Дукха хан йоццуш Соьлжа-ГIаларчу пачхьалкхан мехкадаьттан технически университетан 2-чу корпусехь дIабаьхьира Архитектура кафедрин тоьллачу студентийн кхоллараллин белхийн гайтам.

ГГНТУ-2018 технологийн а, инновацийн а Iилманан фестивалан гурашкахь дIахьош бара иза. И башха гайтам лерина бара университетан 100 шо кхачарна. Иза вовшахтоьхнера университетан Архитектурин кафедрин доцента а, Россин Федерацин хьакъйолу суртдиллархочо Даудова Фатимас.
Гайтаме бехкина бара живопись, сурт, скульптура, иштта студенташа шайн лаамашка хьаьжжина хаьржина кхечу жанрашкахь болу белхаш а. Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара университетан ГIишлошъяран факультетан декан А.Абуханов, деканан заместительш В.Хадисов, Р.Берсанов, Архитектурин кафедрин куьйгалхо Ш.Насуханов, университетан хьехархой, магистраш, студенташ.
Иштта гайтамаш университетехь дIабахьар мехала хиларх лаьцна дуьйцуш йистхилира Даудова Фатима: «Хууш ма-хиллара, хIара тайпа гайтамаш университетехь хIора шарахь дIахьош бу. Иза мехала гIуллакх ду. ХIора а шарахь гайтамехь дакъалоцу студенташ алсамбовлуш бу, иштта лакхадолуш ду церан хаарийн тIегIа а. Суна чIогIа хазахета гайтамехь дакъалоцуш магистраш болуш», – элира цо.
Иштта, Ф.Даудовас шен къамелехь билгалдаьккхира цхьаболчу студентийн белхаш эсаран (октябрь) баттахь Чергазийчохь дIахьон болчу дуьненаюкъарчу «дизайнан» гайтамехь дакъалоцуш хирг хилар.
Цхьаьнакхетар дерзош ГIишлошъяран факультетан декана А.Абухановс баркалла элира гайтам вовшахтохарехь дакъа мел лаьцначарна.
З.САГАЕВА
Суьрта тIехь: гайтам
№82, шинара, эсаран (октябрь) беттан 30-гIа де, 2018 шо