Нохчийн Республикин халкъан яздархочун Айдамиров Абузаран хIоллам бина ДонатIерачу-Ростовехь вехаш волчу вайн махкахочо, скульптора Усаев Асланбека.
Эсаран (октябрь) беттан 23-чохь хIоллам схьабохьуш Нажи-Юьртан кIоштарчу Мескитахь йолчу А.Айдамировн цIарахчу литературин музей веанера иза.
Цигахь дакъалецира Абузар вевзаш хилла болчу республикехь гIарабевлла бевзачу яздархоша а, журналисташа а. Царна юкъахь вара А.Барзанукаев, Хь.Аболханов, I.Ирисханов, Хь.Юнусов, Хь.Бурчаев, Н.Пашаев, С-Хь.Дадаев, I.Саиев, Ш.Цуруев, А.Ахматукаев, С.Такалашев, Х-Б.Борхаджиев, яздархочун гергара нах, юьртахой.
Яздархочун йоIа, музейн директора Айдамирова Машарас дийцира скульптора А.Усаевс Абузаран хIоллам барх лаьцна. Иштта хиира и хIоллам Болгаре дIакхачо безаш хиларх дерг.
– Хьалха Болгарин пачхье лаьттина йолчу Плиска гIалахь ю дуьненахь цхьаъ бен йоцу «Двор Кириллицы» культурин-историн музей. Цуьнан кертахь бу кириллицин элпашна бина хIоллам. Оцу музейн директора Алексанян Карена кхочушъеш ю дуьненахь цхьаъ бен йоцу йоккха проект. Музейн кертахь кириллицин йозанан буха тIехь къоман маттахь яздеш хиллачу, дуьненахь а вевзаш волчу 80 халкъан яздархочун хIолламех аллей еш ю кхушара. ХIокху шеран мангалан (июль) беттан 27-чохь даздаран хьолехь гIалгIайн халкъан яздархочунна Базоркин Идрисана хIоллам дIахIоттийна цигахь. Оцу проектан гIуллакхаш кхочушдаран комитето дийцарехь, хIинца тIебогIучу лахьанан (ноябрь) беттан 20-чохь Абузаран хIоллам дIахIоттош гулам хир болуш бу Болгарехь, цундела, тахана Европе дIайоьдучу транспортаца новкъа баьккхина, дIахьажор бу хIара хIоллам. ХIара болх бинчу Асланбекана а, Абузар лерина хIокху музей даьхкинчу шуна а даггара баркалла, Дела реза хуьлда ала лаьа суна тхайн доьзалан цIарах, – элира Машара.
Болгарерчу музейна лерина боцург кхин а ши хIоллам А.Айдамировн музейна совгIатана белира Асланбека. Гипсах а, йоьзанах а бина бу и ши хIоллам.
Нохчийн халкъана дуьне мел деха боккха юьхькIам бу Болгарехь, дуьненахь а цхьаъ бен йоцчу музейхь, нохчийн халкъан яздархочун Айдамиров Абузаран хIоллам хилар.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№82, шинара, эсаран (октябрь) беттан 30-гIа де, 2018 шо