Чакаев Ахьмада дуьненан чемпионатехь дато мидал яьккхина

Латарийн «Ахмат» клубан векал Чакаев Ахьмад хIокху деношкахь дIаяьхьначу паргIатчу кепехь латарехула йолчу дуьненан чемпионатан 65 кийлане кхаччалц йолчу йозаллин категорехь дуьненан чемпион хилла.

Чакаевс 5 латар дIадаьхьира, царах 4 латарехь Европин а, дуьненан а, Олимпийски ловзарийн а чемпионашна тIехь толамаш бехира цо, ткъа цхьана латарехь ийшира, оццу йозаллин категорехь хинволчу чемпиона толам а боккхуш.

Билгалдаккха деза, А.Чакаев Россин уггаре тоьллачу латархойх цхьаъ хилар. 2016-чу шарахь дIаяьхьначу дуьненан чемпионатера йоьзан а, 2017-чу шарахь дIаяьхьначу Европин чемпионатера дато а совгIаташ деана цо, ткъа хIинца рогIера кхин цхьа совгIат а даьккхина.

«Уггаре хьалха оцу кхиамца Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан декъалво оха. Баркалла ала лаьа цунна, цо вайн спортсменашна гIо-накъосталла а, тидам а барна. Оха декъалво Чакаев Ахьмад лаккхара совгIат даккхарца. Иштта совгIаташ цо кхин а дуккха а дохийла а лаьа тхуна. Тхо тешна ду, Чакаевс шен гIалаташна тIехь болх бийриг хиларх», – яздина Спортан латаран федерацин а, республикин латарийн «Ахмат» клубан а инстаграмерчу агIонашкахь.

I.ТЕРЛОЕВ

№82, шинара, эсаран (октябрь) беттан 30-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: