(Комсомол кхоьллина 100 шо кхачарна лерина)
1918-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 29-чу дийнахь Москвахь шен болх дIаболийначу кегийрхойн гуламехь дIакхайкхийна комсомол кхоллаяларах болу дуьххьарлера хаам. Тайп-тайпана йолу кегийрхойн тобанаш цхьана куьйга кIел яло йолчу Iалашонца, кIорггера Iилма долчу коммунистийн идеологино бина болх бара иза. Россин комсомолан ЦК-н дуьххьарлера секретарь Цетлин Ефим хилла.
1919-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 5–8-чуй деношкахь Петарбухехь дIахьо комсомолан шолгIа гулам. Комсомолан исторехь уггаре а коьртачарех лоруш бу кхоалгIа гулам.
1920-чу шеран эсаран (октябрь) баттахь Москвахь дIабаьхьначу комсомолан кхоалгIачу гуламехь дакъалоцу В.Ленина. «Кегийрхойн союзан декхарш» цIе йолу цуьнан доклад коьрта документ хилла дIахIоьттира ерригроссин комсомолан. Нохчийчохь комсомол кхоллар 1920-чу шарахь дIадолийна Йоккхачу мехкадаьттанехь (Старые промысла). Комсомолан кхоалгIачу гуламехь дIакъалоцуш хилла Соьлжа-ГIаларчу комсомолан цхьаьнакхетараллин векал А.Андреев.
1920-чу шеран хIутосург (май) беттан 21-чу дийнахь кхоллаелла Соьлжа-ГIалахь дуьххьарлера комсомолан райком. Цуьнан куьйгаллехь хилла Хрипович Владислав, Шведов Виктор, Строков Павел. Нохчех дуьххьарлера комсомолан жигархо ву Казалиев СаьIид.
1920-чу шеран оханан (апрель) баттахь вовшахтоьхначу комсомолан ячейкина куьйгаллехь лаьттина иза. Цо жигара дакъалаьцна 1920-чу шеран товбецан (сентябрь) баттахь Соьлжа-ГIалин окружной комсомолан дуьххьарлера конференци кечъеш а, дIахьош а. Соьлжа-ГIаларчу комсомольцех дукхахберш оьрсийн къомах бара, юьхьанца кIезиг бен бацара царна юкъахь нохчий. Ткъа коммунистийн Iедал генна хьалхахьа хьоьжуш дара.
1921-чу шеран кхолламан (январь) баттахь СоьлжаГIаларчу комсомолан окружкоман бюрос Шведов Владимирна, Елисеев Тимофейна, Казалиев СаьIидана тIедуьллу нохчийн ярташкара кегийрхой комсомолана юкъаозор. Цара, жигара дIаболабо шайн болх. Казалиев СаьIидан а, цуьнан белхан накъостийн а хьуьнар бахьанехь, 1921-чу шеран хIутосург (май) баттахь Шелахь вовшахкхета комсомолан ячейка, Беймурадов Iумар коьртехь а волуш.ТIаьхьа иштта болх бан йолало Йоккхачу АтагIара комсомольцийн ячейка, Чемиев Мохьмад, Муслиева Деши, Садыкова Гезу, иштта кхиболу кегийрхой юкъахь а болуш. Шелахошца, атагIошца йохье бовлий, Iалхан-Юьртарчу, Гихтарчу, ГIойтIарчу кегийрхоша а кхуллу шайн ярташкахь комсомолан ячейкаш. ГIойтIахь комсомолан болх жигарабаккхаран декхарш шайна тIелецира ЦIечу Эскаран бIаьхой хиллачу Мидаев Дашас, Моллаев Супьяна, Митаев Сулеймана, председатель Мидаев Даша а волуш.
1921-гIа шо чекхдолуш, Нохчийчохь комсомолан 15 цхьаьнакхетаралла яра, шайна юкъавогIуш 500 сов стаг волуш.
1921-гIа шо чекхдалале церан аьтто белира нохчийн дуьххьарлера комсомолан конференци дIаяхьа а, дан деза гIуллакхаш билгалдаха а. Iаламат халачу хьелашкахь къахьега дезна Нохчийчуьрчу комсомольцийн. Контрреволюционни, уголовни, политикин зуламхоша лелочу питанашца луьра къийсам латто дезна церан. Вер-ваккхар нислуш меттигаш яьхкина, етташ меттигаш кхин а алсам хилла. Амма Ленинан къаьмнийн политикех дог тешна болу вайн къона махкахой къарбелла юха-м ца бевлла. Шайгахь йолчу таронца хьанал къахьоьгуш, вайнехан халкъан зовкх дебон йолчу Iалашонца хьалхахьа гIиртина, шайна мел хала хиллехь а. Шело, гIело, мацалла лайна. Дуьххьарлера комсомольцаш даггара тешна нохчийн къоман сирлачу кханенах, халкъашна юкъахь долчу вежараллин доттагIаллех. Луьрачу къийсамехь амалш яхчаелла церан, халкъан дуьхьа дацалаар совдийлина хIора денна. Де дийне мел долу, стамлуш хилла церан могIарш.
1924-чу шеран кхолламан (январь) беттан 21-чу дийнахь кхелха коммунистийн баьчча В.Ленин. Цуьнга болчу ларамна, дукха адам КПСС-н могIаршка хIуьтту оцу деношкахь. КIезиг бацара царна юкъахь кегийрхой а. Ерриге а Россехь 1924-чу шеран кхолламан баттахь РКП(б) могIаршка дIахIоьттина 240 эзар стаг. Нохчийчохь – 2 эзар сов стаг, царах 900 сов стаг Нохчийчоьнан комсомолан могIаршка дIахIоьттира. РКСМ-н XI-чу гуламехь комсомолана Ленинан сийлахь цIе тилларо а совбаьккхира кегийрхойн цхьаьнакхетаралле болу ларам. Цундела нохчийн кегийрхой жигара комсомолан могIаршка дIахIитта сихбелира.
Иштта, 1928-чу шарахь нохчийн комсомольцийн барам 11 эзаре хьалакхаьчна. Комсомольцаша жигара къахьегна клубашкахь, ликбезашкахь махкахошна йоза-дешар довзуьйтуш, ломарчу кIотаршкахь школаш йохкуш. Вайн мохк цIинбан лууш, кест-кеста субботникашкахь къахьоьгуш хилла цара. Комсомольцийн комаьршаллех вайн халкъана, махкана доккха беркат даьлла. Церан хьуьнар бахьанехь, дуккха а нахана йоза-дешар Iемина, дуккха а кегийрхой рабфаке деша а бахана, цхьацца корматаллаш кара а ерзийна.
Нохчийн комсомоло заза даьккхинчохь
ХХ-чу бIешеран 30-чу шерашкахь беркате зазахецна яра нохчийн комсомол. Ерриге а СССР-хь гIарабевлла турпалхой бара вайнехан комсомольцашна юкъахь. Царах цхьаъ вара ХьалхаМартантIерчу «Ленинан некъ» цIе йолчу колхозан жигархо Гучигов Iали. Шен 14 шо кхочуш веанера иза колхозе балха. ХьаьжкIаш лелош баьхначу баккхийчу кхиамаша вайн ерриге а пачхьалкхехь йовзийтинера цуьнан цIе. Комсомольцийн кегийрхойн бригадин куьйгалхо вара Гучигов Iали. Цуьнан 17 шо бен дацара къинхьегамехь гайтина хьуьнар бахьанехь, «Знак почета» орденца Кремлерчу хьаькамаша совгIат деш. Иштта, Гучигов Iали СССР-н Лакхарчу Совете нохчех дуьххьара депутат хаьржина вара. Иштта хьуьнаречу комсомольцех цхьаъ вара ГIойтIара Габаев Докка. Соьлжа-ГIаларчу мехкадаьттан говзанчаш кхиочу институтан студент волу иза кегийрхошца къамел дан а, царна комсомолан сийлалла йовзийта а ца кхочуш, Нохчийчохь цхьа а юрт яцара.
Мокъа еанчу хенахь, Шелахь, МартантIехь, Веданахь, Нажи-Юьртахь хуьлуру иза нохчийн ярташкарчу кегийрхошца къамелаш деш, уьш йохье бохуш, цаьрца кхетошкхиоран болх дIахьош. БIачи-Юьртарчу комсомолан ячейкин дуьххьарлера куьйгалхо Сулейманов Идрис, къиза йиттина, вийнера зуламхоша. Iаларой-Эвларчу комсомолан ячейкин куьйгалхо, юьртарчу школин хьехархо Рябов Алексей а вийнера. Амма зуламхойх озабелла, къарбелла нохчийн комсомольцаша дIа ца тесира шаьш юьхьаралаьцна гIуллакх.
ХХ-чу бIешеран 30-чу шерашкахь нохчийн комсомолан могIаршкахь алссам бара шайн цIерш яха дозаллица хьакъдолу кIентий. Уьш бара: А.Алероев, И.Багрянцев, С.Казалиев, О.Кулаева, С.Куркиев, Д.Мидаев, М.Гайрбеков, А-Х.Саламов, Т.Мещерякова, К.Хохлова, Х.Вахаев, Н.Музаев, В.Хрипович, Э.Эсмурзиев, А.Авторханов, А.Сулейманов, иштта дуккха а кхиберш. Церан яхь, доьналла, нуьцкъала амал, синъондалла ю вайн махкахь комсомол когаяхийтинарг а, хьаналчу къинхьегаман толамашца кхиамийн беркате зазахецийтинарг а.
Хьал ца хуучунна моттадала тарло ХХ-чу бIешеран 30- чу шерашкахь комсомолан могIаршкахь вайнехан мехкарий ца хилла. Нохчийн мехкарех дуьххьара комсомолан могIаршка дIахIоьттинчарах цхьаъ ю Хасаева Умисат. Цо дукха къахьегна нохчийн зударшна йоза-дешар Iамо лууш а. Иштта, гIараяьлла комсомолан жигархо хилла Анзорова Балкан а. Хьехархойн курсаш чекхъяьхна, юьхьанца зударшна хьоьхуш хилла Балкан. ТIаьхьуо цо схьайоьллу бедарш тегаран артель. Цигахь нохчийн мехкарий маха баккха, тега Iамабо цо. Иштта, Балкан говза пондар локхуш, ша эшарш йохуш хилла. Комсомолан могIаршкахь хилла ю нохчийн зударех дуьххьарлера юрист Батукаева Халисат а. Хьалхарчийн могIарехь къоман журналистике еана цуьнан йиша Асет а. Иштта, дуккха а кхиболу хьуьнаре мехкарий бара нохчийн комсомолан могIаршкахь.
1934-чу шеран кхолламан (январь) беттан 15-чу дийнахь цхьаьнатуху Нохчийн а, ГIалгIайн а автономни областаш. Цу дийнахь дуьйна, Советийн Iедал доьхна дIадаллалц, шина областан комсомол а цхьанатуьйхира конференцехь. Конференцин сацамца кегийрхойн газет схьадиллира, «Ленинец» цIе а тиллина. Газет кхаа маттахь зорбане долуш дара: оьрсийн, нохчийн, гIалгIайн. Нохчийн маттахь зорбане йолучу агIонан цIе «Ленинхо» тиллира. Цуьнан коьрта редактор комсомолец, къона журналист Шаипов Iийса вара. Юьхьанца цуьнан заместитель вара Москварчу комсомолан институтехь журналистийн факультет чекхъяьккхина волу Музаев Нурди. ТIаьхьа Нурдих хилира «Ленинхо» газетан редактор.
Хууш ду 1934-чу шарахь комсомолийн-кегийрхойн бригадашна юкъахь социалистически йохьаллин къовсам дIакхайкхийнарш Нохчийчуьра комсомольцаш хилар.
Цундела 1935-чу шеран чиллин (февраль) беттан 11-чу дийнахь арадаьллачу «Комсомольская правда» газето яздора: «Нохч-ГIалгIайчохь дIаболийна социалистически йохьаллин къовсам ерриге а Советийн Союзехула дIасабаржар бахьанехь, ерриге а СССР-чу комсомольцашкара Iаламат доккха гIонакъосталла хилла вайн пачхьалкхехь колхозаш кхиорна, колхозан бахам тобарна». Цкъа а тесна буьтуш бацара комсомоло вайнехан зударшна юкъахь дIахьош болу кхетош-кхиоран болх. Цунна къеггина тоьшалла ду 1935-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 1–3-чуй деношкахь Соьлжа-ГIалахь нохчийн комсомоло вовшахтоьхна вайнехан къоначу зударийн гулам. Гуламехь билгалдехира дан деза гIуллакхаш. Царах уггаре а коьртачарех дара: мехкаршка дешийта дезаш хилар, уьш юкъараллин балхана юкъаозо безаш хилар, йоза-дешарх кхеташ берш лакхарчу даржашка дIахIитто безаш хилар.
Вайнехан къоначу зударийн хьалхарчу гуламехь иштта билгалдаьккхира: «Нохч-ГIалгIайчохь йолчу 830 ликбезехь доьшуш 8 448 йоI хилар, оцу ликбезашкахь мехкаршна лерина ехкина музыкальни 39, хоровой 13 кружок хилар, дарже хIоттийна вайнехан 67 йоI хилар. Нийса топ кхосса Iамийна вайнехан 25 йоI хилар, ГТО норма дIаелла 29 йоI хилар, парашютан спортаца уьйр-марзо йолуш, бIаьрла кхиамаш бохуш 97 йоI хилар».
Оцу терахьаша гойту вайн махкахь комсомол жигара болх беш хилла хилар. Гуламан резолюци тидаме эцна, 1936-чу шеран лахьанан (ноябрь) баттахь Шеларчу МТС-хь кхаа беттан курсаш схьайиллира мехкаршка трактористийн корматалла караерзаяйта. Шелахошца йоххье бевллачу мартанхоша, веданхоша, несархоша шайн кIоштийн МТС-шкахь схьайиллира иштта курсаш. Шелахоша трактористийн курсаш схьаелларх тоам ца беш, говрашка ховшийра шайн мехкарий.
1936-чу шеран чиллин (февраль) беттан 10-чу дийнахь говрашкахь Шелара хьалайолаелира 188 йоI. ЭгIаштIехула, МахкатIехула, Элистанжехула готесна ЦIеВедана кхечира уьш. ХIора юьртахь чIепалгин шун эцна некъахошна дуьхьалбевлла иштта хаза мехкарий хуьлура. Шаьш говрашкахь арабаьккхина некъ масех де даьлча, Соьлжа-ГIалахь дIахьонйолчу Нохч-ГIалгIайн комсомолан областан конференцина лерира цара.
1940-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн Республикехь 40 эзар гергга комсомолец вара. КIезиг бацара царна юкъахь лаккхара дешаран кхерчаш чекхбаьхна лоьрийн, хьехархойн, инженерийн корматаллаш караерзийнарш а. Иштта кхуьуш яра вайнехан кхоллараллин интеллигенци а.
ТIеман кIурлахь
1941-чу шеран асаран (июнь) беттан 22-чу дийнахь немцойн фашисташа ямартлонца тIелатар дина, Сийлахьбоккха Даймехкан тIом дIаболалуш, Нохч-ГIалгIайн Республикера итт эзар сов жима стаг ЦIечу Эскарехь гIуллакх деш вара. ТIом болабеллачу хьалхарчу деношкахь, шайн лаамехь кхин кхойтта эзар стаг тIеман ара дIавахара. Шайн лаамехь тIаме баханчарна юкъахь 2 эзар сов мехкарий бара. Дукхах болу бIаьхой комсомольцаш бара. ТIеман ара дIабаханчарна юкъахь яра: Тепсаева Совдат, Мазаева Есимат, Мушаева Лиза, йижарий Асет а, Нина а ТутаевгIар, иштта дуккха кхиберш а.
1941-чу шеран асаран (июнь) беттан 22-чу Iуьйранна пхи сахьт долуш, мостагIех леташ вара вайн махкахо, 125-чу стрелкови дивизин 550-чу полкан бIаьхо Идрисов Абухьаьжа. ТIеман хьалхарчу сохьташкахь дуьйна мостагIех летта танкист, капитан Мазаев Маташ, Инарла-майора М.Малеевс куьйгалла дечу 3-чу дошлойн дивизин, 34- чу дошлойн полкан бIаьхо капитан Висаитов Мовлади. Нохчийн комсомоло кхиийна и тайпа яхь йолу кIентий а, мехкарий а алссам хилла фашистех леташ.
1941-чу шеран хьаьттан (август) беттан 17-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу комсомольцаша субботник йира, даьккхина ахча ЦIечу Эскарна дIахьажийра. Цул сов, ДОТаш, ДЗОТаш, баррикадаш ярна комсомольцаша гулйинера итт эзар гали гIум, 100 тонн кIохцал сара, ягориг чуйотта 150 ззар деса шиша. Асланбековски кIоштарчу ГIатан-Кхаьлларчу комсомольцаша 12 миллион сом ахча гулдинера бронепоезд эца. «Шерипов Асланбек» аьлла, цIе тиллинера цара цунна.
1943-чу шеран кхолламан (январь) беттан 28-чу дийнахь арадаьллачу «Грозненский рабочий» газетан агIонаш тIехь зорбане яьккхина баркаллин телеграмма яра Сталин Иосифа яийтина. Телеграммехь СССР-н Лакхарчу Главнокомандующис доьхура: «НохчГIалгIайн Республикерчу берриге а колхозникашка мерза маршалла дIадалар, царна доккха баркалла алар 12 миллион сом ахча гулдарна». Нохч-ГIалгIайн къоман драмин театро танк эца ахча вовшах а туьйхира, хаддаза фронтана шалонашкахь дIакхоьхьуьйтуш посылкаш а яра.
1943-чу шеран оханан (апрель) беттан 8-чу дийнахь хIора вайн махкахочо шех дозалла дан хьакъдолуш кхаъ баьржира Нохч-ГIалгIайн Республикехула. Нохчийн майрачу кIантана Нурадилов Ханпашина «Советийн Союзан Турпалхо» сийлахь цIе яларан хьокъехь бара иза.
1942-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 18-чу дийнахь Сталинградана уллехь кхихкинчу буьрсачу тIемашкахь воьжнера турпала кIант, комсомолец Нурадилов Ханпаша. Цо хIаллаквинера эзар гергга фашист, йийсаре валийнера 15 немцойн салти, схьаяьккхинера мостагIчуьнгара 7 пулемет. Иштта шайх дозалла дан хьакъболу, нохчийн комсомоло кхиийна кIентий дуккха а бара фашистех леташ: Магомед-Мирзоев Хаважи, Бейбулатов Ирбахьайн, Амаев Махьмуд, Дачиев Хансолта, Висаитов Сакка, БрестгIопехь турпала эгна вайн сийлахь махкахой, иштта дуккха кхиберш а.
1942-чу шарахь вайн махкахь вовшахтоьхна Висаитов Мовладин куьйга кIел тIеман ара дIахьажийна Нохч-ГIалгIайн 255-гIа леринчу дошлойн полкан 4 562 стаг. 3 543 нохчи а вара царна юкъахь, дукхахберш комсомольцаш а болуш.
Дай баьхначу лаьтта тIехь
Партехь, комсомолехь верг, воцург ца къастош, 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь дерриге а нохчийн къам халкъан мостагIий лерина махках даьккхира. ХХ-чу бIешеран 20–30-гIий шерашкахь комсомолехь хилла кегийрхой хIинца гIеметтахIиттинера. Цара кехаташ яздора Кремле вайнехан бехк-гунахь цахилар хоуьйтуш, Кавказе цIадерзор доьхуш.
1957-чу шеран кхолламан (январь) беттан 9-чу дийнахь бакъо елира нохчашна шайн махка юхаберза. Дешериев Юнуса, Гайрбеков Муслима, Чентиева Марема, Дукузов Хьамида, Цутиев Iумара, Мальсагов Дзияуддис, Татаев Вахас, Хамидов Iабдуллас, Абазатов Мохьмада, Тепсаев Абдул-Вахьаба, Магомаев Хас-Мохьмада, Чалаев Билалас, Индербиев Мохьмада, Асхабов Нажмуддис, Висаитов Саккас, Висаитов Мовладис, Шатаев Шемала, Мальсагов Тухана, Базоркин Идриса, иштта дуккха кхечара а дукха къахьегнера вайнах цIаберзо гIерташ. ЦIадирзича, Нохч-ГIалгIайн Республикин комсомолан Обкоман сацамца юкъадаьккхира кегийрхойн керла газет. Цуьнан цIе «Комсомольское племя» яра. Газетан хьалхара номер араелира 1957- чу шеран мангалан (июль) беттан 2-чу дийнахь.
1957-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 24–25-чуй деношкахь Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьира Нохч-ГIалгIайн комсомолан областан конференци. Цо тIеэцначу резолюцис комсомольцашна, кегийрхошна тIедожадора КПСС-н ХХ-чу съездан сацамаш къолбалбина тIелацар. Оцу съездан коьрта сацам, вайнах а, иштта кхидолу къаьмнаш а дай баьхначу лаьтта тIе цIадерзор бара. Иштта, конференцехь дийцаре дира нохчийн ярташ а, кIотарш а цIинъян езаш хиларан гIуллакх.
1958-чу шеран бIаьста дIаболийра и болх. ХIутосург (май) бутт тIекхачале 12 субботник йира комсомольцаша, болх бан дIайолаялийтира нохчийн ярташкара 96 клуб, дIадуьйгIира 155 эзар синтар. БухIан-Юьртан йистошца дIадоьгIнарг 30 эзар синтар дара. Соьлжа-ГIалахь ткъех спортан майда кечйира, йира шиъ стадион, 3 тир, 4 хелхаран майда. Иштта жигарабаьккхира комсомольцаша кегийрхошна, кхиазхошна юкъахь беш болу кхетош-кхиоран болх. «Комсомольское племя» газетехь 1958-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 16-чу дийнахь болх бан йолало къоначу корреспондентийн школа. Цигахь доьшуш вара: Кусаев Iадиз, Юсупов Султан, Дикаев Мохьмад, Сайдулаев Iабдулла, Богданов Виктор, иштта дуккха а кхиберш а. Алсам журналисташ кхиийра оцу школо. Цуьнан беркат тахана а хьерчаш ду къоман журналистикех.
1958-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 28-чу дийнахь Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарах йолчу Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драмин театро юха дIаболабо шен болх. Кегийрхойн йоккха тоба Ленинградерчу театран институте деша хьажийра культурин министерство. Республикин кIошташкахь кхиамца болх беш яра исбаьхьаллин самодеятельносташ.
ХХ-чу бIешеран 60-чу шерашкахь Къилбаседа Кавказехь тоьллачарех цхьаъ яра вайн республикин комсомолан организаци.
Комсомолан тIаьххьара шераш
ХХ-чу бIешеран 70-гIа шераш беркате даьхкира вайн комсомолана.
1973-чу шарахь комсомолан обкоман хьалхара секретарь дуьххьара нохчийн оьзда йоI, Махмудхаджиева Тамара хаьржира. Иза мерза кхаъ бара вайнехан массо а яхь йолчу стагана. Тамара шен къоман йоI яра. Цуьнгахь ира хьекъал, кIорггера хаарш, доккха доьналла дара. Мелла а хийцамаш беара Тамарас Нохч-ГIалгIайчоьнан комсомоле. Уггаре а хьалха кадрийн политикица боьзна а бара уьш.
Тамара куьйгалле хIотталц Нохч-ГIалгIайн Республикин дукхах йолчу кIошташкахь комсомолан райкоман хьалхара секретараш оьрсийн къоман векалш бара. Наггахь а нохчийн къомах волу стаг куьйгалле вуьтуш вацара. Махмудхаджиева Тамарин хьуьнар, лаам, синъондалла бахьанехь ястаяла юьйлира и гIура. Уггаре а хьалха билгалваккха хьакъ ду Грозненски кIоштахь комсомолан райкоман хьалхара секретаран болх бина Дениев Хас-Мохьмад. Дуккха а нахана гIуллакх дина кхиъна ву иза.
ТIаьхьа Нохч-ГIалгIайн Республикин КПСС-н обкомехь болх бира цо.Вайн махкахь тIеман бода базбелча, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентана, Россин Турпалхочунна Кадыров Ахьмад-Хьаьжина тешаме накъост хилла ву Хас-Мохьмад. Комсомолан хан дикка гена яьллехь а, тахана къахьоьгуш а ву. Шен заманан тоьллачу кIентех цхьаъ ву Киндаров Iабдулла. Комсомолехь болх беш а, тIаьхьа Нохч-ГIалгIайн Республикин культурин министр волуш а шен къоман зовкх дебо лууш къахьегна цо.
Хетарехь хIинца а, советийн заманахь муххале а, дукха министраш бац ненан маттахь къамел дан хууш. Киндаров Iабдуллас къамел дарал сов, муьлхха а кехат яздора нохчийн маттахь. Шен къам дезаран, цуьнан оьзда гIиллакхаш лоруш хиларан къеггина тоьшалла дара иза. Иттех шарахь Нохч-ГIалгIайн Республикин министрийн Советехь болх бина цо. ХIинца а шен къам, цуьнан культура, литература езаш ву. Таханлерчу кегийрхошна доккха масал ду цуьнан башха амал. Нохчийн комсомоло кхиийна тайна кIентий хьехочохь, нийса хир дацара Теркайистерчу Докаев Ахьмадан цIе ца яьккхича. Нана-Нохчийчоь тIеман цIаро ягочу муьрехь, Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллаккхийн министран хьалхарчу заместителан болх беш вара иза. Иштта, тоьллачу кIентех цхьаъ вара Соьлжа-ГIаларчу Ленински кIоштан комсомолан комитетан хьалхара секретарь Таштамиров Руслан а. ТIаьхьуо оццу исполкоман председатель вара иза.
Соьлжа-ГIаларчу Октябрьски кIоштан комсомолан комитетан хьалхара секретарь хилла Мадагов Дукхаваха. Комсомолехь волуш яккхийтина шен дика цIе дерриге а дахарехула чекхйоккхуш, схьавогIуш ву иза. Бохамийн бода дай баьхначу лаьттах хьаьрчинчу муьрехь, кхиберш санна, махках ца велира Дукхаваха. Иза шен халкъаца вара, буьрсачу тIеман къахьо Iовшуш. Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дIаболийначу некъана тешаме волуш, Госсоветехь а, Нохчийн Республикин Парламентехь а белхаш бина цо.
ДоттагIаллин зIенаш СССР-н, массо а маьIIехь бохург санна, дIатеснера. Венгрерчу Комароман областаца а яра доттагIаллин зIенаш. Кесткеста вайн кегийрхой Венгре боьлхура, цигара хьеший вай долчохь хуьлура. Къаьсттина жигарадаьккхинера юьртабахаман отрядаш вовшахтохар. Аьхка вай долчуьра студенташ кхечу регионашка кхочура, цигарчу бахархошна хасстоьмаш гулбеш гIонакъосталла дан, цигара студенташ вай долчу а богIура. Иштта жигарадаьккхина дара гIишлошъяран отрядаш вовшахтохаран гIуллакх а. Ибрагимов Мовсур, Арсалиев Шавади, Магомадов Насрудди, иштта кхиболу кIентий куьйгаллехь болуш, вайн махкара гIишлошъяран отрядаш дуккха а гIаланашкахь хилла. Вайн махкарчу комсомольцийн дика цIе яккхийтина хилла Ибрагимов Мовсур а, Арсалиев Шавади а. Къилбаседа Кавказехь бевзаш Iилманчаш а, кегийрхошца кхетош-кхиоран болх дIахьош а бу уьш.
1977-чу шарахь Махмудхаджиева Тамара Нохч-ГIалгIайн Республикин министрийн Советан председателан заместителан балха хьажийча, цуьнан метта комсомолан обкоман хьалхара секретарь хаьржира Эльмурзаев ГIайрсолта. Уггаре а хьалха, къоман культура, литература кхиорна бегIийла гечонаш лехира цо. ДIакхайкхийра нохчийн литературин бухбиллархочун Бадуев СаьIидан цIарах йолу къоначу яздархойн конкурс. И мехала конкурс хIора шарахь дIахьош яра. Иштта, шен семачу тидаме ийцира культурин белхалойн къона чкъор. Нохч-ГIалгIайн комсомолан мехалчу совгIатийн лауреаташ хилира цхьамогIа актераш, режиссераш, яздархой: Омаев Дагун, Беков ИбрахIим, Наурбиев Руслан, Цицкиев Мохьмад, Надеждина Нонна, Тхостов Мурад, Хавричев Евгений, Хаджиева Нелли, Солцаев Мималт, Хакишев Руслан, Сулаев Мохьмад, Чахкиев СаьIид, Шахбулатов Iаднан, иштта дуккха а кхиберш.
Къоначу яздархошца уллера доттагIалла долуш, «Пхьармат» цIе йолчу литературин цхьаьнакхетараллехь дакъалоцуш вара Нохч-ГIалгIайн комсомолан обкоман отделана куьйгаллехь хилла Дадуев Мохьмад. ТIехьа-МартантIерчу КПСС-н райкомехь, НохчГIалгIайн обкомехь белхаш бинчу М.Дадуевн цIе дика евзаш ю тахана а Нохчийчохь. Нохчийн гIараваьллачу поэтан Мамакаев Мохьмадан 80 шо кхачар Москварчу тоьллачу залехь дIадахьар Эльмурзаев ГIайрсолта обкоман хьалхара секретарь волуш хилла ду. Цул хьалха я тIаьхьа вайнехан яздархо вина де, иштта лаккхарчу тIегIанехь даздина дац.
Хьуьнаречу кIентийн а, мехкарийн а алссам цIерш евзира вайна Эльмузаев ГIайрсолта НохчГIалгIайн комсомолан обкомана куьйгаллехь волуш. Уьш бара Усамов Юнади (Дала гечдойла цунна), Махтмерзаев Лом-Iела, Турпуханов Мухтар, Гиреев Руслан, Атуев Руслан, Лечхаджиев Рамзан, Арцухаева Маша, Аюбова Роза, Эльмурзаева Ганга, иштта дуккха а кхиберш. Советийн Iедало Эльмурзаев ГIайрсолта партин балха хьажийча, Касаев Лоьма хаьржира вайн республикерчу кегийрхоша комсомольцийн баьчча. Хьанал къахьегарца шен дика цIе йоккхуьйтуш болх бан дIаволавелла Касаев Лоьма, дукха хан ялале, Нохч-ГIалгIайн Республикин Правительстве дехьаваьккхира. Советийн Iедал доьхна, даьржина хабарехьа дирзинчу муьрехь, Бугаев Хизаре кхечира и дарж.
Амма ХХ-чу бIешеран 90-чу шерашкахь КПСС, цуьнан тешаме къона накъост комсомол дош-дезар хеташ дукха нах бацара. Амма иза комсомольцийн бехк болуш дацара, Советийн Iедал дохарна дара. Комсомолера вайна даьлла зен долуш-м дацара иза. Делахь а, иштта дуьне ду-кх хIара, цкъа къаьхьачун чам ца баьккхича, мерзачун чам ца хаалуш.
ГАЗИЕВА Аза
№82, шинара, эсаран (октябрь) беттан 30-гIа де, 2018 шо