Вайнехан таханлерчу культурех дош ала Iаламат хала ду, Ахмадова Хьаван цIе ца йоккхуш. Нохчийн Республикин искусствон хьакъйолу гIуллакххо йолчу Хьавагахь дукха говзаллаш ю. Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран чаккхенехь Ахмадова Хьава драматически актриса санна евзара вайна. Россин пачхьалкхехь вевзачу режиссера Хакишев Руслана хIоттийначу «Дай баьхна латта» цIе йолчу спектаклехь Дади Айбикин роль ловзош яра Хьава. ТIаьхьуо Нунуев Сайд-Хьамзата язйинчу «Лулахой» цIе йолчу пьеси тIехь, Россин пачхьалкхан премин лауреат хиллачу Солцаев Мималта, изза цIе йолуш хIоттийначу спектаклехь Лизин роль ловзош а яра. ДагайогIий шуна, почтехь болх беш яра и хаза йоI. Наггахь дейишица Москва йоьдий, тIе саа йоккхуш, юхайохка цхьацца сал-пал йохьура цо. Ахча дукхадезаш турпалхо яра. Хьавас говза гойтура дастамалле йирзина цуьнан сутаралла. Мел халахеташ делахь а, кхечу спектаклашкахь Ахмадова Хьава вайна гале, Нохчийчохь тIом болабелира. Къоначу актрисин говзаллех вай Iехаделлачохь, цхьана ханна иза къайлаелира.
Хаддаза дечу авиатохарша театр а, актриса а дагайогIучохь вай дуьтуш дацара, еххачу хенахь. ТIаьхьуо хиира Ахмадова Хьава маре яхана, пхеа беран нана хилла Нальчикехь Iаш хилар. Нохчийн Республикин халкъан яздархо Ахмадов Муса хиллера Хьаван хIусамда. Бакъдерг хIунда ца дуьйцу, шийла шеконаш шершира дагчу, боккхачу доьзалан нана хилча, мел говза актриса елахь а, ларор юй-те Хьава сцени тIехь болх бан?! Лар йоцуш йовр ю-те цуьнан корматалла? Доьзалан хьашташа хьошур юй-те йоьIан говзалла??? – аьлла. Нохчийн къоман театр езачеран садуу хеттарш дара уьш. Цундела массарна мерза кхаъ хилла дIахIоьттира, Нохчийчохь тIеман кхийсарш лахъелча, Ахмадова Хьава сцени тIехь гучуялар. Юьхьанца, ладоьгIурш цецбохуш, корматалла лаккхарчу тIегIанехь нохчийн поэтийн байташ йоьшуш яра актриса. ХIора байт, шен комаьршачу синан дакъа юкъадуьллий, цхьана актеран театран спектакле ерзайора актрисас. Байтан хIора могIа, къеггина басаршца серлабоккхий, керлачу мукъамехь бекийта ницкъ кхочура цуьнан. Дукха бац вайн республикехь Ахмадова Хьавана санна нохчийн маттахь байташ еша хууш берш. Муьлххачу байтан соавтор ю аллал, говзаллица варкъ доккхуш, «чу са дуьллий» тIома доху цо поэтийн могIанаш, хьовсархой а, ладогIархой а цхьабосса, йийсаре лоцуш.
Сиха йоьдучу замано гайтира Ахмадова Хьава говза эшаршлакхархо хилар а. Нохчийн эстрадин классика хилла дIахIоьттина Ахмадова Хьавас лекха «Нохчийчоь» цIе йолу йиш. Ахмадов Мусан дешнаш тIехь яьккхина и йиш вайн махкахоша езаш тIеэцна. КIезиг яц Ахмадова Хьаван репертуарехь безамах йолу эшарш а. Къаьсттина махкахошна дукхаезачарех ю цо дIаолуш йолу «БIаьргийн нур» цIе йолу йиш а. Кадиев Русланан дешнаш тIехь, Даудов Рамзана мукъам баьккхина и йиш шатайпанчу башхаллица къаьсташ хуьлу. Алссам иллеш ду вайн къоначу иллиалархоша а, эшаршлакхархоша а цуьнан дешнаш тIехь дIаолуш. Къаьсттина билгалдаккха луур дара, Россехь евзачу эшаршлакхархочо Согдианас дIалокху «Нохчийчоь» цIе йолу йиш а. Хьаван дешнаш тIехь кечйина ю иза. Ткъа кхин мел ю уьш. Дийцина ца валлал дукха. Иштта хьуьнаре адам ду-кх вайн заманхо Ахмадова Хьава. Бакъду эшарш лакхарх, царна керла дешнаш яздарх чекхдовлуш дац цуьнан хьуьнарш. Иза Iаламат говза вовшахтохархо ю. Вайн махкахь дуьххьара кегийрхойн пачхьалкхан театр вовшахтоьхнарг а иза ю, «Серло» аьлла, цунна цIе а тиллина. Масех шарахь цу театран исбаьхьаллин куьйгалхо йолуш болх бира цо. Кхузахь гучуелира цуьнгахь йолу режиссеран говзалла. «Ша тIехь йина гIала», «Денисолта», «Буьйсанехь адамаш», «Заза даьккхинчу бешара кIайн цIа», иштта дIа кхин дуккха а спектаклаш хIиттийра Ахмадова Хьавас «Серло» театрехь. Цара йоккха меттиг дIалоцура вайн махкара къона чкъор кхетош- кхиорехь.
Къахьегарх Iебаш яц Хьава. Иза даима а лехамехь ю. Цо юкъаяьхна керла проекташ кхиамца чекхйовлу, хьовсархойн дегнашкахь беркате лар юьтуш. Царех лара мегар ду «Самукъане чкъург», «Поющие актеры», «Керлачу шеран туьйранаш», иштта дIа кхиерш. Ишта-м цо кинохь дакъалаьцна. «Овкъарш» («Пепел») цIе тиллинера вайнах махках бахарх йолчу кинофильмана. «Мосфильман» кинорежиссер Эркенов Хьусайн вара и кино яккха, сценаристаша вайн махка кхайкхинарг. Дукхах болу актераш цо шеца Москвара схьабалийнера, цу фильмехь дакъалацийта. Бакъду, Хь.Ахмадован кхолларалла евзинчул тIаьхьа, Эркеновс дехарш дина, Хьаван а цхьа роль ловзо дийзира цу кинопроектехь. Говза а, шовкъе а ловзайо Хьавас и роль. Кестта вайн махкахойн «Овкъарш» киноленте хьовса аьтто хир бу аьлла а хета тхуна.
2014-чу шеран гурахь Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарахчу нохчийн пачхьалкхан драмтеатран директор хIоттийна Ахмадова Хьава. Iаламат доккха жоьпалла ду иза. Амма дог тешна ду оцу жоьпаллица иза ларор ю аьлла. Хьанал къахьегаро иэшайо муьлхха а халонаш. Ткъа Хьава даима, де а, буьйса а ца лоьруш, нохчийн театран искусствона ецаш ю. Директор хIоттийнера аьлла, даржах Iехаелла, хьаькамаллин кепана йийсаре яхана, паргIатъяьлла яц иза. Оцу дарже дIахIоьттинчу хьалхарчу деношкахь дуьйна, иза керлачу постановки тIехь болх беш яра. ХIХ-чу бIешеран чаккхенехь гуьржийн актер, режиссер, драматург хиллачу Цагарели Авксентийн «Ханума» цIе йолу комеди хIоттийра Ахмадова Хьавас Керла 2015-гIа шо тIекхачале. Самукъане спектакль ю иза, алссам зевне мукъамаш, шовкъе хелхарш, ира забарш йолуш. Хьовсархоша, дог резадина тIеийцира керла спектакль. Хь.Ахмадован доза доцчу таронийн беркат дара и самукъане спектакль серлаяьккхинарг. Вайна массарна а хууш ма-хиллара, баьхначу кхиамех цкъа а тоам беш яц иза. Цкъа мацах, кхиамца Нохчийн пачхьалкхан университетехь актеран говзалла караерзийна Хьава, тахана Москварчу Театран академехь доьшуш ю, режиссеран говзалла караерзош. Иза даима хаза, товш, самукъане ю, керлачу лакхенашка кховда кийча. Мацах цкъа, Чинерчу философа Конфуцис аьлла боху: «Шена дезаш, даго къобалдина гIуллакх дIакхоьхьуш волу стаг цкъа а кIад ца ло». ХIара санна йолчу адамех аьлла хила там бу дуьненна вевзачу хьекъалчас и дешнаш.
– Бакъду, кIорггера хаарш а, нуьцкъала амал а йоцчу стаге дIакхехьа лур долуш гIуллакхаш дац тахана цо дIакхоьхьурш. Цунах бIаьрг кхетча самалха долу дукхах болчу нехан. Цундела ларйо иза хIора шоьтан дийнахь телехьовсархоша. Цо дIахьош йолу «Даймехкан аьзнаш» цIе йолу телепередача дукхаеза массарна а. Дагна хьоме иллеш, эшарш хазарал совнаха, цу телепередачашкахь Ахмадова Хьавас вайн махкарчу поэтийн а, яздархойн а кхолларалла йовзуьйту, нохчийн къоман оьздангаллех дуьйцу, бIешерийн кIоргенера лардеш схьадеана, дайша вайга кховдийна гIиллакхаш а, ламасташ а хьахадо. Иза ларайо массанхьа а. Массо а хIуман тIехь ка а долу цуьнан, халкъан а, мехкан а дуьхьа къахьоьгуш хиларе терра. Дукха ду цо дина диканаш. Ханна йоккха яцахь а, шен башхачу кхоллараллин массо а агIо яста, и мах боцу беркат вайна довзийта ларийна Хьава. ХIора шарахь, февраль беттан ворхIалгIачу дийнахь ша йина де билгалдоккху, хIинцца шовзткъа шарера яьллачу, къоначу зудчо. Атта боцчу кхоллараллин новкъахь гIеметтахIутту хан ю иза. Цундела вай дегайовхо кхобу, кхидIа а, еххачу хенахь, беркате зазахецначу Хь. Ахмадован башхачу кхолларалло махкахойн дегнаш хьоьстург хиларх.
ГАЗИЕВА Аза