Соьлжа-ГIаларчу Журналистийн скверехь эсаран (октябрь) беттан 25-чу дийнахь дIаяьхьира вайн республикехь арадолучу газетийн, журналийн ярмарка. Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос, зорбанан изданийн белхахойн гIоьнца.

«Нана», «Вайнах», «Орга», «СтелаIад» журналаш, «Даймохк», «Вести республики», «Столица +», «Молодежная смена», «Исламан зIаьнарш», «Наша школа», Веданан («Керла дахар»), Шелковскойн («Теркан керланиг») кIошташкахь арадолу газеташ дара журналисташа республикин бахархойн тидаме дехкинарш.
«Вести республики» газетан белхахочо Ледиев Шамхана тIебаьхкинчарна хIора издани йовзуьйтура, иштта, журналаш а, газеташ а муха, мичахь яздан мега а хаийтира.
Вайнах санна, кхечу къомах болу бахархой а, хьеший а тIебогIура республикехь арайовлучу изданешка бIаьргтоха. Масала, Ташкентера еанчу яхархочун аьтто хилира шена хазахета журналаш а, газеташ а харжа. Уьш, дезачунна, маьхза дIасадийкъира изданийн белхахоша.
Ярмарка дIаяхьаран Iалашо яра вайн изданеш йовзийтина ца Iаш, адамаш уьш ешаре марздар, цаьрга язлуш берш алсамбахар.
Л.ДАУТОВА
№82, шинара, эсаран (октябрь) беттан 30-гIа де, 2018 шо