«Россин кегийрхойн доттагIалла»

Эсаран (октябрь) беттан 18-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу Нохчийн пачхьалкхан университетан 3-чу корпусехь дIадаьхьира регионашна юкъара «Россин кегийрхойн доттагIалла» проектан гурашкахь «ДоттагIаллин, тешаман инстититут кхоллар, цуьнан кхиар» Проект ерзор.

Цигахь дакъалоцуш вара «Нохчийн халкъан дуьненаюкъара конгресс» юкъараллин организацин регионан отделенин вовшахтохараллин комитетан председатель Алхазуров Мохьмад, Пскован областан «Нохчийн культурин «Барт» туш» юкъараллин организацин председатель Дукаев СаIид, Юкъараллин палатин декъашхой Дунаев Муса, Базаев ИбрахIим, Пскован Пачхьалкхан университетера, Туризман академера, Искусствийн колледжера хьехархой а, студенташ а Нохчийн пачхьалкхан университетан студенташ.

Псковера делегаци Нохчийн Республике еана доьалгIа де дара. Цкъа хьалха цаьрца цхьаьнакхетар дIадаьхьира республикерчу Юкъараллин палатехь. Юха хьешаша экскурсеш йира Хьачара, Къоьзан Iома тIе, Нихаларчу чухчарешка, Соьлжа-ГIалахула.

Университетехь цхьаьнакхетар дIадолийра М.Алхазуровс. Цо билгалдаьккхира, вайн Даймохк а, вайн истори а, вай лара а, доттагIаллин зIенаш кхидIа чIагIъян езаш хилар а, оцу тайпанчу Проекташа вайн кегийрхошна вовшийн довза гIо деш хилар а.

Республикехула экскурсеш ечу хенахь шаьш даьхначу суьртийн видеокийсак гайтира Псковерчу студенташа. Гуш дара царна вайн Iалам а, вайн гIаланаш а хазахетта хилар.

Цул тIаьхьа М.Алхазуровс Проектехь билгалбевллачарна Баркаллин кехаташ а, Сийлаллин грамоташ а елира. Вайн хьешаша Нохчийн пачхьалкхан университетан ректорна Саидов Заурбекана совгIат дира.

Хьахо деза, Проектан гурашкахь Нохчийн пачхьалкхан университетан «Геологин а, географин а» факультетан студенташ шозза Пскован областехь хилла хилар.

Университетан актови залехь Пскован пачхьалкхан университетан студенташа Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачарна а, Нохчийн пачхьалкхан университетан 80 шо кхачарна а лерина концерт елира.

Дагадоуьйту, проект болх бан йолаелла шо гергга хан хилар. Иза Россин Президентан грантийн фондо къобалйина а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Р.Кадыровс куьйгалла дечу «Нохчийн халкъан дуьненаюкъара конгрессо» дIаяьхьна а яра.

Л.ДАУТОВА

№81, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 26-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: