ХIун хаа деза пенсийн хьокъехь долчу керлачу законах?

ХIун хаа деза пенсийн хьокъехь долчу керлачу законах?

«Пенсеш хIитторан а, уьш дIадаларан а гIуллакхашкахула долчу Россин Федерацин цхьадолчу законодательни акташна хийцамаш юкъабалоран хьокъехь» долчу законна буха куьг яздина Россин Президента Путин Владимира.

Пачхьалкхан Думо 2018-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 27-чохь тIе а ийцира, Федерацин Кхеташоно 2018-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 3-чохь къобал а дира и закон.

Пенсийн законодательствехь хийцамаш баран хьокъехь тIеэцна долу закон тIехьажийна ду страхови пенсеш цхьанаэшшара кхиарна а, царна индексаци яран барам лакхара хилийтарна а кхачоярна.

Цо билгалдо муьрашка доькъуш хан лакхаяккхар, иза тIекхаьчча, къанваларна страхови пенси а хIоттор долуш. Законаца чIагIйина массарна а хIоттийна йолу пенсе воьду хан – божаршна 65 шо кхаьчча, зударшна 60 шо кхаьчча (хIинца 60 а, 55 а шераш ду).

Пенсе воьду хан жим-жима хийцалуш хуьйцур ю: цунна билгалйо ехха хан, 2019-чу шеран кхолламан (январь) беттан 1-чохь дIа а йолош, 2028-чу шарахь чекхъер йолуш.

2019–2020-чуй шерашкахь пенсе баха безачарна къаьсттина гIоле яр билгалдина – пенсе вахаран керлачу хенал ах шо хьалха.

Иштта, 2020-чу шеран кхолламан баттахь пенсе ваха везачу стеган йиш ю 2019-чу шеран мангалан (июль) баттахь иза дан.

Россин Федерацехь демографин хиламаш

Къанваларна ахча даларна пенсе воьду хан белхалойн тайптайпанчу категорешна Россехь билгалйоккхура дIадаханчу бIешеран юьххьехь дуьйна.

ДIадаханчу бIешеран 20-чу шерашкахь, пенсе воьду хан билгалйоккхучу хенахь, Россехь стаг 43 шарахь бен ца вехара. Таханлера пенсе воьду хан хIоттийнера къинхьегаман а, дахаран а хала хьелаш долчу хенахь, индустриализацин а, тIемийн а хенашкахь. Тахана хьал орамашкара дуьйна хийцаделла: тодина гражданийн къинхьегаман а, дахаран а хьелаш, медицинин хьашташ кхочушдаран дикалла, экономикехь коьртачу декъана гIуллакх деш бу гIуллакххой, хьашташ кхочушдаран белхахой, фрилансерш, шаьш шайн гIуллакх деш берш. Цо дикачу агIор Iаткъам бо стеган дахаран къинхьегамна хьуьнаре хиларан хан яхъяларна.

Къинхьегамна хьуьнаре хиларан хан яхъяран хьокъехь сацам тIеэцна данне а кхечу кепара долу демографин хьал, адамаш къандаларан дуьненара хьал хьесапе а оьцуш. Нагахь 1970-чу шарахь цхьана пенсионерана юккъерчу барамехь къинхьегамна хьуьнаре болчу бахархойх 3,7 стаг кхочуш хиллехь, 2019-чу шарахь, герггарчу хьесапехь, цхьана пенсионерана къинхьегамна хьуьнаре волу 2,1 стаг бен кхочур вац.

Тахана Россехь гIуллакх деш йолчу пенсийн системо, демографехь долу и хьал хьесапе эцча, тIейогIучу хенахь пенсеш хьакъ ма-дду кхиарна кхачоян таро хуьлуьйтур яц. Нагахь хьесапе къинхьегамна хьуьнаре болу берриге бахархой а ца оьцуш, шайна тIера пенсина страховой ахчанаш дIакхочуш долу адамаш эцча, тIаккха болх беш болчарний, пенсионерашний юккъехь йолу башхалла кхин а йоккха хир ю.

Махкахь 43,6 миллион гергга пенсионер а, шайна тIера пенсешна ахча дIаоьцуш 57 миллион стаг а бен цахилар хьесапе эцча, цхьана пенсионерана лерина ахча луш верг болх беш волу 1,3 стаг бен ца хуьлу.

Муьлха хийцамаш хьакхалур бу таханлерчу пенсионерех?

Къанваларна хIоттийна пенси массарна а дIалур ду. ХIинца йолуш йолчу бакъонашца, гIоленашца нийса а догIуш, хIиттийна дерриге а пенсеш а, социальни ахчанаш а дIалур ду.

Пенсе воьду хан лакхаяккхаро таро хуьлуьйтур ю йолуш йолчу инфляцин барамал хаъал лакхайолуш йолчу индексацин чоьтах болх беш боцчу пенсионерийн пенсеш кхиарна кхачоян («2024-чу шеран муьрана Россин Федераци кхиоран къоман Iалашонийн а, коьртачу декхарийн а хьокъехь» долчу Россин Федерацин Президентан 2018-чу шеран хIутосург (май) беттан 7-лера Указаца нийса а догIуш).

Муха дIагIур ду пенсе вахаран хан лакхаялар?

Цхьанаэшшара дIагIур ду пенсе воьду хан лакхаяккхар: 10 шаре кхаччалц бахлун болу бехха мур билгалбина цунна – божаршна а, зударшна а 2019-чу шарахь дуьйна, 2028-гIа шо чекхдаллалц.

Пенсе воьду хан лакхаялар хьалхарчу муьрехь хьакхалур ю 1959-чу шарахь бинчу божарех а, 1964-чу шарахь бинчу зударех а. Амма оцу гражданашна пенсе вахаран керлачу хенал 6 бутт хьалха пенсе бахар билгалдина.

2028-чу шарахь шайн 65 шо кхаьчча пенсе гIур бу 1963-чу шарахь бина божарий а, 60 шо кхаьчна 1968-чу шарахь бина зударий а.

Хенал хьалха пенсе вахаран хьелаш хийцар

Пенсе воьду хан (леррина йолчу стаже болу лехамаш Iалаш а беш) лакхаер ю белхахойн хIокху категорешна:

1) Генарчу Къилбаседан меттигашкахь я цаьрга нисйинчу меттигашкахь болх барца доьзна хенал хьалха пенсе боьлхучарна. Пенсе баха 55 шо а (божаршна), 50 шо а (зударшна) хIоттийначарна пенсе боьлху хан 60 шаре а, 55 шаре а кхаччалц лакхаяккха билгалдеш ду.

ХХ-чу бIешеран 50-чу шерашкахь къилбаседехь бехаш болчарна пенсе боьлху хан лахъяр доьзна дара уьш бехачу кIошташкахь Iаламат чолхе хьелаш хиларца. Балхана а, дахарна а цхьа а тайпа инфраструктура цахиларо тIедалийра и хан лахъярна.

2007–2025-чуй шерашна лерина йолчу еххачу хенан демографин программин гурашкахь динчу гIуллакхаша дика агIор Iаткъам бира дахаран хан хийцаяларца доьзначу хьолана, къаьсттина мехкан къилбаседерчу кIошташкахь.

2) Хьехаран а, медицинин а белхахошна. Белхахойн оцу категорина лерринчу стажан йохалла хийцар билгалдина дац. Цуьнца цхьаьна пенсе вахаран юкъара хан яхъярца доьзна пенси хIоттадайта дехар дан оцу белхахошна луш йолу хан тIаьхь-тIаьхьа лакхаяьккхина хир ю.

Белхахоша шайн леррина йолу стаж, гIоленаш ечеран билггалчу категорица доьзна 25 шарна тIера 30 шаре кхаччалц хилийта еза. Пенсе вахаран хан лорур ю леррина стаж кхочушъяран а, иза хIоттадайта дехар дар тIаьхьатеттинчу а дийне хьаьжжина Оцу белхахоша леррина йолу стаж кхочушъяран шо билгалдоккхуш ду, делахь-хIета, билггал йолу хан чекхъяьлча йиш хир ю «хенал хьалха» пенси хIотто.

2019-чу шарера 2028-гIа шо чекхдаллалц болчу муьрашна юккъехь пенси хIоттадайта дехар даран хан 1 шарна тIера 5 шаре кхаччалц тIаьхьатотту. 2028-чу шарахь леррина йолу стаж кхочушхиллачеран бакъо ю и стаж кхочушйинчул тIаьхьа 5 шо даьлча страхови пенси хIотторан хьокъехь дехар дан. Масала: хьехаран белхахочунна, хене хьаьжна доцуш, берийн учрежденехь болх бина 25 шо оьшу.

Нагахь школан хьехархочо оьшуш йолу стаж 2021-чу шарахь кхочушъяхь, цунна пенси хIоттор ду 3 шо даьлча, аьлча а, 2024-чу шарахь.

Белхахойн муьлхачу категорешна хуьйцур яц пенсе боьлху хан?

Пенсе воьду хан лакхаяккхар БИЛГАЛДЕШ ДАЦ гражданийн хIокху категорешна:

1) къинхьегаман кхераме а, зуламе а хьелаш долчу белхан меттигашкахь белхаш беш болчарна, нагахь царна болх луш волчо хьокъала йоллучу тарифашца страховой ахчанаш дIалуш делахь. Ткъа тарифаш хIиттайо къинхьегаман хьелийн леррина мах хадоран жамIашкахула, ша аьлча:

– лаьтта бухарчу белхашкахь, къинхьегаман хьелаш зуламе долчу белхашкахь, йовхачу цехашкахь (божарий а, зударий а);

– къинхьегаман халачу хьелашкахь, локомотивийн бригадийн белхалойн даржашкахь а, киранаш дIасакхехьар дуьххьалдIа вовшахтухуш, аьчканекъийн транспортехь, метрополитенехь дIасалеларехь кхерамазаллина кхачоеш болчу белхахойх, ткъа иштта шахташкахь, разрезашкахь, рудникашкахь я рудийн карьерашкахь технологин процессехь киралелочу автомобилийн шоферийн декхарш кхочушдеш болчарах (божарий а, зударий а);

– кIадидаран промышленностехь сихачу а, халачу а белхашкахь болчарна (зударий);

– экспедицешкахь, партешкахь, отрядашкахь, дуьххьалдIа участкашкахь, бригадашкахь аренан геолого талларан, лахаран, топографо-геодезин, геофизикин, гидрографикин, гидрологин, хьун йогIаран, таллам баран белхашкахь болчарна (божарий а, зударий а);

– хIордан а, хин а флотан кеманаш тIехь, чIерийн промышленностан флотехь (божарий а, зударий а), гIуллакхаллингIоьналлин, дIасалеларан кеманаш, гIалина уллерчу а, гIалина чоьхьарчу а маршруташкахь гIуллакх деш долу кеманаш юкъа а ца лоцуш портан акваторешкахь хаддаза белхаш беш долу кеманаш тIехь, ткъа иштта чIерий а, хIордан продукташ а яхаран, царах гIуллакхдаран, промыслашкахь кийча продукци тIеэцаран белхашкахь болчарна (божарий а, зударий а);

– кIора, сланец, рудаш, кхидолу пайдехь маьIданаш дохуш лаьтта бухахь а, лаьтта тIехула а (горно-спасательни дакъошкахь гIуллакх деш берш юкъа а лоцуш) белхаш беш болчарна (божарий а, зударий а);

– граждански авиацин летни составехь, граждански авиацин хIаваакеманаш дIасалеларна урхалла даран белхашкахь, ткъа иштта граждански авиацин хIаваакеманийн хьашташ кхочушдеш белхаш беш йолчу инженерно-технически составехь (божарий а, зударий а);

– паргIатонна доза тохаран кепехь уголовни таIзарш кхочушдеш йолчу учрежденешкахь хан тоьхначаьрца белхахойн а, гIуллакххойн а даржашкахь белхаш бечарна (божарий а, зударий а);

– юьртан бахамехь, экономикин кхечу дакъошкахь болчу трактористашнамашинисташна, ткъа иштта гIишлошъяран, некъан, тIейоттаран-охьаяссоран машинийн машинисташна (зударий);

– механизмийн, гIирсийн хьашташ кхочушдар юкъа а лоцуш, хьун кечъярехь, хьун хица охьаяхьийтарехь болх бечу белхалошна а, мастершна а (божарий а, зударий а);

– гIалин маршруташкахь хаддаза гIуллакх деш болчу автобусийн, троллейбусийн, трамвайн водительшна (божарий а, зударий а);

– корматаллин аварийно-кIелхьарабахаран службашкахь, цхьаьнакхетараллашкахь гIуллакх дечу кIелхьарабахархошна (спасатели) (божарий а, зударий а);

2) социальни бахьанашна а, могашаллица доьзна а хIоттийначу хенал хьалха пенси хIотточарна, ша аьлча:

– пхиъ а, цул сов а бераш динчу, церан 8 шо кхаччалц уьш кхиийначу зударшна;

– бераллехь дуьйна заьIап долчу берийн 8 шо кхаччалц уьш кхиийначу дай-нанойх цхьанна (божарий а, зударий а);

– бераллехь дуьйна заьIап болчеран верасашна, я церан 8 шо кхаччалц уьш кхиийначу бераллехь дуьйна заьIап хиллачеран верасаш хиллачарна (божарий а, зударий а);

– шиъ а, цул сов а бераш динчу зударшна, нагахь хила езаш йолу страхови стаж церан елахь, Генарчу Къилбаседан меттигашкахь я цаьрга нисйинчу меттигашкахь белхаш бина стаж елахь (божарий а, зударий а);

– тIеман чов хиларца доьзна заьIап хиллачарна (божарий а, зударий а);

– заьIапаллин 1-ра тIегIа долчу бIаьрсаца доьзна заьIапхой болчарна (божарий а, зударий а);

– гипофизарни нанизм цамгар йолчу гражданашна а (лилипуташ), диспропорциональни карликашна а (божарий а, зударий а);

– Генарчу Къилбаседан кIошташкахь, я цаьрга нисйинчу меттигашкахь хаддаза бехаш болчарна а, сайшлелорхойн, чIерийлецархойн, таллархойнпромысловикийн даржашкахь белхаш бинчарна а (божарий а, зударий а).

3) радиацин, техногенни бохамаш хиларца доьзна, цу юкъахь Чернобылерчу АЭС-хь бохам хилар бахьанехь эшам хиллачу гражданашна.

4) зеран, серийни авиационни, аэрокосмически, хIаваэхь лела, парашютно-десантни техникина зераш дарехь летно-зераш даран составехь белхаш бинчарна. Хенал хьалха пенсе ваха бакъо луш йолу леррина йолу стаж хийцар. Хенал хьалха пенсе ваха бакъо луш йолу леррина йолу стаж хийцалуш яц Генарчу Къилбаседехь а, цуьнга нисйинчу меттигашкахь а белхаш бечарна.

Пенсе воьду юкъара хан муьрашка йоькъуш божаршна а, зударшна а лакхаяьккхина 5 шарна (хIинца 60 а, 55 а шаре кхаччалц). Хенал хьалха пенсе ваха бакъо луш йолу леррина йолу стаж (25 шарера 30 шаре кхаччалц ю иза) хийцалуш яц хьехаран а, медицинин а белхахошна. Оццу хенахь пенси хIоттадайта дехар дан деза хан жим-жима тIаьхьатеттина хир ю.

Хенал хьалха пенси хIотторна керла бух

Йоккха стаж хиларна хенал хьалха пенси хIоттор

Йоккха стаж йолчу гражданашна билгалбеш бу керла бух. 37 шарал лахара стаж йоцчу зударийн а, 42 шарал кIезиг стаж йоцчу божарийн а пенсина хIоттийначу хенал ши шо хьалха пенсе баха йиш хир ю, амма зударшна 55 шарал а, божаршна 60 шарал а хьалха доцуш.

Кхоъ а, диъ а бер долчу наношна хенал хьалха пенси хIоттор

Кхоъ а, диъ а бер долчу нанойн бакъо хир ю хенал хьалха пенсе баха. Нагахь зудчун кхо бер делахь, цуьнан пенсе яха йиш хир ю хIоттийначу пенсе вахаран хенал кхо шо хьалха. Нагахь зудчун диъ бер делахь – пенсешна хIоттийначу хенал диъ шо хьалха.

Цуьнца цхьаьна, хенал хьалха пенсе бахархьама, дукха бераш долчу нанойн 15 шеран страховой стаж хила езар ю.

Белхазхошна хенал хьалха пенси хIоттор

Пенсе баха хан тIекхочуш болчу гражданашна хIоттийначу хенал хьалха пенсе баха бакъо ло балха хIотта таро яцахь.

Ишттачу меттигашкахь пенси ши шо хьалха хIоттадо, закон кхочушдаран муьраш хьесапе а оьцуш. Цул сов, пенсе баха хан тIекхочуш болчу гражданашна 2019-чу шеран кхолламан (январь) беттан 1-чохь дуьйна 4 900 соьмана тIера 11 280 соьме кхаччалц лакхаболу белхазаллина билгалдинчу ахчанан барам – иштта ахча дIадаларан цхьана шеран мур билгалбо.

Гражданийн цхьайолчу категорешна къаьсттина йолу гIоленаш

Пенсе воьду хан лакхаяккхаран берриге а муьрехь 2018-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 31-гIа де тIекхаччалц йолчу хенахь гIуллакх деш хилла федеральни ерриге а гIоленаш Iалашйо.

Хьалха а санна, гIоленех пайдаэца йиш хир ю 55 шо кхаьчначу зударийн а, 60 шо кхаьчначу божарийн а.

Хаъал доккха гIолацар билгалдина яртийн бахархошна. Юьртан бахамехь къахьегна 30 шарал лахара йоцуш стаж йолчу юьртахь бехачу болх беш боцчу пенсионерашна страховой пенсина 25 процентан барамехь тIетохар юкъадалош ду.

Пачхьалкхан гIуллакххошна пенсе бахаран хан лакхаяккхар

Пачхьалкхан гIуллакххошна пенсе боьлху хан лакхаяккхар дIадолийна 2017-чу шарахь: пачхьалкхан граждански гIуллакххошна, муниципальни гIуллакххошна, ткъа иштта, РФ-н пачхьалкхан даржаш, регионийн а, муниципальни а даржаш дIалоцуш долчу адамашна хIора шарахь ах шо тIетуху божаршна 65 шо кхаччалц а, зударшна 63 шо кхаччалц а.

2021-чу шеран кхолламан беттан 1-чохь дуьйна пачхьалкхан гIуллакххошна шарахь цхьацца шо тIетухур ду пенсе боьлху хан лакхаяккхарна. Оцу кеппара пачхьалкхан гIуллакххошна пенсе боьлху хан лакхайоккху хIоттийна юкъара хан лакхаяккхаран боларшкахула ялийначу предложеница цхьаьна а догIуш.

Муха хийцалур ю социальни пенси хIотторан хан?

Социальни пенсе вахаран хан хийцарца боьзна хийцамаш бар билгалдо законо. Болх бина боцчу я страхови пенси хIотторна юьззина стаж йоцчу гражданашна пенси хIоттор ду 60 шо а (зударшна), 65 шо а (божаршна) кхаьчча а ца хIоттош, ткъа 65 а, 70 а шераш кхаьчча. Цхьана хеннахь бийр бац иштта хийцамаш.

Могашалла хаъал чIогIа галъяьллачу гражданийн бакъо ю шена заьIапалла хIоттор деха, гIуллакх дикачу агIор дерзахь, заьIап хиларна (цуьнан шен мел хан ю бохучух дозуш доцуш) пенси эца.

Мехала ду заьIап хиларна хIиттийна пенсеш буьззинчу барамехь дIалуш хилар билгалдаккхар.

Къинхьегамна хьуьнаре хилар дайначу адамашна и пенсеш хIиттадо заьIапаллин тIегIа билгалдаккхарца, церан шайн мел хан ю бохучух доьзна доцуш.

Пенсе боьлху хан тIекхочуш йолчу гражданашна тешамаш

Пенсийн законодательствехь билгалбина пенсе боьлху хан тIекхочуш болчу гражданийн хьашташ къинхьегаман рынкехь ларден долу кхитIе а луш болу тешамаш (буьйцуш болчу муьрехь и хан 2 шарера 5 шаре кхаччалц лакхаер ю).

Пенсе боьлху хан тIекхочуш болу белхахой дIабахарна а, ткъа иштта церан хене хьаьжна балха дIаэца дуьхьало ярна а болх луш болчарна юкъадаладо административни а, уголовни а жоьпалла.

Цул сов, болх луш волчунна тIедожадо пенсе баха хан тIекхочуш болчу белхахошна белхан алапа Iалаш а деш, маьхза диспансеризаци ярна хIора шарахь 2 де къастор.

2019-чу шеран кхолламан беттан 1-чохь дуьйна белхазаллина луш долу ахча алсамдолу 4 900 соьмана тIера 11 280 соьме кхаччалц – и ахча дIадаларна цхьа шо хIоттадо.

АгIо кечйинарг – Д.ХАНУКАЕВА

№82, шинара, эсаран (октябрь) беттан 30-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: