Палестинера делегаци хилира Нохчийчохь

Эсаран (октябрь) беттан 24–25-чуй деношкахь белхан гIуллакхца Нохчийн Республикехь хилира Палестина маьршаяккхаран халкъан фронтан делегаци. Делегацина коьртехь вара Фронтан коьртачу секретаран заместитель Наджи ТIалял.

Иштта, делегаци юкъахь вара НФОП-н Коьртачу командованин политбюрон декъашхо Раджа Анвар, НФОП-н Коьртачу комитетан декъашхо Мухалляляти ИсмаIил, Шемин кегийрхойн а, хийцамийн а партин коьрта секретарь ИбрахIим Бервин, Шемин кегийрхойн а, хийцамийн а партин Лакхарчу советан декъашхо Машхадие Джавад, Шемин юкъараллин гIуллакххо Джалбут Мухьаммад.

Соьлжа-ГIаларчу аэропорте хьешашна дуьхьал вахара Нохчийн Республикин Правительствон председателан заместитель Хакимов Хьасан а, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат а, кхиболу официальни нах а.

Белхан визитан шолгIачу дийнахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу «Сийлаллин аллей» мемориалан комплексехула делегацин декъашхоша экскурси йира, музейн директоран заместитель Ахматов Висанпаша хьалха а волуш.

Палестина маьршаяккхаран халкъан фронтан коьртачу секретаран заместитель Наджи ТIалял Соьлжа-ГIаларчу резиденцехь цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнца, Россин Турпалхочуьнца Кадыров Рамзанца. Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара иштта Россин Федерацин Пачхьалкхан думин депутат Делимханов Адам, Россин Федерацин Федеральни гуламан Федерацин советан декъашхо, Дуьненаюкъарчу гIуллакхашкахула йолчу комитетан председателан заместитель Сабсаби Зияд, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Израйилов IабдулкъахIир, кхиболу официальни нах.

Со воккхаве шу Нохчийн Республике дахкарх. Вайн пачхьалкхашна юкъахь доттагIаллин уьйраш ю. Цул сов, Россин Президента Путин Владимира Палестина пачхьалкхана а, халкъана а гIо-накъосталла до. Ас доттагIалла леладо Палестинин Президентаца Iаббас Махьмудца. Тхан республикехь а хилла иза. Тхо духе кхуьуш ду Палестинехь дIабоьдуш болчу тIамана. Герггарчу хенахь шун пачхьалкхехь маьрша дахар дIахIуттург хиларх тешна ву со, – билгалдаьккхира Р.Кадыровс.

Наджи ТIалала баркалла элира шаьш дика тIеэцарна, иштта билгалдаьккхира Россин агIорхьара долу гIо-накъосталла Палестинина маьIне хилар.

Херцаршкара гIаьттина йолчу шун республике дахкарх кхаъ хилла ду тхо. Дукхахдерг хьан хьуьнар бахьанехь а ду иза (республика меттахIоттор). Сайн бIаьргашна хIара хазалла гарх гIадвахана ву со, – элира цо.

Кадыров Рамзана билгалдаьккхира Нохчийн Республико Шемахь а, Африкехь а гIо оьшучарна массо агIор гIо деш хилар а, иштта Палестинин халкъана а ницкъ ма-кхоччу шаьш гIо-накъосталла дан кийча хилар а.

Цхьаьнакхетаран чаккхенехь Нохчийчоьнан Куьйгалхочунна совгIаташ делира хьешаша.

Иштта, делегацин декъашхой хилира Соьлжа-ГIаларчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу «Нохчийчоьнан дог» маьждигехь а, Устрада-ГIаларчу Кадырова Айманин цIарахчу «Ненан дог» маьждигехь а, республикин кхечу сий-ларамечу меттигашкахь а.

I.МУРТАЗОВ

№82, шинара, эсаран (октябрь) беттан 30-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: