Культура а, культурин тIаьхьалонийн объекташ а Iедало тесна юьтур яц

Культурин министраца Дааев Хож-Баудица ша дӀадаьхьначу цхьаьнакхетарехь республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцаре дира культурин тӀаьхьалонан объекташ меттахӀитторан а, Ӏалашъяран а гӀуллакх.

Карарчу шарахь Итон-Кхаьллан а, Веданан а кӀошташкахь меттахӀотто йолийна 4 бӀов хилар хаийтира Культурин министра.

Цул сов, Хьачарахь (Итон-Кхаьллан кIошт) а меттахӀоттийна шира бӀов, ткъа «беллачеран гӀала» ларалуш йолчу ЦӀойнПхьедехь (Итон-Кхаьллан кIошт) белхаш хӀинца а дӀахьош бу.

Иштта, Макажара XV-чу бӀешарахьлера маьждиг меттахӀотторан болх а чаккхене бирзина.

Веданан (ЧӀебарлойн) кӀоштарчу Хойхь, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин юкъараллин фондан гӀоьнца, хӀинцале а меттахӀоттийна маьждиг а, хьуьжар а, 2 бӀов а.

Шарарчу (Шаройн кIошт) архитектурин-историн комплексехь тӀеман 4 бӀов а меттахӀоттийна.

ГаланчӀожан кӀоштарчу Нашхахь, талламан белхаш дӀахьош, карийна культурин тӀаьхьалонан керла 20 объект. Карарчу хенахь царна документаци ю кечъеш.

Веданан кIоштахь 1 маьждиг а, 1 бIов а федеральни бюджетан чоьтах меттахIотторан хьокъехь барт хилла хилар а хаийтира Дааев Хож-Баудис.

Кадыров Рамзана тӀедиллира Шарара архитектурин-историн комплекс меттахӀотторан болх кхин а жигарбаккхар а, иштта, Хой ерриге а меттахӀотторан гӀуллакх таллар а.

«Шарахь а, кхечанхьа а йолу бIаьвнаш вай бюджетан а, бюджетера доцучу а ахчанах меттахIиттош ю. Цундела, Хож-Бауди, уьш меттахIитторехь дакъалаца лаам болуш нохчий бу-бац а хьожуш, оцу декъехь а болх бан беза аш. БIаьвнаш шайн дайн я тайпанийн яра аьлла ойла йолчу нахах, уьш меттахIитторехь дикалаца лаам берш а хирг хиларх дог-йовха ву со», – элира Кадыров Рамзана.

Цхьаьнакхетаран чаккхенехь вокалан а, хореографин а искусствона юкъа нохчийн къоман ламасташца а, Ӏадаташца а догӀуш доцу хӀуманаш кхачийта дезаш цахилар а билгалдаьккхира республикин Куьйгалхочо.

И.ИСЛАМОВ

№81, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 26-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: