Кадыров Рамзанан рогIера пресс-конференци

Эсаран (октябрь) беттан 27-чохь рогIера прессконференци дIаяьхьира республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Нохчийн пачхьалкхан «Грозный» телерадиокомпанин «йоккхачу студи» чу гулбеллачу Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а, Россин а шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалшка маршалла хаьттинчул тIаьхьа, Кадыров Рамзана билгалдаьккхира «хаттар-жоп» боху прессконференци дIаяхьа ша реза цахилар, нагахь санна цуьнан (пресс-конференцин) гурашкахь республикин бахархойн хьашташ кхочушдар я царна лууш долу хаттарш хир дацахь.

Уггаре а хьалха дийцира Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъара доза къасторах а, цуьнан тIаьхьалонах а лаьцна.

Оцу хьокъехь хиллачу къамелан коьрта дакъа иштта дара – «…ГIалгIайчоьнан Куьйгалхочунна Ю.Евкуровна реза боцучарна доккха «совгIат» хилла цунах. Цундела, нохчашна гIалгIайн латтанаш дIаделла бохучу харц-къамелах «паспорт» а дина, уьш шайн Iалашонаш кхочушъян арабевлла, тешамечу бахархойх пайда а оьцуш. Ма-дарра аьлча, ГIалгIайчоьнан куьйгаллин дехарца, нохчийн куьйгалло дуккха а нохчийн латтанаш дитина царна. Цул сов, дозанца долу гIуллакх Россин а, шина республикин а законашца нийса а догIуш дIакъевлина ду. Кхин и гIуллакх дийцаре дан лерина дац нохчийн Iедал».

Инвестицех лаьцна дуьйцуш, Кадыров Рамзана билгалдаьккхира республикехь кхочушъеш а, кхочушъян лерина а инвестицийн 485 проект хилар а, цара 20 эзар сов белхан меттиг лург хилар а.

Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъарчу дозанца йолу кIошташ а, ярташ а кхиорехь, культурин а, спортан а, туризман а, экономикин а декъехь цхьаьнагIуллакхаш дан Iалашо йолуш хилар а билгалделира.

Малхбузерчу пачхьалкхаша Россина дуьхьал йинчу экономикин а, финансийн а санкцешна дуьхьало ярехь, массо а россихо цхьабарт болуш хила веза аьлла, догойла йолуш ша хилар а хаийтира республикин Куьйгалхочо.

Шемахь боьдучу тIамах лаьцна а дукха дийцира Кадыров Рамзана, оцу мехкан истори а, цигахь дIабоьдучу тIеман бахьанаш а довзуьйтуш.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо билгалдаккхарехь, «оцу махкара тIом чекхбер бац Iамаркана а, Европин а, Iаьрбийн а пачхьалкхашна а, Хонкарна а лаъалц».

Иштта, пресс-конференцин гурашкахь билгалделира некъашца долу яртийн а, гIаланийн а цIерш йовзийтаран аннаш оьрсийн маттахь хилла ца Iаш, нохчийн маттахь а хирг хилар, ткъа туризман объекташкахь – оьрсийн а, нохчийн а, ингалсан а меттанашкахь.

Тидамза ца дисира «Чеченнефтихимпром» республикина схьаялар а, Титиев Аюбан гIуллакх а, Нурмагомедов а, Майвезер а Соьлжа-ГIалахь лата там бу бохуш, даьржина хилла долу эладита а.

«Видеовключение» кепах пайда а оьцуш динчу хаттарех а пайдабелира: Соьлжа-ГIалахь юкъараллин транспорт суьйранна 8–9 сахьт даллалц лелар ю хIинца дуьйна, Шуьйтан а, Шаройн а кIоштахь «цхьаьнатохаран» некъа тIе силам дуьллур ду, Соьлжа-ГIаларчу «Красная Турбина» поселкерчу бахархошна газ юьгур ю, Грозненски кIоштарчу масех юьртана хица кхачо йийр ю, Соьлжан кIоштара Эна-Хишканна а, луларчу ГIалгIайчоьнна а юкъахь автобусан маршрут хир ю, ткъа Невран кIоштахь меттигерчу халкъийн культурин туьшийн хьашташ кхочушдийр ду.

Пресс-конференцин чаккхенехь Кадыров Рамзана билгалдаьккхира уггаре а коьрта толам – иза Iедал а, халкъ а цхьаъ хилар бу аьлла.

«Халкъ хьох тешаш хилча, ваха а, къахьега а, вала а хала дац. Халкъ ирсе хилийтаран, иза кхиийтаран дуьхьа дан мел догӀург Ӏедало, куьйгалло дийриг хиларх шеко йолуш хила ца веза цхьа а!», – элира цо.

4 сохьтехь лаьттинчу прессконференцин гурашкахь 39 хаттарна жоп дала ларийра республикин Куьйгалхо.

Бахархоша Call-туьше даийтина долу 2 эзар хаттар таллар а тIедиллира Кадыров Рамзана.

И.ИСЛАМОВ

№82, шинара, эсаран (октябрь) беттан 30-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: