Халкъан яздархо дагалоцуш…

2018-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 29-чу дийнахь 85 шо кхочур дара нохчийн сийлахь воккхачу яздархочун Айдамиров Абузаран.

Цунна лерина дагалецамийн цхьаьнакхетар дIадаьхьира эсаран беттан 24-чу дийнахь Невран кIоштарчу Новр-ГIалин №1 йолчу школехь.

Беза хьеший бара оцу цхьаьнакхетаре баьхкина, шайна юкъахь Нохчийн Республикин халкъан яздархочун Айдамиров Абузаран йоI, яздархо Айдамирова Машар йолуш.

Поэташ Бухадиев Муса, Сейлмуханов Муса, иштта дуккха а кхиболу хьеший а бара дешархошца цхьаьнакхета баьхкина.

Цара дийцира Айдамиров Абузаран кхоллараллах а, яздархочун говзарша нохчийн къоман дахарехь Iаламат мехала меттиг дIалоцуш хиларх лаьцна.

Дешархоша сема ладуьйгIира хьешашка. Шайна Айдамиров Абузаран кхолларалла евзаш, езаш хилар а хаийтира дешархоша, яздархочун говзаршна тIера цхьацца кийсакаш йоьшуш.

Беркате тIаьхье хир ю аьлла хета иштта долчу цхьаьнакхетаран.

Иза вовшахтоьхнарш бара школин хьехархой а, Невран кIоштан берийн кхоллараллин кхерчан белхахой а.

А.ГАЗИЕВА

№82, шинара, эсаран (октябрь) беттан 30-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: