Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира Соьлжа-ГӀалин мэраца Закриев ИбрахIимца.
Цигахь дийцаре дира, хинан биргӀанийн сеташ цӀинъяран болх чекхбаккхаран Ӏалашонца, республикин пачхьенехь эсаран (октябрь) беттан 26–31-чуй деношкахь хи дар юкъахдуьйлуш хирг хилар бахархошка дӀахаийтаран а, цуьнца доьзна, социальни объекташна хица кхачояран а гӀуллакх.

Соьлжа-ГӀалин мэра хаийтира оцу декъехь болх хӀинцале бина хилар а, бахархошка оцу хьокъехь болу хаам, шуьйрачу хаамийн гIирсийн а, телевиденин а, радион а гIоьнца, дӀакхачийна хилар а.
Лакхахь билгалдаьккхинчу 5 дийнахь Старопромысловски кӀоштахь хи хир долуш дац, Ленински кӀоштахь цхьаццанхьа хир ду, ткъа Заводски а, Октябрьски а кӀошташкахь – долалуш-соцуш хир ду.
Цул сов, хала бохкучу доьзалшна гӀонакъосталла даран гӀуллакх а ца дисира тидамза.
Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира баккъал а гӀо оьшуш болу доьзалш гӀо доцуш буьтург цахилар.
«Баккъал гIо оьшуш болу доьзалш гIонакъосталла доцуш буьтур бац Iедало. Амма Соьлжа-ГIаларчу юкъарIойлашкахь къепе дIахIотто езаш ю сихонца. Царна чохь, шайн долахь Iен-баха хIусамаш а, кхийолу петарш а йоллушехь, харц некъаца Iедалера керла петарш яха Iалашо йолу нах а бу. Цара лелочу, оцу эхье долчу хIумано вайна массарна а тIе эхь доуьйту, нохчийн доьзалан «институт» йохайо. Цундела, ерриге а юкъарIойлашкара а, царна чохь Iачу бахархойн а хьал а таллий, Iедалера гIо оьшуш а, Iедалан чоьтах, харц некъ а лелийна, шайна пайда бан арабевлларш а къастабе. Цул тIаьхьа шайн-шайн цIа дIасахьовсабе Iедал а ледеш, нохчийн къоман цIе а, сий а бехдеш, юкъарIойлашкахь Iаш болу бахархой», – билгалдаьккхира республикин Куьйгалхочо.
И.АДАМОВ
№81, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 26-гIа де, 2018 шо