7 600 жимчу стагана а, 3 эзар йоIана а ислам динан Iилма Iамадо. Шемин паччахь Асад Башар пIераскан дийнахь рузбанехь хуьлуш ву. Кхин хIумма а ца хилча а тоьар дара «Ийман» маьждигехь йинчу терактехь вайзаманан воккха Iалим, Iилманча Мухьаммад СаIид Рамадан Аль-Бути а, цуьнца цхьаьна Iуьйра ламазе баьхкинчу шемахойх 21стаг а вер. Оцу бакъдолчо къеггина гойту Шема джихад оьшуш мохк цахилар а, цигахь болу тIом ислам дохо Iалашо йолуш дIахьошхилар а, вайн къоман векалша цигахь нисдан хIумма а доцийла а.
Цхьаьнакхетар дерзош районийн библиотекашна литература елира. Т.САРАЛИЕВА